Мусхаф., агӏо 215
-
وَلَوْ أَنَّ لِكُلِّ نَفْسٍ ظَلَمَتْ مَا فِي الْأَرْضِ لَافْتَدَتْ بِهِ ۗ وَأَسَرُّوا النَّدَامَةَ لَمَّا رَأَوُا الْعَذَابَ ۖ وَقُضِيَ بَيْنَهُمْ بِالْقِسْطِ ۚ وَهُمْ لَا يُظْلَمُونَ
ХIор зулам динчу синна (адамна) лаьттахь мел дерг шен хилча а – и дIалур дара цо‚ хьулдийр цара дара дохкодовлар, шайна Iазап гича. Царна юккъехь нийсонца кхиэл йина. Царна зулам дийр дац
10:54 -
أَلَا إِنَّ لِلَّهِ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ ۗ أَلَا إِنَّ وَعْدَ اللَّهِ حَقٌّ وَلَٰكِنَّ أَكْثَرَهُمْ لَا يَعْلَمُونَ
Шуна хаийла баккъалла а, стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел дерг Делан дуйла! Шуна хаийла Делан ваIда хьакъ-бакъ юйла! Делахь а, царах дукхахболчарна ца хаьа-кх
10:55 -
هُوَ يُحْيِي وَيُمِيتُ وَإِلَيْهِ تُرْجَعُونَ
Цо дендолуьйту‚ Цо долуьйту‚ Цунна тIе шу дIадерзор долуш ду
10:56 -
يَا أَيُّهَا النَّاسُ قَدْ جَاءَتْكُمْ مَوْعِظَةٌ مِنْ رَبِّكُمْ وَشِفَاءٌ لِمَا فِي الصُّدُورِ وَهُدًى وَرَحْمَةٌ لِلْمُؤْمِنِينَ
ХIай нах! Шуьга беана шун Кхиош-Кхобучуьнгара хьехам а‚ дегнашкахь долчунна дарба а – муъмин нахана нийса некъ а‚ къинхетам а
10:57 -
قُلْ بِفَضْلِ اللَّهِ وَبِرَحْمَتِهِ فَبِذَٰلِكَ فَلْيَفْرَحُوا هُوَ خَيْرٌ مِمَّا يَجْمَعُونَ
Āла: 'Делан коьмаьршаллица‚ Цуьнан къинхетамца – Цуьнца баккхийбер уьш – иза мелхо а дика ду царна шаьш гулдечул'
10:58 -
قُلْ أَرَأَيْتُمْ مَا أَنْزَلَ اللَّهُ لَكُمْ مِنْ رِزْقٍ فَجَعَلْتُمْ مِنْهُ حَرَامًا وَحَلَالًا قُلْ آللَّهُ أَذِنَ لَكُمْ ۖ أَمْ عَلَى اللَّهِ تَفْتَرُونَ
Ахь āла: 'Хьовсал шу‚ хIун доссийна Дала шуна (Шен) рицкъанах! Аш цунах хьарам дерг а‚ хьанал дерг а дира'. Āла: 'Дала пурба делира шуна‚ я шу Далла тIехь харцдерг кхуллуш ду?'
10:59 -
وَمَا ظَنُّ الَّذِينَ يَفْتَرُونَ عَلَى اللَّهِ الْكَذِبَ يَوْمَ الْقِيَامَةِ ۗ إِنَّ اللَّهَ لَذُو فَضْلٍ عَلَى النَّاسِ وَلَٰكِنَّ أَكْثَرَهُمْ لَا يَشْكُرُونَ
ХIун ду техьа Далла тIехь харцдерг кхуллучарна моьттург къематдийнахь? Баккъалла а, Дела къинхетам болуш ву нахана тIехь‚ делахь а, царах дукхахболчара баркалла ца олу
10:60 -
وَمَا تَكُونُ فِي شَأْنٍ وَمَا تَتْلُو مِنْهُ مِنْ قُرْآنٍ وَلَا تَعْمَلُونَ مِنْ عَمَلٍ إِلَّا كُنَّا عَلَيْكُمْ شُهُودًا إِذْ تُفِيضُونَ فِيهِ ۚ وَمَا يَعْزُبُ عَنْ رَبِّكَ مِنْ مِثْقَالِ ذَرَّةٍ فِي الْأَرْضِ وَلَا فِي السَّمَاءِ وَلَا أَصْغَرَ مِنْ ذَٰلِكَ وَلَا أَكْبَرَ إِلَّا فِي كِتَابٍ مُبِينٍ
Хьо (пайхамар) хир вац цхьана а гIуллакхехь а‚ ахь доьшур дац цунах цхьа а дешар а‚ аш йийр яц цхьа а Iамал а Тхо шайна тIехь тешаш долуш бен‚ шу цу чохь а дуьсуш. Хьан Кхиош-Кхобучух къайладер дац мискъалзаррат (хма) лаьттахь а‚ стиглахь а‚ цул жиманиг‚ доккханиг – билгалчу жайнахь долуш бен
10:61
Гочдар: Магомед Магомедов