Сурат 15 Аль-хьиджр, аят 51 – 55

  1. وَنَبِّئْهُمْ عَنْ ضَيْفِ إِبْرَاهِيمَ

    Дийца царна ИбрахӀиман хьешах /лаьцна/:

    15:51
  2. إِذْ دَخَلُوا عَلَيْهِ فَقَالُوا سَلَامًا قَالَ إِنَّا مِنْكُمْ وَجِلُونَ

    И волчу баьхкира уьш‚ элира: 'Маршалла'. Цо (ИбрахӀима) элира: 'Баккъалла а, тхо шух кхоьруш ду'

    15:52
  3. قَالُوا لَا تَوْجَلْ إِنَّا نُبَشِّرُكَ بِغُلَامٍ عَلِيمٍ

    Цара элира: 'Ма кхера. Оха хьуна кхаъ боккху кхетаме хир волчу кӀантаца'

    15:53
  4. قَالَ أَبَشَّرْتُمُونِي عَلَىٰ أَنْ مَسَّنِيَ الْكِبَرُ فَبِمَ تُبَشِّرُونَ

    Цо элира: 'Аш суна кхаъ баьккхина, со къаналло схьалаьцча? Стенца кхаъ боккху аш?'

    15:54
  5. قَالُوا بَشَّرْنَاكَ بِالْحَقِّ فَلَا تَكُنْ مِنَ الْقَانِطِينَ

    Цара элира: 'Бакъдолчуьнца кхаъ баьккхина Оха хьоьга‚ догдиллинчарах ма хилалахь'

    15:55

Гочдар: Магомед Магомедов