Сурат 100 Аль-Iадийат (ТIехьаддайогIурш)

  1. وَالْعَادِيَاتِ ضَبْحًا

    /Шайн багара/ аз долуш тIехьаьдда йогIучу /говрех/ дуй боу Ас‚

    100:1
  2. فَالْمُورِيَاتِ قَدْحًا

    /Шайн бергашца лаьттах/ суйнаш кхуьссучу /говрех/ дуй боу Ас,

    100:2
  3. فَالْمُغِيرَاتِ صُبْحًا

    Iуьйрана тIелетачу /говрех/ дуй боу Ас,

    100:3
  4. فَأَثَرْنَ بِهِ نَقْعًا

    Цара аййира цигахь чан,

    100:4
  5. فَوَسَطْنَ بِهِ جَمْعًا

    Цара гобира цигахь /мостагIийн/ тобанна:

    100:5
  6. إِنَّ الْإِنْسَانَ لِرَبِّهِ لَكَنُودٌ

    Баккъалла а, адам ша Кхиош-кхобуш волчун /ниIматашна/ керста ма ду

    100:6
  7. وَإِنَّهُ عَلَىٰ ذَٰلِكَ لَشَهِيدٌ

    Баккъалла а, иза цу тIехь /ша а/ теш ма ду

    100:7
  8. وَإِنَّهُ لِحُبِّ الْخَيْرِ لَشَدِيدٌ

    Баккъалла а, иза /дуьненан/ хьал дезарехь чIогIа ма ду

    100:8
  9. أَفَلَا يَعْلَمُ إِذَا بُعْثِرَ مَا فِي الْقُبُورِ

    Цунна ца хаьа: кешний чохь мел дерг аракхоьссича‚

    100:9
  10. وَحُصِّلَ مَا فِي الصُّدُورِ

    Дегний чохь мел дерг гучудаьккхича,

    100:10
  11. إِنَّ رَبَّهُمْ بِهِمْ يَوْمَئِذٍ لَخَبِيرٌ

    Баккъалла а, уьш Кхиош-кхобуш верг оцу дийнахь царах дерг сов дика хууш вуйла?

    100:11

Гочдар: Магомед Магомедов