Сурат 15 Аль-хьиджр, аят 26 – 44
-
وَلَقَدْ خَلَقْنَا الْإِنْسَانَ مِنْ صَلْصَالٍ مِنْ حَمَإٍ مَسْنُونٍ
Оха адам кхоьллира бекъачу (зевнечу), тдачу поппарх, (басца а, хьожанца а) хийцалучу
15:26 -
وَالْجَانَّ خَلَقْنَاهُ مِنْ قَبْلُ مِنْ نَارِ السَّمُومِ
Жинаш кхоьллира Оха кхин а /Āдамал/ хьалха тх йовхачу цӀарах
15:27 -
وَإِذْ قَالَ رَبُّكَ لِلْمَلَائِكَةِ إِنِّي خَالِقٌ بَشَرًا مِنْ صَلْصَالٍ مِنْ حَمَإٍ مَسْنُونٍ
Хаийта: хьан Кхиош-Кхобучо маликашка аьллера: 'Со воллу адам кхолла бекъачу (зевнечу), тдачу поппарх, (басца а, хьожанца а) хийцалучу
15:28 -
فَإِذَا سَوَّيْتُهُ وَنَفَخْتُ فِيهِ مِنْ رُوحِي فَقَعُوا لَهُ سَاجِدِينَ
Ас и нисдича‚ Сайн сих цунна чу са а диллича, шу иэгалаш цунна сужуде'
15:29 -
فَسَجَدَ الْمَلَائِكَةُ كُلُّهُمْ أَجْمَعُونَ
Маликаша массара а сужуд дира
15:30 -
إِلَّا إِبْلِيسَ أَبَىٰ أَنْ يَكُونَ مَعَ السَّاجِدِينَ
Иблис доцчо – и дуьхьалделира сужуд дечаьрца хила
15:31 -
قَالَ يَا إِبْلِيسُ مَا لَكَ أَلَّا تَكُونَ مَعَ السَّاجِدِينَ
Цо (Дала) элира: 'Хй Иблис, хьуна хӀун ду сужуд дечаьрца ца хила?'
15:32 -
قَالَ لَمْ أَكُنْ لِأَسْجُدَ لِبَشَرٍ خَلَقْتَهُ مِنْ صَلْصَالٍ مِنْ حَمَإٍ مَسْنُونٍ
Цо (Иблисо) элира: 'Со хила ца дог адамна сужуд деш‚ Ахь ша кхоьллина долчу бекъачу (зевнечу), тдачу поппарх, (басца а, хьожанца а) хийцалучу»
15:33 -
قَالَ فَاخْرُجْ مِنْهَا فَإِنَّكَ رَجِيمٌ
Цо (Дала) элира: 'Арадала цу /ялсаманин/ чуьра! Хьо тӀулгаш детташ эккхо дезарг ду
15:34 -
وَإِنَّ عَلَيْكَ اللَّعْنَةَ إِلَىٰ يَوْمِ الدِّينِ
Хьуна тӀехь неӀалт ду бекхаман де кхаччалц'
15:35 -
قَالَ رَبِّ فَأَنْظِرْنِي إِلَىٰ يَوْمِ يُبْعَثُونَ
Цо (Иблисо) элира: 'Сан Кхиош-Кхобург‚ тӀаьхьататта со уьш денбийр болчу дийне кхаччалц'
15:36 -
قَالَ فَإِنَّكَ مِنَ الْمُنْظَرِينَ
Цо (Дала) элира: 'Баккъалла а, хьо (даларх) тӀаьхьатеттинчарах ду
15:37 -
إِلَىٰ يَوْمِ الْوَقْتِ الْمَعْلُومِ
Хууш йолчу хенан де тӀекхаччалц'
15:38 -
قَالَ رَبِّ بِمَا أَغْوَيْتَنِي لَأُزَيِّنَنَّ لَهُمْ فِي الْأَرْضِ وَلَأُغْوِيَنَّهُمْ أَجْمَعِينَ
Цо элира: 'Сан Кхиош-Кхобург‚ Ахь со тилорна‚ ас хаздийр ма ду царна (Адаман тьхьенна) лаьттахь дерг /къинош дар/‚ ас тилор ма бу уьш берриге а
15:39 -
إِلَّا عِبَادَكَ مِنْهُمُ الْمُخْلَصِينَ
Царах Хьан къастийна леш боцурш'
15:40 -
قَالَ هَٰذَا صِرَاطٌ عَلَيَّ مُسْتَقِيمٌ
Цо (Дала) элира: 'ХӀара бу Суна тӀебог нийса некъ
15:41 -
إِنَّ عِبَادِي لَيْسَ لَكَ عَلَيْهِمْ سُلْطَانٌ إِلَّا مَنِ اتَّبَعَكَ مِنَ الْغَاوِينَ
Баккъалла а, Сан леш – царна тӀехь бакъо яц хьан! Тилабеллачарах хьайна тӀаьхьахӀиттинчарна тӀехь бен
15:42 -
وَإِنَّ جَهَنَّمَ لَمَوْعِدُهُمْ أَجْمَعِينَ
Баккъалла а, жоьжахати ю-кх царна массарна хин йолу (къастийна) меттиг
15:43 -
لَهَا سَبْعَةُ أَبْوَابٍ لِكُلِّ بَابٍ مِنْهُمْ جُزْءٌ مَقْسُومٌ
Цуьнан ворхӀ неӀ ю‚ хӀор неӀарна царах къастийна дāкъа ду / чу баха/
15:44
Гочдар: Магомед Магомедов