Сурат 15 Аль-хьиджр, аят 16 – 25
-
وَلَقَدْ جَعَلْنَا فِي السَّمَاءِ بُرُوجًا وَزَيَّنَّاهَا لِلنَّاظِرِينَ
Стиглахь гӀаланаш йина Оха, уьш хазйина Оха хьоьжучарна
15:16 -
وَحَفِظْنَاهَا مِنْ كُلِّ شَيْطَانٍ رَجِيمٍ
Массо а тӀулгашца эккхош долчу шайтӀанах и лаш а йина Оха
15:17 -
إِلَّا مَنِ اسْتَرَقَ السَّمْعَ فَأَتْبَعَهُ شِهَابٌ مُبِينٌ
Ша къайлах ладугӀуш доцучух – цунна а тӀаьхьаболу билгал болу седа
15:18 -
وَالْأَرْضَ مَدَدْنَاهَا وَأَلْقَيْنَا فِيهَا رَوَاسِيَ وَأَنْبَتْنَا فِيهَا مِنْ كُلِّ شَيْءٍ مَوْزُونٍ
Латта а даржийна Оха‚ цунна тхь чӀогӀа лаьмнаш а доьга, цунна тхь далийтина Оха хӀор барам бинчу хӀуманах
15:19 -
وَجَعَلْنَا لَكُمْ فِيهَا مَعَايِشَ وَمَنْ لَسْتُمْ لَهُ بِرَازِقِينَ
Оха цунна тхь бахам хилийтина шуна а‚ аш шайна рицкъ ца луш хиллачарна а /аккхарой, олхазарш.../
15:20 -
وَإِنْ مِنْ شَيْءٍ إِلَّا عِنْدَنَا خَزَائِنُهُ وَمَا نُنَزِّلُهُ إِلَّا بِقَدَرٍ مَعْلُومٍ
Цхьа а хӀума яц Тхоьгахь шен хазна йолуш бен‚ Оха и охьа ца йоссайо хууш болчу барамца а бен
15:21 -
وَأَرْسَلْنَا الرِّيَاحَ لَوَاقِحَ فَأَنْزَلْنَا مِنَ السَّمَاءِ مَاءً فَأَسْقَيْنَاكُمُوهُ وَمَا أَنْتُمْ لَهُ بِخَازِنِينَ
Оха дахийтина ялта хьоькъуьйту мехаш‚ стиглара хи доссийна Оха – и малийна Оха шуна – шу дац и /дӀадиллина/ латтош
15:22 -
وَإِنَّا لَنَحْنُ نُحْيِي وَنُمِيتُ وَنَحْنُ الْوَارِثُونَ
Баккъалла а, Оха ден а до‚ Оха дала а долуьйту‚ Тхо ду верасаш
15:23 -
وَلَقَدْ عَلِمْنَا الْمُسْتَقْدِمِينَ مِنْكُمْ وَلَقَدْ عَلِمْنَا الْمُسْتَأْخِرِينَ
Шух хьалха дбевлларш а бевзина Тхуна, тӀаьхьабуьсуберш а бевзина
15:24 -
وَإِنَّ رَبَّكَ هُوَ يَحْشُرُهُمْ ۚ إِنَّهُ حَكِيمٌ عَلِيمٌ
Баккъалла а, хьан Кхиош-Кхобург – И ву-кх уьш гулбийр болуш. Баккъалла а, Иза хьукаме верг а /Шен гӀуллакх дарехь/‚ хууш верг а ву /Шен халкъехь дерг/
15:25
Гочдар: Магомед Магомедов