Сурат 16 Ан-нахьл (Некхарий), аят 112

  1. وَضَرَبَ اللَّهُ مَثَلًا قَرْيَةً كَانَتْ آمِنَةً مُطْمَئِنَّةً يَأْتِيهَا رِزْقُهَا رَغَدًا مِنْ كُلِّ مَكَانٍ فَكَفَرَتْ بِأَنْعُمِ اللَّهِ فَأَذَاقَهَا اللَّهُ لِبَاسَ الْجُوعِ وَالْخَوْفِ بِمَا كَانُوا يَصْنَعُونَ

    Дала масаллина ялийна цхьа юрт (Макка). И хилла маьрша а‚ паргIат а: цунна (юьртарчу нахана) шортта шен рицкъ догIура массо а меттигера. ТIаккха цо (Маккин охано) Делан ниIматашна керсталла дира. ТIаккха Дала цуьнга Iовшийтира мацаллин а‚ кхераман а духар цара деш хилларг бахьанехь

    16:112

Гочдар: Магомед Магомедов