Сурат 20 ТахIа
-
خَالِدِينَ فِيهِ ۖ وَسَاءَ لَهُمْ يَوْمَ الْقِيَامَةِ حِمْلًا
Гуттар лаьтташ цу /жоьжахати/ чохь – вон хили царна къематдийнахь мохь
20:101 -
يَوْمَ يُنْفَخُ فِي الصُّورِ ۚ وَنَحْشُرُ الْمُجْرِمِينَ يَوْمَئِذٍ زُرْقًا
Оцу дийнахь сур локхур ю‚ Оха гулбийр бу оцу дийнахь къинош динарш /бIаьргаш/ сенбелла
20:102 -
يَتَخَافَتُونَ بَيْنَهُمْ إِنْ لَبِثْتُمْ إِلَّا عَشْرًا
Вовшашка шабар-шибар дийр ду цара: 'Аша-м ца даьккхира /цигахь/ итт /де/ бен'
20:103 -
نَحْنُ أَعْلَمُ بِمَا يَقُولُونَ إِذْ يَقُولُ أَمْثَلُهُمْ طَرِيقَةً إِنْ لَبِثْتُمْ إِلَّا يَوْمًا
Тхо дика хууш ду цара олург. Царах леларца уггар тоьллачара эр ду: 'Аша-м цхьа /де/ бен ца даьккхина'
20:104 -
وَيَسْأَلُونَكَ عَنِ الْجِبَالِ فَقُلْ يَنْسِفُهَا رَبِّي نَسْفًا
Цара хоьтту хьоьга лаьмнех лаьцна‚ ахь āла: 'Дохийна даржор ду уьш сан Кхиош-кхобучо'
20:105 -
فَيَذَرُهَا قَاعًا صَفْصَفًا
Дуьтур ду Цо уьш нийса яьсса меттиг хилла
20:106 -
لَا تَرَىٰ فِيهَا عِوَجًا وَلَا أَمْتًا
Хьуна гур яц цигахь лохе а‚ лакхе а
20:107 -
يَوْمَئِذٍ يَتَّبِعُونَ الدَّاعِيَ لَا عِوَجَ لَهُ ۖ وَخَشَعَتِ الْأَصْوَاتُ لِلرَّحْمَٰنِ فَلَا تَسْمَعُ إِلَّا هَمْسًا
Оцу дийнахь уьш тIаьхьахIуьттур бу кхойкхучунна‚ шех юьстахбовлийла доцуш‚ аьзнаш мукIар хир ду Ша сов къинхетаме волчунна (Далла)‚ хьуна хезар дац шабар-шибар бен
20:108 -
يَوْمَئِذٍ لَا تَنْفَعُ الشَّفَاعَةُ إِلَّا مَنْ أَذِنَ لَهُ الرَّحْمَٰنُ وَرَضِيَ لَهُ قَوْلًا
Оцу дийнахь пайда бийр бац шапаIато Ша сов къинхетаме волчо шена пурба деллачунна бен‚ шен дашна Иза реза хиллачунна бен
20:109 -
يَعْلَمُ مَا بَيْنَ أَيْدِيهِمْ وَمَا خَلْفَهُمْ وَلَا يُحِيطُونَ بِهِ عِلْمًا
Цунна (Далла) хаьа царал хьалха хилларг а‚ царал тIаьхьа хиндерг а‚ уьш тIаьхьакхуьур бац Цунах Iилманца
20:110 -
وَعَنَتِ الْوُجُوهُ لِلْحَيِّ الْقَيُّومِ ۖ وَقَدْ خَابَ مَنْ حَمَلَ ظُلْمًا
Яххьаш мукIар хилира Ша дийна волчунна, Ша /Iаламийн гIуллакхашна/ дхIоьттийна волчунна (Далла), дог диллина висира зулам деанарг (Делаца накъост лаьцнарг)
20:111 -
وَمَنْ يَعْمَلْ مِنَ الصَّالِحَاتِ وَهُوَ مُؤْمِنٌ فَلَا يَخَافُ ظُلْمًا وَلَا هَضْمًا
Ша диканаш динарг‚ ша муъмин волуш – и кхоьрур вац зуламах а‚ эшамах а
20:112 -
وَكَذَٰلِكَ أَنْزَلْنَاهُ قُرْآنًا عَرَبِيًّا وَصَرَّفْنَا فِيهِ مِنَ الْوَعِيدِ لَعَلَّهُمْ يَتَّقُونَ أَوْ يُحْدِثُ لَهُمْ ذِكْرًا
Иштта охьадоссийра Оха и Iаьрбийн Дешар дина‚ цу чохь кхерамаш билгалбехира Оха, уьш кхоьрур бацара-те‚ аьлла‚ я цо царна /шайл хьалха хилларш хIаллакхилар/ дагадойтур дацара-те‚ аьлла
20:113 -
فَتَعَالَى اللَّهُ الْمَلِكُ الْحَقُّ ۗ وَلَا تَعْجَلْ بِالْقُرْآنِ مِنْ قَبْلِ أَنْ يُقْضَىٰ إِلَيْكَ وَحْيُهُ ۖ وَقُلْ رَبِّ زِدْنِي عِلْمًا
Лакхавели Дела – Ша бакъволу паччахь! Сих ма ло Къуръанца хьайга Цуьнан вехьи чекхдаллалц‚ āла: 'Со Кхиош-кхобушверг‚ совваккха со Iилманца'
20:114 -
وَلَقَدْ عَهِدْنَا إِلَىٰ آدَمَ مِنْ قَبْلُ فَنَسِيَ وَلَمْ نَجِدْ لَهُ عَزْمًا
Оха ваIда йинера хьалха Āдамца а – цунна и йицъелира. Тхуна ца карийра цуьнгахь чIогIалла
20:115 -
وَإِذْ قُلْنَا لِلْمَلَائِكَةِ اسْجُدُوا لِآدَمَ فَسَجَدُوا إِلَّا إِبْلِيسَ أَبَىٰ
Хьахаде! Оха аьллера маликашка: 'Сужуд де Āдамна'. Цара сужуд дира, иблис доцчо – и дуьхьалхилира /сужуд дан/
20:116 -
فَقُلْنَا يَا آدَمُ إِنَّ هَٰذَا عَدُوٌّ لَكَ وَلِزَوْجِكَ فَلَا يُخْرِجَنَّكُمَا مِنَ الْجَنَّةِ فَتَشْقَىٰ
Оха элира: 'ХIай Āдам‚ баккъалла а, хIара /иблис/ мостагI ду хьуна а‚ хьан зудчунна а‚ цо даххане а ялсамани чуьра ара ма дохийла шуьшиъ – тIаккха дакъазавер ву хьо
20:117 -
إِنَّ لَكَ أَلَّا تَجُوعَ فِيهَا وَلَا تَعْرَىٰ
Хьуна цу /ялсамани/ чохь мацлойла а дац‚ верза-тIерза (верзийна) вуьсийла а дац
20:118 -
وَأَنَّكَ لَا تَظْمَأُ فِيهَا وَلَا تَضْحَىٰ
Хьо цу чохь хьаглур а вац‚ /маьлхан/ йовхоно вагор а вац'
20:119 -
فَوَسْوَسَ إِلَيْهِ الشَّيْطَانُ قَالَ يَا آدَمُ هَلْ أَدُلُّكَ عَلَىٰ شَجَرَةِ الْخُلْدِ وَمُلْكٍ لَا يَبْلَىٰ
ШайтIа тIедирзира цунна /тилаван/‚ элира: 'ХIай Āдам‚ ас тIенисвой хьо гуттаренан а‚ ша чекхдер доцчу паччахьаллин а диттана тIе?'
20:120
Гочдар: Магомед Магомедов