Сурат 112 Аль-ихлас (Дог ц1ена хилар)

  1. قُلْ هُوَ اللَّهُ أَحَدٌ

    Ахь āла /хIай Мухьаммад‚ цу хьайга Делах лаьцна хоьттучаьрга/: 'Иза, АллахI, цхьаъ ву /Шен накъост хиларх, да-нана хиларх, зуда‚ доьзалхо хиларх цни а волуш/,

    112:1
  2. اللَّهُ الصَّمَدُ

    АллахI ву‚ гуттар Ша /цхьаннах воьзна а воцуш/ волуш верг ву /массарна а Ша оьшуш, Шена хIумма а ца оьшуш волу/

    112:2
  3. لَمْ يَلِدْ وَلَمْ يُولَدْ

    Бер ца хилла Цуьнан‚ Иза Ша а ца ваьлла /дуьненчу/ дех-ненах

    112:3
  4. وَلَمْ يَكُنْ لَهُ كُفُوًا أَحَدٌ

    Ца хилла Цуьнца нислуш цхьа а'. (Вац Цуьнга тера цхьа а)

    112:4

Гочдар: Магомед Магомедов