Сурат 16 Ан-нахьл (Некхарий), аят 111 – 119

  1. يَوْمَ تَأْتِي كُلُّ نَفْسٍ تُجَادِلُ عَنْ نَفْسِهَا وَتُوَفَّىٰ كُلُّ نَفْسٍ مَا عَمِلَتْ وَهُمْ لَا يُظْلَمُونَ

    Оцу /къемат/дийнахь хр са догӀур ду ша къуьйсуш (шен болх балхош)‚ массо а синна /кхоччуш/ лур ду цо ша /дуьненахь/ динарг. Царна зулам дийр дац (царна харцо йийр яц)!

    16:111
  2. وَضَرَبَ اللَّهُ مَثَلًا قَرْيَةً كَانَتْ آمِنَةً مُطْمَئِنَّةً يَأْتِيهَا رِزْقُهَا رَغَدًا مِنْ كُلِّ مَكَانٍ فَكَفَرَتْ بِأَنْعُمِ اللَّهِ فَأَذَاقَهَا اللَّهُ لِبَاسَ الْجُوعِ وَالْخَوْفِ بِمَا كَانُوا يَصْنَعُونَ

    Дала масаллина ялийна цхьа юрт (Макка). И хилла маьрша а‚ паргӀат а: цунна (юьртарчу нахана) шортта шен рицкъ догӀура массо а меттигера. ТӀаккха цо (Маккин охано) Делан ниӀматашна керсталла дира. ТӀаккха Дала цуьнга Ӏовшийтира мацаллин а‚ кхераман а духар цара деш хилларг бахьанехь

    16:112
  3. وَلَقَدْ جَاءَهُمْ رَسُولٌ مِنْهُمْ فَكَذَّبُوهُ فَأَخَذَهُمُ الْعَذَابُ وَهُمْ ظَالِمُونَ

    Цаьрга веара элча, царах а волуш – цара иза харцвира. ТӀаккха уьш схьалецира Ӏазапо‚ шаьш зуламхой а болуш (харцонна тхь а болуш)

    16:113
  4. فَكُلُوا مِمَّا رَزَقَكُمُ اللَّهُ حَلَالًا طَيِّبًا وَاشْكُرُوا نِعْمَتَ اللَّهِ إِنْ كُنْتُمْ إِيَّاهُ تَعْبُدُونَ

    Аш даа Дала шайна деллачу рицкьих хьанал дерг а‚ цӀена дерг а‚ Делан ниӀматашна шукур де‚ шаьш Цунна Ӏибадат деш делахь

    16:114
  5. إِنَّمَا حَرَّمَ عَلَيْكُمُ الْمَيْتَةَ وَالدَّمَ وَلَحْمَ الْخِنْزِيرِ وَمَا أُهِلَّ لِغَيْرِ اللَّهِ بِهِ ۖ فَمَنِ اضْطُرَّ غَيْرَ بَاغٍ وَلَا عَادٍ فَإِنَّ اللَّهَ غَفُورٌ رَحِيمٌ

    Баккъалла а, Дала хьарам йина шуна еккъа къеелла хӀума а‚ цӀий а‚ хьакхин жижиг а‚ Дела воцуш /кхечун/ цӀе яьккхинарг а (шена урс хьокхучу хенахь). Ша (яаза) ца ваьлларг /мацалла ца вала/ ‚ къа деш воцуш (и яар магош доцуш), барамал тх ца волуш(вуззалц а ца юуш)‚ – тӀаккха Дела гечдийриг а ву‚ къинхетаме верг а ву (ца ваьлла и хьарамйина хма йиъначунна)

    16:115
  6. وَلَا تَقُولُوا لِمَا تَصِفُ أَلْسِنَتُكُمُ الْكَذِبَ هَٰذَا حَلَالٌ وَهَٰذَا حَرَامٌ لِتَفْتَرُوا عَلَى اللَّهِ الْكَذِبَ ۚ إِنَّ الَّذِينَ يَفْتَرُونَ عَلَى اللَّهِ الْكَذِبَ لَا يُفْلِحُونَ

    Аш ма āлалаш шайн меттанаша дуьйцучу харцдерг бахьанехь: 'ХӀара хьанал ду‚ хӀара хьарам ду'‚ Далла тӀе харцдерг кхоллархьама. Баккъалла а, Далла тӀе харцдерг кхуллуш берш баккхийбийр болуш бац

    16:116
  7. مَتَاعٌ قَلِيلٌ وَلَهُمْ عَذَابٌ أَلِيمٌ

    КӀеззиг зовкх хьегар ду /и царна/ - лазош долу Ӏазап ду царна /кечдина/

    16:117
  8. وَعَلَى الَّذِينَ هَادُوا حَرَّمْنَا مَا قَصَصْنَا عَلَيْكَ مِنْ قَبْلُ ۖ وَمَا ظَلَمْنَاهُمْ وَلَٰكِنْ كَانُوا أَنْفُسَهُمْ يَظْلِمُونَ

    Жуьгтийн динехь хиллачарна а хьарам дина Оха хьоьга хьалха дийцинарг‚ Оха царна зулам ца дира‚ делахь а‚ уьш хилира шаьш шайна зулам деш

    16:118
  9. ثُمَّ إِنَّ رَبَّكَ لِلَّذِينَ عَمِلُوا السُّوءَ بِجَهَالَةٍ ثُمَّ تَابُوا مِنْ بَعْدِ ذَٰلِكَ وَأَصْلَحُوا إِنَّ رَبَّكَ مِنْ بَعْدِهَا لَغَفُورٌ رَحِيمٌ

    ТӀаккха, баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург ца хууш вониг диначарна‚ тӀаккха цул тӀаьхьа тōба деш дика Ӏамалш йиначарна, – баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург цул тӀаьхьа /царна/ гечдийриг а‚ къинхетаме верг а ма ву

    16:119

Гочдар: Магомед Магомедов