Сурат 102 Ат-такассур (Алсам хилар лаар)

  1. أَلْهَاكُمُ التَّكَاثُرُ

    Шу духатоьхна /Далла гIуллакх дарах/ шун /даьхница а‚ доьзалшца а/ алсамдийларо

    102:1
  2. حَتَّىٰ زُرْتُمُ الْمَقَابِرَ

    Шу кешнашка дерзалц (дIакхалхар тIехIотталц Дела дага ца вогIу шуна)

    102:2
  3. كَلَّا سَوْفَ تَعْلَمُونَ

    ХIан-хIа! ТIаьхьа хуур ду шуна!

    102:3
  4. ثُمَّ كَلَّا سَوْفَ تَعْلَمُونَ

    ТIаккха а хIан-хIа! ТIаьхьа хуур ду шуна!

    102:4
  5. كَلَّا لَوْ تَعْلَمُونَ عِلْمَ الْيَقِينِ

    ХIан-хIа! Шу хууш делхьара бакъ долу Iилма,

    102:5
  6. لَتَرَوُنَّ الْجَحِيمَ

    Шуна ганне а гур ма яра жоьжахати

    102:6
  7. ثُمَّ لَتَرَوُنَّهَا عَيْنَ الْيَقِينِ

    ТIаьхьа /эхартахь/ шуна ганне а гур а ма ю иза /шайн/ бIаьрга

    102:7
  8. ثُمَّ لَتُسْأَلُنَّ يَوْمَئِذٍ عَنِ النَّعِيمِ

    ТIаккха шуьга хаттанне а хоттур ма ду оцу /къемат/дийнахь /шуна дуьненахь хиллачу/ ниIматех

    102:8

Гочдар: Магомед Магомедов