Сурат 112 Аль-ихлас (Дог цӀена хилар), аят 1 – 2
-
قُلْ هُوَ اللَّهُ أَحَدٌ
Ахь āла /хӀай Мухьаммад‚ цу хьайга Делах лаьцна хоьттучаьрга/: 'Иза, АллахӀ, цхьаъ ву /Шен накъост хиларх, да-нана хиларх, зуда‚ доьзалхо хиларх цни а волуш/,
112:1 -
اللَّهُ الصَّمَدُ
АллахӀ ву‚ гуттар Ша /цхьаннах воьзна а воцуш/ волуш верг ву /массарна а Ша оьшуш, Шена хӀумма а ца оьшуш волу/
112:2
Гочдар: Магомед Магомедов