Сурат 17 Аль-исраъ (Буса кхарстар), аят 11 – 22
-
وَيَدْعُ الْإِنْسَانُ بِالشَّرِّ دُعَاءَهُ بِالْخَيْرِ ۖ وَكَانَ الْإِنْسَانُ عَجُولًا
Адамо /шена я шен доьзалхочунна, ша оьгзвахча/ вониг доьхуш доӀа до, ша диканиг доьхуш доӀа даре терра. Адам /шен кхолламехь/ хилла сиха /амал йолуш /
17:11 -
وَجَعَلْنَا اللَّيْلَ وَالنَّهَارَ آيَتَيْنِ ۖ فَمَحَوْنَا آيَةَ اللَّيْلِ وَجَعَلْنَا آيَةَ النَّهَارِ مُبْصِرَةً لِتَبْتَغُوا فَضْلًا مِنْ رَبِّكُمْ وَلِتَعْلَمُوا عَدَدَ السِّنِينَ وَالْحِسَابَ ۚ وَكُلَّ شَيْءٍ فَصَّلْنَاهُ تَفْصِيلًا
Оха хилийтина буьйса а‚ де а ши билгало хилла. Буьйсанан билгало дӀайоккху Оха‚ дийнан билгало гуш йой, шуьга лахийтархьама шайн Кхиош-Кхобучун комаьршонах /рицкъ/‚ шерийн барам а, хьесап а шуна хаийтархьама. Массо а хӀума къастийна Оха кхоччуш болчу къастамца
17:12 -
وَكُلَّ إِنْسَانٍ أَلْزَمْنَاهُ طَائِرَهُ فِي عُنُقِهِ ۖ وَنُخْرِجُ لَهُ يَوْمَ الْقِيَامَةِ كِتَابًا يَلْقَاهُ مَنْشُورًا
Массо а адамна логах хьарчийна Оха шен кхоллам. Оха цунна къематдийнахь жайна гучудоккхур ду – цунна гур ду иза схьадиллина (дуьненахь ша дина диканиг а, вониг а цунна хьалхахь хир ду къематдийнахь)
17:13 -
اقْرَأْ كِتَابَكَ كَفَىٰ بِنَفْسِكَ الْيَوْمَ عَلَيْكَ حَسِيبًا
'Деша хьайн жайна. Хьайн са кхачо хили хьуна тахана хьесап дан' /эр ду цуьнга/
17:14 -
مَنِ اهْتَدَىٰ فَإِنَّمَا يَهْتَدِي لِنَفْسِهِ ۖ وَمَنْ ضَلَّ فَإِنَّمَا يَضِلُّ عَلَيْهَا ۚ وَلَا تَزِرُ وَازِرَةٌ وِزْرَ أُخْرَىٰ ۗ وَمَا كُنَّا مُعَذِّبِينَ حَتَّىٰ نَبْعَثَ رَسُولًا
Нисвелларг – шена нислуш ву. Тилавелларг а – шена тилалуш ву. Хьур бац хьуш волчо кхечуьнан мохь. Тхо ца хилла Ӏазап деш, Оха элча вахийтталц
17:15 -
وَإِذَا أَرَدْنَا أَنْ نُهْلِكَ قَرْيَةً أَمَرْنَا مُتْرَفِيهَا فَفَسَقُوا فِيهَا فَحَقَّ عَلَيْهَا الْقَوْلُ فَدَمَّرْنَاهَا تَدْمِيرًا
Тхуна цхьа юрт хӀаллакъян лиъча‚ Оха /элчанашкахула/ омра до цуьнан /юьртахойн/ хьоладайшка /Далла муьтхь хила, олий/‚ – цара цу чохь (юьртахь) салла йо (Далла)‚ тӀаккха оцунна тӀехь /Делера зап дуссур ду, аьлла долу/ дош бакъхуьлу – тӀаккха Оха иза йохайо кхоччуш
17:16 -
وَكَمْ أَهْلَكْنَا مِنَ الْقُرُونِ مِنْ بَعْدِ نُوحٍ ۗ وَكَفَىٰ بِرَبِّكَ بِذُنُوبِ عِبَادِهِ خَبِيرًا بَصِيرًا
Маса тӀаьхье хӀаллакйина Оха Нухьал тьхьа! Кхачо ю хьан Дела Шен лен къинош сов дика хууш а‚ гуш а хилар
17:17 -
مَنْ كَانَ يُرِيدُ الْعَاجِلَةَ عَجَّلْنَا لَهُ فِيهَا مَا نَشَاءُ لِمَنْ نُرِيدُ ثُمَّ جَعَلْنَا لَهُ جَهَنَّمَ يَصْلَاهَا مَذْمُومًا مَدْحُورًا
Милла а хиллехь дезаш сиханиг – сихдина /лур ду/ Оха цунна цу чохь (дуьненахь) Тхайна луург Тхайна луучунна‚ тӀаккха Оха хилийтина цунна жоьжахати – чугр ву иза цунна /вага/ бехке а хилла‚ сийсаза а волуш (Делан къинхетамах генаваьккхина)
17:18 -
وَمَنْ أَرَادَ الْآخِرَةَ وَسَعَىٰ لَهَا سَعْيَهَا وَهُوَ مُؤْمِنٌ فَأُولَٰئِكَ كَانَ سَعْيُهُمْ مَشْكُورًا
Милла а велахь дезаш тӀаьхьарниг‚ цунна тӀекхача сихвелларг шен къахьегарца, ша тешна а волуш, – уьш бу шайн къахьегар баркалле (декъала) хилларш
17:19 -
كُلًّا نُمِدُّ هَٰؤُلَاءِ وَهَٰؤُلَاءِ مِنْ عَطَاءِ رَبِّكَ ۚ وَمَا كَانَ عَطَاءُ رَبِّكَ مَحْظُورًا
ХӀоранна а ло Оха – хӀокхарна а (дуьне лоьхучарна)‚ вукхарна а (эхарт лоьхучарна) – хьан Кхиош-Кхобучун ниӀматах. Хьан Кхиош-Кхобучун ниӀмат ца хилла дихкина
17:20 -
انْظُرْ كَيْفَ فَضَّلْنَا بَعْضَهُمْ عَلَىٰ بَعْضٍ ۚ وَلَلْآخِرَةُ أَكْبَرُ دَرَجَاتٍ وَأَكْبَرُ تَفْضِيلًا
Хьажал‚ муха базбина Оха царах цхьаберш вукхарал (дуьненан дахарехь)! Ткъа эхарт даржех уггаре доккханиг а ду‚ дозаллах уггаре доккханиг а ду (Делах кхоьруш хиллачарна кечдина долу)
17:21 -
لَا تَجْعَلْ مَعَ اللَّهِ إِلَٰهًا آخَرَ فَتَقْعُدَ مَذْمُومًا مَخْذُولًا
Делаца кхин дела ма ве – /и вахь/ хьо охьахуур ву бехке а хилла‚ (Делера) гӀо доцуш а висина
17:22
Гочдар: Магомед Магомедов