Мусхаф., агӏо 247
-
فَلَمَّا أَنْ جَاءَ الْبَشِيرُ أَلْقَاهُ عَلَىٰ وَجْهِهِ فَارْتَدَّ بَصِيرًا ۖ قَالَ أَلَمْ أَقُلْ لَكُمْ إِنِّي أَعْلَمُ مِنَ اللَّهِ مَا لَا تَعْلَمُونَ
Кхаъ боккхург веъча, цо и (Юсуфан коч) тесира цуьнан (ЯIкъубан) юьхь т – цуьнан бIаьрса юхадеара‚ цо элира: 'Ас ца аьллера шуьга: суна Делера шуна цахуург а хаьа'
12:96 -
قَالُوا يَا أَبَانَا اسْتَغْفِرْ لَنَا ذُنُوبَنَا إِنَّا كُنَّا خَاطِئِينَ
Цара элира: 'Тхан да! Тхан къиношна (Деле) гечдар дехахьа тхуна‚ тхо хилла-кх гIалатдевлла'
12:97 -
قَالَ سَوْفَ أَسْتَغْفِرُ لَكُمْ رَبِّي ۖ إِنَّهُ هُوَ الْغَفُورُ الرَّحِيمُ
Цо элира: 'ТIаьхьа доьхур ду ас сан Кхиош-Кхобучуьнга шуна гечдар. Баккъалла а, Иза – гечдийриг а ву‚ къинхетаме верг а ву'
12:98 -
فَلَمَّا دَخَلُوا عَلَىٰ يُوسُفَ آوَىٰ إِلَيْهِ أَبَوَيْهِ وَقَالَ ادْخُلُوا مِصْرَ إِنْ شَاءَ اللَّهُ آمِنِينَ
Уьш Юсуф волчу чубаьхкича‚ шен да-нана марадоьллира цо‚ элира: 'Чоьхьа довла Мисра‚ Дала мукъалахь‚ маьрша (цхьа а кхерам а боцуш)!'
12:99 -
وَرَفَعَ أَبَوَيْهِ عَلَى الْعَرْشِ وَخَرُّوا لَهُ سُجَّدًا ۖ وَقَالَ يَا أَبَتِ هَٰذَا تَأْوِيلُ رُؤْيَايَ مِنْ قَبْلُ قَدْ جَعَلَهَا رَبِّي حَقًّا ۖ وَقَدْ أَحْسَنَ بِي إِذْ أَخْرَجَنِي مِنَ السِّجْنِ وَجَاءَ بِكُمْ مِنَ الْبَدْوِ مِنْ بَعْدِ أَنْ نَزَغَ الشَّيْطَانُ بَيْنِي وَبَيْنَ إِخْوَتِي ۚ إِنَّ رَبِّي لَطِيفٌ لِمَا يَشَاءُ ۚ إِنَّهُ هُوَ الْعَلِيمُ الْحَكِيمُ
Шен да-нана паччахьан гнта т /шена улло/ хьалабехира цо‚ уьш цунна /сий деш/ сужуде бахара. Цо элира: 'Дада‚ хIара ду-кх суна хьалха гинчун (гнан) тидар‚ сан Кхиош-кхобучо бакъдина иза‚ соьца дика хили Иза– со араваьккхи набахти чуьра‚ шу схьадалийна гIум-арара шайтIано суна а, сан вежаршна а юкъа дов тесначул тIаьхьа. Баккъалла а, сан Кхиош-Кхобург тIех тIекаре ву-кх Шена луучуьнца. Иза хууш верг а ву‚ хьукма /нийса / деш верг а ву
12:100 -
رَبِّ قَدْ آتَيْتَنِي مِنَ الْمُلْكِ وَعَلَّمْتَنِي مِنْ تَأْوِيلِ الْأَحَادِيثِ ۚ فَاطِرَ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ أَنْتَ وَلِيِّي فِي الدُّنْيَا وَالْآخِرَةِ ۖ تَوَفَّنِي مُسْلِمًا وَأَلْحِقْنِي بِالصَّالِحِينَ
Со Кхиош-кхобуш волу сан Дела‚ Ахь паччахьалла а делла суна‚ хилларш-хиндерш (гнаш) тида а Iамийна Ахь со. Стигланаш а‚ латта а кхоьллинарг – Хьо ву-кх сан доладийриг дуьненахь а‚ эхартахь а. Ахь со валийталахь бусалба а волуш‚ Ахь со тохалахь дикачарах!'
12:101 -
ذَٰلِكَ مِنْ أَنْبَاءِ الْغَيْبِ نُوحِيهِ إِلَيْكَ ۖ وَمَا كُنْتَ لَدَيْهِمْ إِذْ أَجْمَعُوا أَمْرَهُمْ وَهُمْ يَمْكُرُونَ
И хьуламехь долчу хабарех ду‚ Оха хьоьга /хIай Мухьаммад/ хоуьйтуш ваьхьица. Хьо вацара цаьрца цара шайн гIуллакхна тхь барт беш, шаьш /Юсуф шен дех дкъасто / мекарло еш болуш
12:102 -
وَمَا أَكْثَرُ النَّاسِ وَلَوْ حَرَصْتَ بِمُؤْمِنِينَ
Дукхахболу нах, хьуна мел лиъча а, тешар бац /Делах/
12:103
Гочдар: Магомед Магомедов