Сурат 100 Аль-Ӏадийат (ТӀехьаддайогӀурш), аят 1 – 11
-
وَالْعَادِيَاتِ ضَبْحًا
/Шайн багара/ аз долуш тӀехьаьдда йогӀучу /говрех/ дуй боу Ас‚
100:1 -
فَالْمُورِيَاتِ قَدْحًا
/Шайн бергашца лаьттах/ суйнаш кхуьссучу /говрех/ дуй боу Ас,
100:2 -
فَالْمُغِيرَاتِ صُبْحًا
Ӏуьйрана тӀелетачу /говрех/ дуй боу Ас,
100:3 -
فَأَثَرْنَ بِهِ نَقْعًا
Цара аййира цигахь чан,
100:4 -
فَوَسَطْنَ بِهِ جَمْعًا
Цара гобира цигахь /мостагӀийн/ тобанна:
100:5 -
إِنَّ الْإِنْسَانَ لِرَبِّهِ لَكَنُودٌ
Баккъалла а, адам ша Кхиош-кхобуш волчун /ниӀматашна/ керста ма ду
100:6 -
وَإِنَّهُ عَلَىٰ ذَٰلِكَ لَشَهِيدٌ
Баккъалла а, иза цу тӀехь /ша а/ теш ма ду
100:7 -
وَإِنَّهُ لِحُبِّ الْخَيْرِ لَشَدِيدٌ
Баккъалла а, иза /дуьненан/ хьал дезарехь чӀогӀа ма ду
100:8 -
أَفَلَا يَعْلَمُ إِذَا بُعْثِرَ مَا فِي الْقُبُورِ
Цунна ца хаьа: кешний чохь мел дерг аракхоьссича‚
100:9 -
وَحُصِّلَ مَا فِي الصُّدُورِ
Дегний чохь мел дерг гучудаьккхича,
100:10 -
إِنَّ رَبَّهُمْ بِهِمْ يَوْمَئِذٍ لَخَبِيرٌ
Баккъалла а, уьш Кхиош-кхобуш верг оцу дийнахь царах дерг сов дика хууш вуйла?
100:11
Гочдар: Магомед Магомедов