Сурат 15 Аль-хьиджр, аят 1 – 15
-
الر ۚ تِلْكَ آيَاتُ الْكِتَابِ وَقُرْآنٍ مُبِينٍ
Алиф-лам-ра. Уьш /Делан/ жайнин а, къегинчу Къуръанан а аяташ ду
15:1 -
رُبَمَا يَوَدُّ الَّذِينَ كَفَرُوا لَوْ كَانُوا مُسْلِمِينَ
Ма луур ду цатешначарна шаьш бусалбанаш хилла белхьара аьлла
15:2 -
ذَرْهُمْ يَأْكُلُوا وَيَتَمَتَّعُوا وَيُلْهِهِمُ الْأَمَلُ ۖ فَسَوْفَ يَعْلَمُونَ
Бита уьш /хӀума/ яа а‚ зовкх хьега а, /дахаре/ догдахаро ийманах юкъахбаха а. ТӀаьхьа хуур ду царна
15:3 -
وَمَا أَهْلَكْنَا مِنْ قَرْيَةٍ إِلَّا وَلَهَا كِتَابٌ مَعْلُومٌ
Цхьа а юрт хӀаллак йина ма яц Оха цунна /хӀаллакъян/ хьалххе тоьхна билгала хан йолуш бен
15:4 -
مَا تَسْبِقُ مِنْ أُمَّةٍ أَجَلَهَا وَمَا يَسْتَأْخِرُونَ
Цхьа а уммат шена /тоьхначу/ хенал хьалхадер ма дац‚ тӀаьхьадуьсур а ма дац
15:5 -
وَقَالُوا يَا أَيُّهَا الَّذِي نُزِّلَ عَلَيْهِ الذِّكْرُ إِنَّكَ لَمَجْنُونٌ
Цара элира: 'ХӀай хьайга дагадаийтар доссош хилларг! Хьо жинех ма ву!
15:6 -
لَوْ مَا تَأْتِينَا بِالْمَلَائِكَةِ إِنْ كُنْتَ مِنَ الصَّادِقِينَ
Маликаш хӀунда ца даладо ахь тхуна‚ хьуо бакълуьйчарах хиллехь?'
15:7 -
مَا نُنَزِّلُ الْمَلَائِكَةَ إِلَّا بِالْحَقِّ وَمَا كَانُوا إِذًا مُنْظَرِينَ
Маликаш ца диссадо Оха бакъдолчуьнца бен‚ тӀаккха уьш /цатешаш берш Ӏазапах/ тӀаьахьатеттинарш хир бац
15:8 -
إِنَّا نَحْنُ نَزَّلْنَا الذِّكْرَ وَإِنَّا لَهُ لَحَافِظُونَ
Оха боссийна и хьехам (Къуръан). Оха и Ӏалашбийр а бу
15:9 -
وَلَقَدْ أَرْسَلْنَا مِنْ قَبْلِكَ فِي شِيَعِ الْأَوَّلِينَ
Хьол хьалха а бахийтина Оха хьалхалерачийн тобанашкахь /элчанаш/
15:10 -
وَمَا يَأْتِيهِمْ مِنْ رَسُولٍ إِلَّا كَانُوا بِهِ يَسْتَهْزِئُونَ
Цхьа а элча ца веана цаьрга, цара иза сийсазвеш бен
15:11 -
كَذَٰلِكَ نَسْلُكُهُ فِي قُلُوبِ الْمُجْرِمِينَ
Иштта дуьллу Оха иза къинош деш болчеран дегнашка
15:12 -
لَا يُؤْمِنُونَ بِهِ ۖ وَقَدْ خَلَتْ سُنَّةُ الْأَوَّلِينَ
Цунах ца теша уьш. Иштта дӀадахна хьалхалерачийн Ӏадат а
15:13 -
وَلَوْ فَتَحْنَا عَلَيْهِمْ بَابًا مِنَ السَّمَاءِ فَظَلُّوا فِيهِ يَعْرُجُونَ
Оха царна стиглара неӀ еллехьара‚ уьш буьсуш цу чухула хьалабовлуш,
15:14 -
لَقَالُوا إِنَّمَا سُكِّرَتْ أَبْصَارُنَا بَلْ نَحْنُ قَوْمٌ مَسْحُورُونَ
Цара эр ма дара: 'Тхан бӀаьрса дахийна‚ тхо шайна бозбуунчалла дина нах ду'
15:15
Гочдар: Магомед Магомедов