Мусхаф., агӏо 80
-
وَاللَّاتِي يَأْتِينَ الْفَاحِشَةَ مِنْ نِسَائِكُمْ فَاسْتَشْهِدُوا عَلَيْهِنَّ أَرْبَعَةً مِنْكُمْ ۖ فَإِنْ شَهِدُوا فَأَمْسِكُوهُنَّ فِي الْبُيُوتِ حَتَّىٰ يَتَوَفَّاهُنَّ الْمَوْتُ أَوْ يَجْعَلَ اللَّهُ لَهُنَّ سَبِيلًا
Шун зударех боьханиг динарг – шух веаммо тешалла дойла цунна тIехь. Цара тешалла дахь – цIахь сацабе уьш баллалц‚ я Дала цхьа некъ хIоттолц
4:15 -
وَاللَّذَانِ يَأْتِيَانِهَا مِنْكُمْ فَآذُوهُمَا ۖ فَإِنْ تَابَا وَأَصْلَحَا فَأَعْرِضُوا عَنْهُمَا ۗ إِنَّ اللَّهَ كَانَ تَوَّابًا رَحِيمًا
Шух шиммо дахь и (боьханиг – зина) – таар де царна (човхорца а, бехк баккхарца а, иэхь хетийтарца а,мача тохарца а). Цара шиммо а тōба дахь, дика Iамал яхь‚ юьстахдовла царах. Баккъалла а, Дела ма хилла ша тōба къобалдеш верг а‚ къинхетаме верг а
4:16 -
إِنَّمَا التَّوْبَةُ عَلَى اللَّهِ لِلَّذِينَ يَعْمَلُونَ السُّوءَ بِجَهَالَةٍ ثُمَّ يَتُوبُونَ مِنْ قَرِيبٍ فَأُولَٰئِكَ يَتُوبُ اللَّهُ عَلَيْهِمْ ۗ وَكَانَ اللَّهُ عَلِيمًا حَكِيمًا
Баккъалла а, тōба къобалдар ду Далла тхь, шаьш ца хууш вōнаш а деш, тккха сихонца тōба деш болчарна. Баккъалла а, церан тōба къобалдийр ду Дала. И Дела хилла хууш верг а‚ хьикмате верг а
4:17 -
وَلَيْسَتِ التَّوْبَةُ لِلَّذِينَ يَعْمَلُونَ السَّيِّئَاتِ حَتَّىٰ إِذَا حَضَرَ أَحَدَهُمُ الْمَوْتُ قَالَ إِنِّي تُبْتُ الْآنَ وَلَا الَّذِينَ يَمُوتُونَ وَهُمْ كُفَّارٌ ۚ أُولَٰئِكَ أَعْتَدْنَا لَهُمْ عَذَابًا أَلِيمًا
Тōба къобалдийр дац шаьш вониг дечарна, шаьш бала герга бахча олуш болчу: 'ХIинца ас тōба ди'‚ шаьш ца тешаш а болуш, беллачарна а. Царна Оха кечдина лазош долу Iазап
4:18 -
يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا لَا يَحِلُّ لَكُمْ أَنْ تَرِثُوا النِّسَاءَ كَرْهًا ۖ وَلَا تَعْضُلُوهُنَّ لِتَذْهَبُوا بِبَعْضِ مَا آتَيْتُمُوهُنَّ إِلَّا أَنْ يَأْتِينَ بِفَاحِشَةٍ مُبَيِّنَةٍ ۚ وَعَاشِرُوهُنَّ بِالْمَعْرُوفِ ۚ فَإِنْ كَرِهْتُمُوهُنَّ فَعَسَىٰ أَنْ تَكْرَهُوا شَيْئًا وَيَجْعَلَ اللَّهُ فِيهِ خَيْرًا كَثِيرًا
ХIай ийман диллинарш! Хьанал дац шуна аш зударий ницкъаца ирсе битар‚ хало ма е царна шаьш царна деллачух (урдох) цхьадерг юхаэцархьама‚ нагахь санна билггала боьханиг цара тIедаийтина дацахь. Хаза дāха цаьрца. Шуна уьш безаш ца хилахь а /собаре хила цаьрца/. Шуна цхьа хIума ца еза тарло‚ Дала цу чохь дуккха диканаш хилийта тарло
4:19
Гочдар: Магомед Магомедов