Сурат 12 Юсуф
-
رَبِّ قَدْ آتَيْتَنِي مِنَ الْمُلْكِ وَعَلَّمْتَنِي مِنْ تَأْوِيلِ الْأَحَادِيثِ ۚ فَاطِرَ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ أَنْتَ وَلِيِّي فِي الدُّنْيَا وَالْآخِرَةِ ۖ تَوَفَّنِي مُسْلِمًا وَأَلْحِقْنِي بِالصَّالِحِينَ
Со Кхиош-кхобуш волу сан Дела‚ Ахь паччахьалла а делла суна‚ хилларш-хиндерш (гнаш) тида а Iамийна Ахь со. Стигланаш а‚ латта а кхоьллинарг – Хьо ву-кх сан доладийриг дуьненахь а‚ эхартахь а. Ахь со валийталахь бусалба а волуш‚ Ахь со тохалахь дикачарах!'
12:101 -
ذَٰلِكَ مِنْ أَنْبَاءِ الْغَيْبِ نُوحِيهِ إِلَيْكَ ۖ وَمَا كُنْتَ لَدَيْهِمْ إِذْ أَجْمَعُوا أَمْرَهُمْ وَهُمْ يَمْكُرُونَ
И хьуламехь долчу хабарех ду‚ Оха хьоьга /хIай Мухьаммад/ хоуьйтуш ваьхьица. Хьо вацара цаьрца цара шайн гIуллакхна тхь барт беш, шаьш /Юсуф шен дех дкъасто / мекарло еш болуш
12:102 -
وَمَا أَكْثَرُ النَّاسِ وَلَوْ حَرَصْتَ بِمُؤْمِنِينَ
Дукхахболу нах, хьуна мел лиъча а, тешар бац /Делах/
12:103 -
وَمَا تَسْأَلُهُمْ عَلَيْهِ مِنْ أَجْرٍ ۚ إِنْ هُوَ إِلَّا ذِكْرٌ لِلْعَالَمِينَ
Ахь цаьрга цу тIехь мах ца боьху. Иза беккъа хьехам бу–кх Iаламашна!
12:104 -
وَكَأَيِّنْ مِنْ آيَةٍ فِي السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ يَمُرُّونَ عَلَيْهَا وَهُمْ عَنْهَا مُعْرِضُونَ
Стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел дукха Iаламатех тIехбовлу уьш‚ царах дIабоьрзуш /ойла ца еш/
12:105 -
وَمَا يُؤْمِنُ أَكْثَرُهُمْ بِاللَّهِ إِلَّا وَهُمْ مُشْرِكُونَ
Царах дукхахберш Делах ца теша, шаьш /Цуьнца/ накъост лоцуш а бен
12:106 -
أَفَأَمِنُوا أَنْ تَأْتِيَهُمْ غَاشِيَةٌ مِنْ عَذَابِ اللَّهِ أَوْ تَأْتِيَهُمُ السَّاعَةُ بَغْتَةً وَهُمْ لَا يَشْعُرُونَ
Уьш тешна бу-те шайна тIе Делан Iазапан шаршу ткхуллург цахиларх‚ я цIеххьана шайна тIе сахьт хттарх‚ шайна хаа а ца луш?
12:107 -
قُلْ هَٰذِهِ سَبِيلِي أَدْعُو إِلَى اللَّهِ ۚ عَلَىٰ بَصِيرَةٍ أَنَا وَمَنِ اتَّبَعَنِي ۖ وَسُبْحَانَ اللَّهِ وَمَا أَنَا مِنَ الْمُشْرِكِينَ
Ахь āла: 'ХIара бу сан некъ‚ ас Деле кхойкху‚ билгала долчу Iилманна тIехь ву со а‚ суна тIаьхьахIоьттинарг а‚ вочух цIена ву и Дела‚ со ма вац /Делаца/ накъост лоцучарах'
12:108 -
وَمَا أَرْسَلْنَا مِنْ قَبْلِكَ إِلَّا رِجَالًا نُوحِي إِلَيْهِمْ مِنْ أَهْلِ الْقُرَىٰ ۗ أَفَلَمْ يَسِيرُوا فِي الْأَرْضِ فَيَنْظُرُوا كَيْفَ كَانَ عَاقِبَةُ الَّذِينَ مِنْ قَبْلِهِمْ ۗ وَلَدَارُ الْآخِرَةِ خَيْرٌ لِلَّذِينَ اتَّقَوْا ۗ أَفَلَا تَعْقِلُونَ
Хьол хьалха а ярташкарчу нахах божарий бен ца бахийтира Оха‚ шайга ваьхьица Оха хаам луш. Ткъа уьш ца лелара лаьттахула‚ уьш ца хьаьвсира‚ муха хилла шайл хьалха хиллачеран тIаьхье? Эхартан цIа дика ма ду /Делах/ кхийринчарна. Шу хьекъале ца хуьлу?
12:109 -
حَتَّىٰ إِذَا اسْتَيْأَسَ الرُّسُلُ وَظَنُّوا أَنَّهُمْ قَدْ كُذِبُوا جَاءَهُمْ نَصْرُنَا فَنُجِّيَ مَنْ نَشَاءُ ۖ وَلَا يُرَدُّ بَأْسُنَا عَنِ الْقَوْمِ الْمُجْرِمِينَ
Элчанаша дог диллинчул тьхьа‚ царна шаьш харцбина бевлла моьттинчул тьхьа‚ Тхан гIо догIура цаьрга‚ кIелхьарбовлура Тхуна /клхьарабаха/ луурш. Тхан ницкъ бухатухур ма бац къинош динчу нахах
12:110 -
لَقَدْ كَانَ فِي قَصَصِهِمْ عِبْرَةٌ لِأُولِي الْأَلْبَابِ ۗ مَا كَانَ حَدِيثًا يُفْتَرَىٰ وَلَٰكِنْ تَصْدِيقَ الَّذِي بَيْنَ يَدَيْهِ وَتَفْصِيلَ كُلِّ شَيْءٍ وَهُدًى وَرَحْمَةً لِقَوْمٍ يُؤْمِنُونَ
Царах лаьцна дийцар чохь хьехам хилла хьекъал долчарна. И хилла дац кхоьллина хабар – и ду шел хьалха хилларг бакъдар а‚ массо а хIуманан къастадар а‚ нийса некъ а‚ къинхетам а тешаш болчу нахана
12:111
Гочдар: Магомед Магомедов