Сурат 13 Ар-раIд (Стигал къовкъар)

  1. أَوَلَمْ يَرَوْا أَنَّا نَأْتِي الْأَرْضَ نَنْقُصُهَا مِنْ أَطْرَافِهَا ۚ وَاللَّهُ يَحْكُمُ لَا مُعَقِّبَ لِحُكْمِهِ ۚ وَهُوَ سَرِيعُ الْحِسَابِ

    Царна ца го-те Оха Латта жим-жимма эшош хилар шен йисташкара /бусалбанаша мушрикийн мехкаш схьабохуш шайначарех тухуш/? Дала до хьукма‚ Цуьнан хьукманна новкъарло ен ерг ма вац. И ву хьесапехь сиха верг

    13:41
  2. وَقَدْ مَكَرَ الَّذِينَ مِنْ قَبْلِهِمْ فَلِلَّهِ الْمَكْرُ جَمِيعًا ۖ يَعْلَمُ مَا تَكْسِبُ كُلُّ نَفْسٍ ۗ وَسَيَعْلَمُ الْكُفَّارُ لِمَنْ عُقْبَى الدَّارِ

    Царал хьалха хиллачара а мекарло йира‚ Делехь ю мекарло ерриге а /нехан мекарлонаш йохо ницкъ/. Цунна хаьа хIор синна карадеш дерг. ТIаккха хуур ду керстанашна‚ хьанна кхочур ю /эхартахь хир йолу хастаме/ хсам

    13:42
  3. وَيَقُولُ الَّذِينَ كَفَرُوا لَسْتَ مُرْسَلًا ۚ قُلْ كَفَىٰ بِاللَّهِ شَهِيدًا بَيْنِي وَبَيْنَكُمْ وَمَنْ عِنْدَهُ عِلْمُ الْكِتَابِ

    Цатешачара олу: 'Хьо ваийтинарг вац ( хьо элча вац)'‚ ахь āла: 'Кхачаме ду Дела теш хилар а суна а, шуна а юккъехь‚ шегахь жайнин Iилма дерг а'

    13:43

Гочдар: Магомед Магомедов