Сурат 19 Марйам
-
وَاتَّخَذُوا مِنْ دُونِ اللَّهِ آلِهَةً لِيَكُونُوا لَهُمْ عِزًّا
Цара лаьцна Дела воцург /кхин/ делий‚ шайна царах сий хилархьама
19:81 -
كَلَّا ۚ سَيَكْفُرُونَ بِعِبَادَتِهِمْ وَيَكُونُونَ عَلَيْهِمْ ضِدًّا
ХIан-хIа! Церан Iибадатна керстаналла дийр ду цара‚ царна мостагIий хир бу царах /къематдийнахь/
19:82 -
أَلَمْ تَرَ أَنَّا أَرْسَلْنَا الشَّيَاطِينَ عَلَى الْكَافِرِينَ تَؤُزُّهُمْ أَزًّا
Хьуна ца хиъна‚ Оха шайтIанаш дахийтина керстанашна тIе цара уьш луьйра къиношна тIекхойкхуш (уьш царна хаздеш)?
19:83 -
فَلَا تَعْجَلْ عَلَيْهِمْ ۖ إِنَّمَا نَعُدُّ لَهُمْ عَدًّا
Сих ма ло царна. Оха царна дагардеш ду /денош/ дагардарца
19:84 -
يَوْمَ نَحْشُرُ الْمُتَّقِينَ إِلَى الرَّحْمَٰنِ وَفْدًا
Оцу /къемат/дийнахь Оха гулбийр бу /Делах/ кхоьрурш Къинхетамболчунна тIе тIехевшина
19:85 -
وَنَسُوقُ الْمُجْرِمِينَ إِلَىٰ جَهَنَّمَ وِرْدًا
Оха длохкур бу къинош динарш жоьжахате гIаш
19:86 -
لَا يَمْلِكُونَ الشَّفَاعَةَ إِلَّا مَنِ اتَّخَذَ عِنْدَ الرَّحْمَٰنِ عَهْدًا
ШапаIатан да хир вац ша Къинхетамболчуьнгара ваIда эцнарг а бен
19:87 -
وَقَالُوا اتَّخَذَ الرَّحْمَٰنُ وَلَدًا
Цара элира: 'Къинхетамболчо доьзалхо лаьцна /шена/'
19:88 -
لَقَدْ جِئْتُمْ شَيْئًا إِدًّا
Ирча хIума деана аш
19:89 -
تَكَادُ السَّمَاوَاتُ يَتَفَطَّرْنَ مِنْهُ وَتَنْشَقُّ الْأَرْضُ وَتَخِرُّ الْجِبَالُ هَدًّا
Стигланаш этIарна герга ду цунах‚ латта дадарна‚ лаьмнаш доьхна дегарна /герга ду/
19:90 -
أَنْ دَعَوْا لِلرَّحْمَٰنِ وَلَدًا
Цара Къинхетамболчунна доьзалхо кхайкхар бахьанехь
19:91 -
وَمَا يَنْبَغِي لِلرَّحْمَٰنِ أَنْ يَتَّخِذَ وَلَدًا
Там бац Къинхетам болчунна доьзалхо лāца
19:92 -
إِنْ كُلُّ مَنْ فِي السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ إِلَّا آتِي الرَّحْمَٰنِ عَبْدًا
Массо а стигланашкахь а‚ лаьттахь а мел верг ма вац Къинхетам болчунна тIе лай хилла вогIур волуш бен
19:93 -
لَقَدْ أَحْصَاهُمْ وَعَدَّهُمْ عَدًّا
Цо церан хьесап дина‚ багарбина уьш багарбарца
19:94 -
وَكُلُّهُمْ آتِيهِ يَوْمَ الْقِيَامَةِ فَرْدًا
Уьш массо а Цунна тIе богIур бу къематдийнахь шаьш-шаьш
19:95 -
إِنَّ الَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ سَيَجْعَلُ لَهُمُ الرَّحْمَٰنُ وُدًّا
Баккъалла а, ийман диллинарш а‚ дика Iамалш йинарш а – царна Къинхетамболчо безам хуьлуьйтур бу
19:96 -
فَإِنَّمَا يَسَّرْنَاهُ بِلِسَانِكَ لِتُبَشِّرَ بِهِ الْمُتَّقِينَ وَتُنْذِرَ بِهِ قَوْمًا لُدًّا
Баккъалла а, Оха атта дина и (Къуръан), хьан маттахь хьоьга /Делах/ кхоьручарна цуьнца кхаъ баккхийта‚ луьрачу къомана цуьнца кхерам тасийта
19:97 -
وَكَمْ أَهْلَكْنَا قَبْلَهُمْ مِنْ قَرْنٍ هَلْ تُحِسُّ مِنْهُمْ مِنْ أَحَدٍ أَوْ تَسْمَعُ لَهُمْ رِكْزًا
Мел хIаллакйина Оха царал хьалха тIаьхьенаш! Хаалой хьуна царах цхьа а‚ я хезий хьуна церан тата а?
19:98
Гочдар: Магомед Магомедов