Сурат 17 Аль-исраъ (Буса кхарстар), аят 1 – 10

  1. سُبْحَانَ الَّذِي أَسْرَىٰ بِعَبْدِهِ لَيْلًا مِنَ الْمَسْجِدِ الْحَرَامِ إِلَى الْمَسْجِدِ الْأَقْصَى الَّذِي بَارَكْنَا حَوْلَهُ لِنُرِيَهُ مِنْ آيَاتِنَا ۚ إِنَّهُ هُوَ السَّمِيعُ الْبَصِيرُ

    Массо а вонах цӀена ву Иза (Дела)‚ Ша Шен лай буса /кхарста/ ваьккхина волу Дезчу маьждигера Генарчу маьждиге‚ Оха шен гонаха дерг беркате дина долчу‚ цунна гайтархьама Тхан аяташ. Баккъалла а, Иза ву хезаш верг а‚ гуш верг а

    17:1
  2. وَآتَيْنَا مُوسَى الْكِتَابَ وَجَعَلْنَاهُ هُدًى لِبَنِي إِسْرَائِيلَ أَلَّا تَتَّخِذُوا مِنْ دُونِي وَكِيلًا

    Оха делира Мусага жайна‚ цунах хилийтира нийса некъ Исраилан кӀенташна‚ Ша воцург, кхин векал ма лаца‚ аьлла

    17:2
  3. ذُرِّيَّةَ مَنْ حَمَلْنَا مَعَ نُوحٍ ۚ إِنَّهُ كَانَ عَبْدًا شَكُورًا

    Хй Оха шаьш Нухьаца лелийначеран зурриет /Исраилан кнтий! Дагадаийта Оха шайн дай хина бухабахарх клхьарбахар; шукур де Далла/. Баккъалла а, иза (Нухь пайхамар) хили баркале лай

    17:3
  4. وَقَضَيْنَا إِلَىٰ بَنِي إِسْرَائِيلَ فِي الْكِتَابِ لَتُفْسِدُنَّ فِي الْأَرْضِ مَرَّتَيْنِ وَلَتَعْلُنَّ عُلُوًّا كَبِيرًا

    Оха хаам бира Исраилан кӀенташка жайни чохь: 'Телхина дерг ца деш йр ма дац шу лаьтта тӀехь шозза‚ курадевр ду шу тх кураллица'‚ аьлла

    17:4
  5. فَإِذَا جَاءَ وَعْدُ أُولَاهُمَا بَعَثْنَا عَلَيْكُمْ عِبَادًا لَنَا أُولِي بَأْسٍ شَدِيدٍ فَجَاسُوا خِلَالَ الدِّيَارِ ۚ وَكَانَ وَعْدًا مَفْعُولًا

    Цу шиннах хьалхара ваӀда еъча‚ Оха шуна тӀе бахкийтира Тхешан леш‚ шайгахь чӀогӀа ницкъ болу‚ чекхбевлира уьш хсамаш чухула- ваӀда кхочушхилира

    17:5
  6. ثُمَّ رَدَدْنَا لَكُمُ الْكَرَّةَ عَلَيْهِمْ وَأَمْدَدْنَاكُمْ بِأَمْوَالٍ وَبَنِينَ وَجَعَلْنَاكُمْ أَكْثَرَ نَفِيرًا

    Тккха /аш тоба динчул тьхьа/ Оха шуьга юхабаккхийтира царна тӀехь толам‚ гӀо дира шуна хьолаца а‚ кӀенташца а‚ шух хилийтира вуно йоккха тоба ( дукха халкъ)

    17:6
  7. إِنْ أَحْسَنْتُمْ أَحْسَنْتُمْ لِأَنْفُسِكُمْ ۖ وَإِنْ أَسَأْتُمْ فَلَهَا ۚ فَإِذَا جَاءَ وَعْدُ الْآخِرَةِ لِيَسُوءُوا وُجُوهَكُمْ وَلِيَدْخُلُوا الْمَسْجِدَ كَمَا دَخَلُوهُ أَوَّلَ مَرَّةٍ وَلِيُتَبِّرُوا مَا عَلَوْا تَتْبِيرًا

    Аш диканиг дича – и диканиг дина шайна‚ аш вониг дича – иза а шуна шайна (зуламе) ду. /Делан/ шолгӀа ваӀда кхочушхилча – /Дала кхин мостагӀий тӀетесира шуна/ цара шун яххьаш эрчаяха‚ маьждига уьш чу баха‚ дуьххьара шаьш бахаре терра‚ дохо шайна дола мел деънарг

    17:7
  8. عَسَىٰ رَبُّكُمْ أَنْ يَرْحَمَكُمْ ۚ وَإِنْ عُدْتُمْ عُدْنَا ۘ وَجَعَلْنَا جَهَنَّمَ لِلْكَافِرِينَ حَصِيرًا

    Шун Кхиош-Кхобучо шух къинхетам бан мега. Шу духадерзахь /къинош дарна/‚ Тхо а духадуьрзур ду /шуна таӀзар дарна/. Оха хилийтина жоьжахати керстанашна набахти /уьш цу чуьра ара ца бовлалуш/

    17:8
  9. إِنَّ هَٰذَا الْقُرْآنَ يَهْدِي لِلَّتِي هِيَ أَقْوَمُ وَيُبَشِّرُ الْمُؤْمِنِينَ الَّذِينَ يَعْمَلُونَ الصَّالِحَاتِ أَنَّ لَهُمْ أَجْرًا كَبِيرًا

    Баккъалла а, хӀокху Къуръано нисво ша уггар нийсадолчунна тӀе‚ кхаъ боккху шаьш диканаш деш болчу муъмин нахана царна йоккха ял хиларца

    17:9
  10. وَأَنَّ الَّذِينَ لَا يُؤْمِنُونَ بِالْآخِرَةِ أَعْتَدْنَا لَهُمْ عَذَابًا أَلِيمًا

    Эхартах ца тешаш берш – Оха царна кечдина лазош долу Ӏазап

    17:10

Гочдар: Магомед Магомедов