Сурат 10 Юнус
-
وَمَا تَكُونُ فِي شَأْنٍ وَمَا تَتْلُو مِنْهُ مِنْ قُرْآنٍ وَلَا تَعْمَلُونَ مِنْ عَمَلٍ إِلَّا كُنَّا عَلَيْكُمْ شُهُودًا إِذْ تُفِيضُونَ فِيهِ ۚ وَمَا يَعْزُبُ عَنْ رَبِّكَ مِنْ مِثْقَالِ ذَرَّةٍ فِي الْأَرْضِ وَلَا فِي السَّمَاءِ وَلَا أَصْغَرَ مِنْ ذَٰلِكَ وَلَا أَكْبَرَ إِلَّا فِي كِتَابٍ مُبِينٍ
Хьо (пайхамар) хир вац цхьана а гIуллакхехь а‚ ахь доьшур дац цунах цхьа а дешар а‚ аш йийр яц цхьа а Iамал а Тхо шайна тIехь тешаш долуш бен‚ шу цу чохь а дуьсуш. Хьан Кхиош-Кхобучух къайладер дац мискъалзаррат (хма) лаьттахь а‚ стиглахь а‚ цул жиманиг‚ доккханиг – билгалчу жайнахь долуш бен
10:61 -
أَلَا إِنَّ أَوْلِيَاءَ اللَّهِ لَا خَوْفٌ عَلَيْهِمْ وَلَا هُمْ يَحْزَنُونَ
Тидаме эца! Баккъалла а, Делан доттагIий –кхерам а хир ма бац царна /эхартахь Делан запах/‚ уьш сингаттаме а хир ма бац /шайх дтиллачу дуьненан хьолах/
10:62 -
الَّذِينَ آمَنُوا وَكَانُوا يَتَّقُونَ
Уьш бу ийман диллинарш‚ /Делах/ кхоьруш хилларш (Цо бохург деш, ма де бохург ца деш) –
10:63 -
لَهُمُ الْبُشْرَىٰ فِي الْحَيَاةِ الدُّنْيَا وَفِي الْآخِرَةِ ۚ لَا تَبْدِيلَ لِكَلِمَاتِ اللَّهِ ۚ ذَٰلِكَ هُوَ الْفَوْزُ الْعَظِيمُ
Царна кхаъ бу дуьненан дахарехь а‚ эхартахь а. Делан дешнашна хийцадалар дац. Иза – сийлахь-боккха толам бу
10:64 -
وَلَا يَحْزُنْكَ قَوْلُهُمْ ۘ إِنَّ الْعِزَّةَ لِلَّهِ جَمِيعًا ۚ هُوَ السَّمِيعُ الْعَلِيمُ
Церан /керстаналлин/ дашо сингаттаме ма войла хьо, – баккъалла а, ерриге сийлахьалла Делан ю. И хезаш верг а ву‚ хууш верг а ву
10:65 -
أَلَا إِنَّ لِلَّهِ مَنْ فِي السَّمَاوَاتِ وَمَنْ فِي الْأَرْضِ ۗ وَمَا يَتَّبِعُ الَّذِينَ يَدْعُونَ مِنْ دُونِ اللَّهِ شُرَكَاءَ ۚ إِنْ يَتَّبِعُونَ إِلَّا الظَّنَّ وَإِنْ هُمْ إِلَّا يَخْرُصُونَ
Тидаме эца! Баккъалла а, Делан бу стигланашкахь а‚ лаьттахь а берш. Стенна тIаьхьахIуьттуш бу Дела воцчу /кхечу/ накъосташка кхойкхуш берш? Уьш тIаьхьахIуьттуш ма бац деккъа моттадаларна бен‚ уьш ма бац харцлуьйш а бен
10:66 -
هُوَ الَّذِي جَعَلَ لَكُمُ اللَّيْلَ لِتَسْكُنُوا فِيهِ وَالنَّهَارَ مُبْصِرًا ۚ إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَآيَاتٍ لِقَوْمٍ يَسْمَعُونَ
И ву шуна буьйса йинарг, цу чохь шуьга садайта‚ де а /динарг/, цу чохь /шуна хIуманаш/ ган. Баккъалла а, цу чохь делилаш ду хезаш долчу къомана
10:67 -
قَالُوا اتَّخَذَ اللَّهُ وَلَدًا ۗ سُبْحَانَهُ ۖ هُوَ الْغَنِيُّ ۖ لَهُ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَمَا فِي الْأَرْضِ ۚ إِنْ عِنْدَكُمْ مِنْ سُلْطَانٍ بِهَٰذَا ۚ أَتَقُولُونَ عَلَى اللَّهِ مَا لَا تَعْلَمُونَ
Цара элира: 'Дала доьзалхо лаьцна (вина)'. Вочух цIена ву Иза! И хьал долуш верг ву. Цуьнан ду стигланашкахь а‚ лаьттахь мел дерг. Цуьнца (цу хьокъехь) цхьа а делил дац шун! Далла тIехь шайна цахуург дуьйцу аш?
10:68 -
قُلْ إِنَّ الَّذِينَ يَفْتَرُونَ عَلَى اللَّهِ الْكَذِبَ لَا يُفْلِحُونَ
Ахь āла /хIай Мухьаммад/: 'Баккъалла а, Далла тIехь харцдерг кхуллуш берш баккхийбийр бац'
10:69 -
مَتَاعٌ فِي الدُّنْيَا ثُمَّ إِلَيْنَا مَرْجِعُهُمْ ثُمَّ نُذِيقُهُمُ الْعَذَابَ الشَّدِيدَ بِمَا كَانُوا يَكْفُرُونَ
Дуьненан (цхьа кззиг) марзо ю /цара пайда оьцуш ерг/‚ тIаккха церан дIадерзар Тхуна тIе ду‚ тIаккха Оха Iовшуьйтур ду цаьрга чIогIа Iазап уьш ца тешаш хиларна
10:70 -
وَاتْلُ عَلَيْهِمْ نَبَأَ نُوحٍ إِذْ قَالَ لِقَوْمِهِ يَا قَوْمِ إِنْ كَانَ كَبُرَ عَلَيْكُمْ مَقَامِي وَتَذْكِيرِي بِآيَاتِ اللَّهِ فَعَلَى اللَّهِ تَوَكَّلْتُ فَأَجْمِعُوا أَمْرَكُمْ وَشُرَكَاءَكُمْ ثُمَّ لَا يَكُنْ أَمْرُكُمْ عَلَيْكُمْ غُمَّةً ثُمَّ اقْضُوا إِلَيَّ وَلَا تُنْظِرُونِ
Дийца царна Нухьан хабар‚ цо шен къоме ма элира: 'ХIай сан къам! Нагахь санна шуна хала хиллехь сан /шуьца/ Iар а‚ ас Делан аяташ хьехадар а – со Далла тIетевжина. Вовшахтоха шайн гIуллакх а, шайн накъостий а‚ цул тIаьхьа шун гIуллакх шуна ма хуьлийла сингаттаме. ТIаккха суна шайн кхиэл е‚ хан тьхьа ма татталаш (и ца еш)
10:71 -
فَإِنْ تَوَلَّيْتُمْ فَمَا سَأَلْتُكُمْ مِنْ أَجْرٍ ۖ إِنْ أَجْرِيَ إِلَّا عَلَى اللَّهِ ۖ وَأُمِرْتُ أَنْ أَكُونَ مِنَ الْمُسْلِمِينَ
Шу дIадерзахь /сох/ – ас шуьга цхьа а мах ца бехна‚ сан мах Делехь бен бац. Суна омра дина бусалбанех цхьаъ хила'‚ аьлла
10:72 -
فَكَذَّبُوهُ فَنَجَّيْنَاهُ وَمَنْ مَعَهُ فِي الْفُلْكِ وَجَعَلْنَاهُمْ خَلَائِفَ وَأَغْرَقْنَا الَّذِينَ كَذَّبُوا بِآيَاتِنَا ۖ فَانْظُرْ كَيْفَ كَانَ عَاقِبَةُ الْمُنْذَرِينَ
Цара и харцвира‚ тIаккха Оха иза а‚ цуьнца берш а кIелхьарбехира кеманна чохь‚ Оха хилийтира царах тIаьхье‚ Тхешан аяташ харцдинарш хина бухабахийтира Оха. Хьажал‚ муха хилла шайна /элчанаша/ кхерам тосучеран тIаьхье!
10:73 -
ثُمَّ بَعَثْنَا مِنْ بَعْدِهِ رُسُلًا إِلَىٰ قَوْمِهِمْ فَجَاءُوهُمْ بِالْبَيِّنَاتِ فَمَا كَانُوا لِيُؤْمِنُوا بِمَا كَذَّبُوا بِهِ مِنْ قَبْلُ ۚ كَذَٰلِكَ نَطْبَعُ عَلَىٰ قُلُوبِ الْمُعْتَدِينَ
ТIаккха цул тIаьхьа Оха бахийтира элчанаш шайн къаьмнашка‚ уьш баьхкира царна тIе билгалонашца – уьш (элчанаш шайна тбаьхкинарш) ца хилира (хнца а) тешар болуш шаьш хьалха харцдинчух. Иштта мухIар тоьхна Оха /Делан/ дозанех бевлачеран дегнашна
10:74 -
ثُمَّ بَعَثْنَا مِنْ بَعْدِهِمْ مُوسَىٰ وَهَارُونَ إِلَىٰ فِرْعَوْنَ وَمَلَئِهِ بِآيَاتِنَا فَاسْتَكْبَرُوا وَكَانُوا قَوْمًا مُجْرِمِينَ
ТIаккха царал тIаьхьа Муса а‚ ХIарун а вахийтира Оха ФирIавнна а‚ цуьнан элашна а тIе Тхешан аяташца – цара куралла йира‚ уьш хилира къинош деш долу къам
10:75 -
فَلَمَّا جَاءَهُمُ الْحَقُّ مِنْ عِنْدِنَا قَالُوا إِنَّ هَٰذَا لَسِحْرٌ مُبِينٌ
Тхоьгара бакъдерг шайга деъча‚ цара элира: 'Баккъалла а, хIара билггала бозбуунчалла ма ду'
10:76 -
قَالَ مُوسَىٰ أَتَقُولُونَ لِلْحَقِّ لَمَّا جَاءَكُمْ ۖ أَسِحْرٌ هَٰذَا وَلَا يُفْلِحُ السَّاحِرُونَ
Мусас элира: 'Бакъдолчунна, и шайга деъча, /иштта/ олу аш? Бозбуунчалла ду хIара? Бозбуунчаш баккхийбийр ма бац'
10:77 -
قَالُوا أَجِئْتَنَا لِتَلْفِتَنَا عَمَّا وَجَدْنَا عَلَيْهِ آبَاءَنَا وَتَكُونَ لَكُمَا الْكِبْرِيَاءُ فِي الْأَرْضِ وَمَا نَحْنُ لَكُمَا بِمُؤْمِنِينَ
Цара элира: 'Хьо веана тхуна тхешан дай шена тIехь тхуна карийначух тхо дIадерзо /деккъа/ шу- шинна хилийтархьама лаьттахь сийлалла? Тхо шушиннах а тешаш ма дац'
10:78 -
وَقَالَ فِرْعَوْنُ ائْتُونِي بِكُلِّ سَاحِرٍ عَلِيمٍ
ФирIавна элира: 'Суна тIе валаве хIора говза мел волу бозбуунча'
10:79 -
فَلَمَّا جَاءَ السَّحَرَةُ قَالَ لَهُمْ مُوسَىٰ أَلْقُوا مَا أَنْتُمْ مُلْقُونَ
Бозбуунчаш баьхкича, Мусас цаьрга элира: 'Кхосса шаьш кхуссуш ерг'
10:80
Гочдар: Магомед Магомедов