Сурат 17 Аль-исраъ (Буса кхарстар), аят 8

  1. عَسَىٰ رَبُّكُمْ أَنْ يَرْحَمَكُمْ ۚ وَإِنْ عُدْتُمْ عُدْنَا ۘ وَجَعَلْنَا جَهَنَّمَ لِلْكَافِرِينَ حَصِيرًا

    Шун Кхиош-Кхобучо шух къинхетам бан мега. Шу духадерзахь /къинош дарна/‚ Тхо а духадуьрзур ду /шуна таIзар дарна/. Оха хилийтина жоьжахати керстанашна набахти /уьш цу чуьра ара ца бовлалуш/

    17:8

Гочдар: Магомед Магомедов