Сурат 15 Аль-хьиджр, аят 61 – 79
-
فَلَمَّا جَاءَ آلَ لُوطٍ الْمُرْسَلُونَ
И бахкийтинарш ЛутӀан нахана (Лутпайхамарна) тӀе баьхкича,
15:61 -
قَالَ إِنَّكُمْ قَوْمٌ مُنْكَرُونَ
Цо (ЛутӀас) элира: 'Баккъалла а, шу (суна) ца девза нах ду-кх'
15:62 -
قَالُوا بَلْ جِئْنَاكَ بِمَا كَانُوا فِيهِ يَمْتَرُونَ
Цара элира: 'Амма, тхо хьо волчу даьхкина уьш шайн шеко хиллачуьнца
15:63 -
وَأَتَيْنَاكَ بِالْحَقِّ وَإِنَّا لَصَادِقُونَ
Тхо даьхкина хьо волчу бакъдолчуьнца – баккъалла а, тхо бакълуьйш дерш ма ду
15:64 -
فَأَسْرِ بِأَهْلِكَ بِقِطْعٍ مِنَ اللَّيْلِ وَاتَّبِعْ أَدْبَارَهُمْ وَلَا يَلْتَفِتْ مِنْكُمْ أَحَدٌ وَامْضُوا حَيْثُ تُؤْمَرُونَ
ДӀагӀуо хьайн доьзалца буьйсанах цхьа дакъа даьлча‚ хьо а гӀуо царна тӀаьххье. Цхьа а юха ма хьожийла шух /зуламхошна ден долу зап шайна ца гархьама и гинчунна а шена и ца хилийтархьама/‚ шайга омра динчу дӀагӀуо'
15:65 -
وَقَضَيْنَا إِلَيْهِ ذَٰلِكَ الْأَمْرَ أَنَّ دَابِرَ هَٰؤُلَاءِ مَقْطُوعٌ مُصْبِحِينَ
И гӀуллакх (Тхешан кхиэл) цунна (Лутна) дхаийтира Оха: хӀокхеран тӀаьхье хадор йолуш ю Ӏуьйренга бовларца (уьш берриге а хллакбийр болуш бу ьйранна)
15:66 -
وَجَاءَ أَهْلُ الْمَدِينَةِ يَسْتَبْشِرُونَ
ГӀалара нах баьхкира баккхийбеш
15:67 -
قَالَ إِنَّ هَٰؤُلَاءِ ضَيْفِي فَلَا تَفْضَحُونِ
Цо (ЛутӀас) элира: 'ХӀорш сан хьеший бу‚ со сийсаза ма велаш
15:68 -
وَاتَّقُوا اللَّهَ وَلَا تُخْزُونِ
Делах кхералаш‚ со юьхьӀаьржа ма хӀоттавелаш'
15:69 -
قَالُوا أَوَلَمْ نَنْهَكَ عَنِ الْعَالَمِينَ
Цара элира:'Оха бехкам бина бацара хьуна массо а нахах /хийра нах т ма лаца, аьлла ?'
15:70 -
قَالَ هَٰؤُلَاءِ بَنَاتِي إِنْ كُنْتُمْ فَاعِلِينَ
Цо элира: 'Хрш сан йорий бу шуна‚ шу /боьханиг/ ца деш ца Ӏахь /уьш балабейш шайна, сан хьеший а битий'
15:71 -
لَعَمْرُكَ إِنَّهُمْ لَفِي سَكْرَتِهِمْ يَعْمَهُونَ
Хьан дахарора /хӀай пайхамар/‚ баккъалла а, уьш шайн бехна хиларехь дӀай-схьай уьйдуш ма бу
15:72 -
فَأَخَذَتْهُمُ الصَّيْحَةُ مُشْرِقِينَ
Малх кхеташ, цӀогӀано схьалецира уьш (чгчу гвгно хллакбира уьш)
15:73 -
فَجَعَلْنَا عَالِيَهَا سَافِلَهَا وَأَمْطَرْنَا عَلَيْهِمْ حِجَارَةً مِنْ سِجِّيلٍ
Цуьнан лакхенах лахе йира Оха‚ царна тӀе дагийначу лаьттан тӀулгаш /дог санна/ делхийтира Оха
15:74 -
إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَآيَاتٍ لِلْمُتَوَسِّمِينَ
Баккъалла а, цу чохь делилаш ма ду, ойла еш, хьоьжучарна
15:75 -
وَإِنَّهَا لَبِسَبِيلٍ مُقِيمٍ
Баккъалла а, и ма ю /нийсса Маккара Шама боьдучу/ новкъахь
15:76 -
إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَآيَةً لِلْمُؤْمِنِينَ
Баккъалла а, цу чохь (Лутн къам хллакдарехь) делил ма ду муъмин нахана
15:77 -
وَإِنْ كَانَ أَصْحَابُ الْأَيْكَةِ لَظَالِمِينَ
Айкатан бахархой ма хилира зуламхой
15:78 -
فَانْتَقَمْنَا مِنْهُمْ وَإِنَّهُمَا لَبِإِمَامٍ مُبِينٍ
Царна бекхам бира Оха‚ баккъалла а, и шиъ билгалчу меттигехь ма ю
15:79
Гочдар: Магомед Магомедов