Сурат 102 Ат-такассур (Алсам хилар лаар), аят 1 – 8
-
أَلْهَاكُمُ التَّكَاثُرُ
Шу духатоьхна /Далла гӀуллакх дарах/ шун /даьхница а‚ доьзалшца а/ алсамдийларо
102:1 -
حَتَّىٰ زُرْتُمُ الْمَقَابِرَ
Шу кешнашка дерзалц (дӀакхалхар тӀехӀотталц Дела дага ца вогӀу шуна)
102:2 -
كَلَّا سَوْفَ تَعْلَمُونَ
ХӀан-хӀа! ТӀаьхьа хуур ду шуна!
102:3 -
ثُمَّ كَلَّا سَوْفَ تَعْلَمُونَ
ТӀаккха а хӀан-хӀа! ТӀаьхьа хуур ду шуна!
102:4 -
كَلَّا لَوْ تَعْلَمُونَ عِلْمَ الْيَقِينِ
ХӀан-хӀа! Шу хууш делхьара бакъ долу Ӏилма,
102:5 -
لَتَرَوُنَّ الْجَحِيمَ
Шуна ганне а гур ма яра жоьжахати
102:6 -
ثُمَّ لَتَرَوُنَّهَا عَيْنَ الْيَقِينِ
ТӀаьхьа /эхартахь/ шуна ганне а гур а ма ю иза /шайн/ бӀаьрга
102:7 -
ثُمَّ لَتُسْأَلُنَّ يَوْمَئِذٍ عَنِ النَّعِيمِ
ТӀаккха шуьга хаттанне а хоттур ма ду оцу /къемат/дийнахь /шуна дуьненахь хиллачу/ ниӀматех
102:8
Гочдар: Магомед Магомедов