Сурат 16 Ан-нахьл (Некхарий), аят 69

  1. ثُمَّ كُلِي مِنْ كُلِّ الثَّمَرَاتِ فَاسْلُكِي سُبُلَ رَبِّكِ ذُلُلًا ۚ يَخْرُجُ مِنْ بُطُونِهَا شَرَابٌ مُخْتَلِفٌ أَلْوَانُهُ فِيهِ شِفَاءٌ لِلنَّاسِ ۗ إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَآيَةً لِقَوْمٍ يَتَفَكَّرُونَ

    ТIаккха даа хьайна массо а стоьмех рицкъ‚ хьайн Кхиош-Кхобучун, хьайна муьтхь динчу, некъашкахула лела, аьлла. Церан (накхармозийн) кийрара малар долу‚ шен бос тайп-тайпана а болуш‚ шена чохь нахана дарба а долуш. Баккъалла а, цу чохь /Делан ницкъ хиларан/ делил ду-кх шаьш ойла ечу нахана

    16:69

Гочдар: Магомед Магомедов