Сурат 15 Аль-хьиджр

  1. الر ۚ تِلْكَ آيَاتُ الْكِتَابِ وَقُرْآنٍ مُبِينٍ

    Алиф-лам-ра. Уьш /Делан/ жайнин а, къегинчу Къуръанан а аяташ ду

    15:1
  2. رُبَمَا يَوَدُّ الَّذِينَ كَفَرُوا لَوْ كَانُوا مُسْلِمِينَ

    Ма луур ду цатешначарна шаьш бусалбанаш хилла белхьара аьлла

    15:2
  3. ذَرْهُمْ يَأْكُلُوا وَيَتَمَتَّعُوا وَيُلْهِهِمُ الْأَمَلُ ۖ فَسَوْفَ يَعْلَمُونَ

    Бита уьш /хIума/ яа а‚ зовкх хьега а, /дахаре/ догдахаро ийманах юкъахбаха а. ТIаьхьа хуур ду царна

    15:3
  4. وَمَا أَهْلَكْنَا مِنْ قَرْيَةٍ إِلَّا وَلَهَا كِتَابٌ مَعْلُومٌ

    Цхьа а юрт хIаллак йина ма яц Оха цунна /хIаллакъян/ хьалххе тоьхна билгала хан йолуш бен

    15:4
  5. مَا تَسْبِقُ مِنْ أُمَّةٍ أَجَلَهَا وَمَا يَسْتَأْخِرُونَ

    Цхьа а уммат шена /тоьхначу/ хенал хьалхадер ма дац‚ тIаьхьадуьсур а ма дац

    15:5
  6. وَقَالُوا يَا أَيُّهَا الَّذِي نُزِّلَ عَلَيْهِ الذِّكْرُ إِنَّكَ لَمَجْنُونٌ

    Цара элира: 'ХIай хьайга дагадаийтар доссош хилларг! Хьо жинех ма ву!

    15:6
  7. لَوْ مَا تَأْتِينَا بِالْمَلَائِكَةِ إِنْ كُنْتَ مِنَ الصَّادِقِينَ

    Маликаш хIунда ца даладо ахь тхуна‚ хьуо бакълуьйчарах хиллехь?'

    15:7
  8. مَا نُنَزِّلُ الْمَلَائِكَةَ إِلَّا بِالْحَقِّ وَمَا كَانُوا إِذًا مُنْظَرِينَ

    Маликаш ца диссадо Оха бакъдолчуьнца бен‚ тIаккха уьш /цатешаш берш Iазапах/ тIаьахьатеттинарш хир бац

    15:8
  9. إِنَّا نَحْنُ نَزَّلْنَا الذِّكْرَ وَإِنَّا لَهُ لَحَافِظُونَ

    Оха боссийна и хьехам (Къуръан). Оха и Iалашбийр а бу

    15:9
  10. وَلَقَدْ أَرْسَلْنَا مِنْ قَبْلِكَ فِي شِيَعِ الْأَوَّلِينَ

    Хьол хьалха а бахийтина Оха хьалхалерачийн тобанашкахь /элчанаш/

    15:10
  11. وَمَا يَأْتِيهِمْ مِنْ رَسُولٍ إِلَّا كَانُوا بِهِ يَسْتَهْزِئُونَ

    Цхьа а элча ца веана цаьрга, цара иза сийсазвеш бен

    15:11
  12. كَذَٰلِكَ نَسْلُكُهُ فِي قُلُوبِ الْمُجْرِمِينَ

    Иштта дуьллу Оха иза къинош деш болчеран дегнашка

    15:12
  13. لَا يُؤْمِنُونَ بِهِ ۖ وَقَدْ خَلَتْ سُنَّةُ الْأَوَّلِينَ

    Цунах ца теша уьш. Иштта дIадахна хьалхалерачийн Iадат а

    15:13
  14. وَلَوْ فَتَحْنَا عَلَيْهِمْ بَابًا مِنَ السَّمَاءِ فَظَلُّوا فِيهِ يَعْرُجُونَ

    Оха царна стиглара неI еллехьара‚ уьш буьсуш цу чухула хьалабовлуш,

    15:14
  15. لَقَالُوا إِنَّمَا سُكِّرَتْ أَبْصَارُنَا بَلْ نَحْنُ قَوْمٌ مَسْحُورُونَ

    Цара эр ма дара: 'Тхан бIаьрса дахийна‚ тхо шайна бозбуунчалла дина нах ду'

    15:15
  16. وَلَقَدْ جَعَلْنَا فِي السَّمَاءِ بُرُوجًا وَزَيَّنَّاهَا لِلنَّاظِرِينَ

    Стиглахь гIаланаш йина Оха, уьш хазйина Оха хьоьжучарна

    15:16
  17. وَحَفِظْنَاهَا مِنْ كُلِّ شَيْطَانٍ رَجِيمٍ

    Массо а тIулгашца эккхош долчу шайтIанах и лаш а йина Оха

    15:17
  18. إِلَّا مَنِ اسْتَرَقَ السَّمْعَ فَأَتْبَعَهُ شِهَابٌ مُبِينٌ

    Ша къайлах ладугIуш доцучух – цунна а тIаьхьаболу билгал болу седа

    15:18
  19. وَالْأَرْضَ مَدَدْنَاهَا وَأَلْقَيْنَا فِيهَا رَوَاسِيَ وَأَنْبَتْنَا فِيهَا مِنْ كُلِّ شَيْءٍ مَوْزُونٍ

    Латта а даржийна Оха‚ цунна тхь чIогIа лаьмнаш а доьга, цунна тхь далийтина Оха хIор барам бинчу хIуманах

    15:19
  20. وَجَعَلْنَا لَكُمْ فِيهَا مَعَايِشَ وَمَنْ لَسْتُمْ لَهُ بِرَازِقِينَ

    Оха цунна тхь бахам хилийтина шуна а‚ аш шайна рицкъ ца луш хиллачарна а /аккхарой, олхазарш.../

    15:20

Гочдар: Магомед Магомедов