Сурат 17 Аль-исраъ (Буса кхарстар), аят 13

  1. وَكُلَّ إِنْسَانٍ أَلْزَمْنَاهُ طَائِرَهُ فِي عُنُقِهِ ۖ وَنُخْرِجُ لَهُ يَوْمَ الْقِيَامَةِ كِتَابًا يَلْقَاهُ مَنْشُورًا

    Массо а адамна логах хьарчийна Оха шен кхоллам. Оха цунна къематдийнахь жайна гучудоккхур ду – цунна гур ду иза схьадиллина (дуьненахь ша дина диканиг а, вониг а цунна хьалхахь хир ду къематдийнахь)

    17:13

Гочдар: Магомед Магомедов