Сурат 15 Аль-хьиджр, аят 31 – 43

  1. إِلَّا إِبْلِيسَ أَبَىٰ أَنْ يَكُونَ مَعَ السَّاجِدِينَ

    Иблис доцчо – и дуьхьалделира сужуд дечаьрца хила

    15:31
  2. قَالَ يَا إِبْلِيسُ مَا لَكَ أَلَّا تَكُونَ مَعَ السَّاجِدِينَ

    Цо (Дала) элира: 'Хй Иблис, хьуна хӀун ду сужуд дечаьрца ца хила?'

    15:32
  3. قَالَ لَمْ أَكُنْ لِأَسْجُدَ لِبَشَرٍ خَلَقْتَهُ مِنْ صَلْصَالٍ مِنْ حَمَإٍ مَسْنُونٍ

    Цо (Иблисо) элира: 'Со хила ца дог адамна сужуд деш‚ Ахь ша кхоьллина долчу бекъачу (зевнечу), тдачу поппарх, (басца а, хьожанца а) хийцалучу»

    15:33
  4. قَالَ فَاخْرُجْ مِنْهَا فَإِنَّكَ رَجِيمٌ

    Цо (Дала) элира: 'Арадала цу /ялсаманин/ чуьра! Хьо тӀулгаш детташ эккхо дезарг ду

    15:34
  5. وَإِنَّ عَلَيْكَ اللَّعْنَةَ إِلَىٰ يَوْمِ الدِّينِ

    Хьуна тӀехь неӀалт ду бекхаман де кхаччалц'

    15:35
  6. قَالَ رَبِّ فَأَنْظِرْنِي إِلَىٰ يَوْمِ يُبْعَثُونَ

    Цо (Иблисо) элира: 'Сан Кхиош-Кхобург‚ тӀаьхьататта со уьш денбийр болчу дийне кхаччалц'

    15:36
  7. قَالَ فَإِنَّكَ مِنَ الْمُنْظَرِينَ

    Цо (Дала) элира: 'Баккъалла а, хьо (даларх) тӀаьхьатеттинчарах ду

    15:37
  8. إِلَىٰ يَوْمِ الْوَقْتِ الْمَعْلُومِ

    Хууш йолчу хенан де тӀекхаччалц'

    15:38
  9. قَالَ رَبِّ بِمَا أَغْوَيْتَنِي لَأُزَيِّنَنَّ لَهُمْ فِي الْأَرْضِ وَلَأُغْوِيَنَّهُمْ أَجْمَعِينَ

    Цо элира: 'Сан Кхиош-Кхобург‚ Ахь со тилорна‚ ас хаздийр ма ду царна (Адаман тьхьенна) лаьттахь дерг /къинош дар/‚ ас тилор ма бу уьш берриге а

    15:39
  10. إِلَّا عِبَادَكَ مِنْهُمُ الْمُخْلَصِينَ

    Царах Хьан къастийна леш боцурш'

    15:40
  11. قَالَ هَٰذَا صِرَاطٌ عَلَيَّ مُسْتَقِيمٌ

    Цо (Дала) элира: 'ХӀара бу Суна тӀебог нийса некъ

    15:41
  12. إِنَّ عِبَادِي لَيْسَ لَكَ عَلَيْهِمْ سُلْطَانٌ إِلَّا مَنِ اتَّبَعَكَ مِنَ الْغَاوِينَ

    Баккъалла а, Сан леш – царна тӀехь бакъо яц хьан! Тилабеллачарах хьайна тӀаьхьахӀиттинчарна тӀехь бен

    15:42
  13. وَإِنَّ جَهَنَّمَ لَمَوْعِدُهُمْ أَجْمَعِينَ

    Баккъалла а, жоьжахати ю-кх царна массарна хин йолу (къастийна) меттиг

    15:43

Гочдар: Магомед Магомедов