Сурат 16 Ан-нахьл (Некхарий), аят 66 – 70
-
وَإِنَّ لَكُمْ فِي الْأَنْعَامِ لَعِبْرَةً ۖ نُسْقِيكُمْ مِمَّا فِي بُطُونِهِ مِنْ بَيْنِ فَرْثٍ وَدَمٍ لَبَنًا خَالِصًا سَائِغًا لِلشَّارِبِينَ
Баккъалла а, шуна хьайбанашкахь а маьӀна ду: Оха шуна малайо церан кийрахь йолчух боьхаллина а‚ цӀийна а юккъера шура‚ цӀена а‚ чам болуш а йолуш молчарна
16:66 -
وَمِنْ ثَمَرَاتِ النَّخِيلِ وَالْأَعْنَابِ تَتَّخِذُونَ مِنْهُ سَكَرًا وَرِزْقًا حَسَنًا ۗ إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَآيَةً لِقَوْمٍ يَعْقِلُونَ
Хурманийн а‚ кемсийн а стоьмех аш доккху вахош долу малар а‚ хаза рицкъ а. Баккъалла а, цу чохь делил ма ду хьекъале болчу нахана
16:67 -
وَأَوْحَىٰ رَبُّكَ إِلَى النَّحْلِ أَنِ اتَّخِذِي مِنَ الْجِبَالِ بُيُوتًا وَمِنَ الشَّجَرِ وَمِمَّا يَعْرِشُونَ
Хьан Кхиош-Кхобучо накхармозан даг чу тесира: хьайна гшлош е лаьмнашкахь а‚ дитташ тхь а‚ цара (наха) дечу цнош чохь а (тхевнашна тхь) аьлла
16:68 -
ثُمَّ كُلِي مِنْ كُلِّ الثَّمَرَاتِ فَاسْلُكِي سُبُلَ رَبِّكِ ذُلُلًا ۚ يَخْرُجُ مِنْ بُطُونِهَا شَرَابٌ مُخْتَلِفٌ أَلْوَانُهُ فِيهِ شِفَاءٌ لِلنَّاسِ ۗ إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَآيَةً لِقَوْمٍ يَتَفَكَّرُونَ
ТӀаккха даа хьайна массо а стоьмех рицкъ‚ хьайн Кхиош-Кхобучун, хьайна муьтхь динчу, некъашкахула лела, аьлла. Церан (накхармозийн) кийрара малар долу‚ шен бос тайп-тайпана а болуш‚ шена чохь нахана дарба а долуш. Баккъалла а, цу чохь /Делан ницкъ хиларан/ делил ду-кх шаьш ойла ечу нахана
16:69 -
وَاللَّهُ خَلَقَكُمْ ثُمَّ يَتَوَفَّاكُمْ ۚ وَمِنْكُمْ مَنْ يُرَدُّ إِلَىٰ أَرْذَلِ الْعُمُرِ لِكَيْ لَا يَعْلَمَ بَعْدَ عِلْمٍ شَيْئًا ۚ إِنَّ اللَّهَ عَلِيمٌ قَدِيرٌ
Дала кхоьллина шу‚ тӀаккха Цо долуьйтур ду шу. Шух ву дахаран уггар ирчачу хьоле верзош верг а, цунна /къона волуш/ хууш хиллачул тӀаьхьа /кхин/ хӀумма а ца хаийта. Баккъалла а, Дела хууш а ву‚ ницкъ кхочуш а ву
16:70
Гочдар: Магомед Магомедов