Мусхаф., агӏо 254

  1. مَثَلُ الْجَنَّةِ الَّتِي وُعِدَ الْمُتَّقُونَ ۖ تَجْرِي مِنْ تَحْتِهَا الْأَنْهَارُ ۖ أُكُلُهَا دَائِمٌ وَظِلُّهَا ۚ تِلْكَ عُقْبَى الَّذِينَ اتَّقَوْا ۖ وَعُقْبَى الْكَافِرِينَ النَّارُ

    /Делах/ кхоьручарна ваIда йина йолчу /шен гIаланийн/ бухахула хиш оьхуш йолчу бешан сурт ду: цуьнан даар гуттар а ду‚ цуьнан IиндагIа а /гуттар ду/. И ду /Делах/ кхоьруш хиллачарна хиндерг. Цатешачарна хинъерг /жоьжахатин/ цIе ю!

    13:35
  2. وَالَّذِينَ آتَيْنَاهُمُ الْكِتَابَ يَفْرَحُونَ بِمَا أُنْزِلَ إِلَيْكَ ۖ وَمِنَ الْأَحْزَابِ مَنْ يُنْكِرُ بَعْضَهُ ۚ قُلْ إِنَّمَا أُمِرْتُ أَنْ أَعْبُدَ اللَّهَ وَلَا أُشْرِكَ بِهِ ۚ إِلَيْهِ أَدْعُو وَإِلَيْهِ مَآبِ

    Оха шайга жайна делларш бакхийбеш бу хьоьга доссийначух. (Хьуна дуьхьалйевллачу мушрикех а, жуьгтех а лаьтташ хиллачу) тобанех ю цуьнан (Къуръанан) цхьадолчунна инкарло еш ерг а. Ахь āла: 'Суна омра дина ас Далла Iибадат дан а‚ Цуьнца накъост ца лаца а. Ас Цуьнга кхойкху‚ Цуьнга ду сан дIаверзар а'

    13:36
  3. وَكَذَٰلِكَ أَنْزَلْنَاهُ حُكْمًا عَرَبِيًّا ۚ وَلَئِنِ اتَّبَعْتَ أَهْوَاءَهُمْ بَعْدَمَا جَاءَكَ مِنَ الْعِلْمِ مَا لَكَ مِنَ اللَّهِ مِنْ وَلِيٍّ وَلَا وَاقٍ

    Иштта доссийра Оха и (Къуръан) Iаьрбийн /маттахь/ хьукма хилла. Хьо церан дезаршна тIаьхьахIоттахь хьайга Iилма деъначул тIаьхьа – Делехьара вали а вац хьуна‚ лардархо а вац

    13:37
  4. وَلَقَدْ أَرْسَلْنَا رُسُلًا مِنْ قَبْلِكَ وَجَعَلْنَا لَهُمْ أَزْوَاجًا وَذُرِّيَّةً ۚ وَمَا كَانَ لِرَسُولٍ أَنْ يَأْتِيَ بِآيَةٍ إِلَّا بِإِذْنِ اللَّهِ ۗ لِكُلِّ أَجَلٍ كِتَابٌ

    Хьол хьалха а элчанаш бахийтира Оха‚ царна зударий а‚ зурриет а хилийтира Оха. /Тарлур/ дацара цхьанна элчанна аят даийта Делан пурбанца а бен. ХIор ханна а шен жайна ду

    13:38
  5. يَمْحُو اللَّهُ مَا يَشَاءُ وَيُثْبِتُ ۖ وَعِنْدَهُ أُمُّ الْكِتَابِ

    Дала Шена луург дойъу‚ /Шена луург/ чIагI а до. Цуьнгахь жайнин нана ю

    13:39
  6. وَإِنْ مَا نُرِيَنَّكَ بَعْضَ الَّذِي نَعِدُهُمْ أَوْ نَتَوَفَّيَنَّكَ فَإِنَّمَا عَلَيْكَ الْبَلَاغُ وَعَلَيْنَا الْحِسَابُ

    Я Оха гайтаза дуьтур ду хьоьга Оха царна ваIда йинчух цхьадерш‚ я Оха хьо волуьйтур ву /уьш ца гойтуш/ – хьуна тIехь /хьайга Дала делларг нахе/ дIахаийтар ду‚ Тхуна тIехь хьесап дар ду

    13:40
  7. أَوَلَمْ يَرَوْا أَنَّا نَأْتِي الْأَرْضَ نَنْقُصُهَا مِنْ أَطْرَافِهَا ۚ وَاللَّهُ يَحْكُمُ لَا مُعَقِّبَ لِحُكْمِهِ ۚ وَهُوَ سَرِيعُ الْحِسَابِ

    Царна ца го-те Оха Латта жим-жимма эшош хилар шен йисташкара /бусалбанаша мушрикийн мехкаш схьабохуш шайначарех тухуш/? Дала до хьукма‚ Цуьнан хьукманна новкъарло ен ерг ма вац. И ву хьесапехь сиха верг

    13:41
  8. وَقَدْ مَكَرَ الَّذِينَ مِنْ قَبْلِهِمْ فَلِلَّهِ الْمَكْرُ جَمِيعًا ۖ يَعْلَمُ مَا تَكْسِبُ كُلُّ نَفْسٍ ۗ وَسَيَعْلَمُ الْكُفَّارُ لِمَنْ عُقْبَى الدَّارِ

    Царал хьалха хиллачара а мекарло йира‚ Делехь ю мекарло ерриге а /нехан мекарлонаш йохо ницкъ/. Цунна хаьа хIор синна карадеш дерг. ТIаккха хуур ду керстанашна‚ хьанна кхочур ю /эхартахь хир йолу хастаме/ хсам

    13:42

Гочдар: Магомед Магомедов