Сурат 22 Аль-хьадж (Хьаьждехкар)

  1. ذَٰلِكَ بِأَنَّ اللَّهَ يُولِجُ اللَّيْلَ فِي النَّهَارِ وَيُولِجُ النَّهَارَ فِي اللَّيْلِ وَأَنَّ اللَّهَ سَمِيعٌ بَصِيرٌ

    И /гIо ду/ Дела хиларна буьйса денна чуялош‚ де буьйсанна чудалош‚ Дела хиларна хезаш верг а‚ гуш верг а

    22:61
  2. ذَٰلِكَ بِأَنَّ اللَّهَ هُوَ الْحَقُّ وَأَنَّ مَا يَدْعُونَ مِنْ دُونِهِ هُوَ الْبَاطِلُ وَأَنَّ اللَّهَ هُوَ الْعَلِيُّ الْكَبِيرُ

    И /гIо ду/ Дела – Иза хиларна бакъдерг‚ И витина, цара /шега/ кхойкхург – и хиларна харцдерг‚ Дела – Иза хиларна лекха верг а‚ воккха верг а

    22:62
  3. أَلَمْ تَرَ أَنَّ اللَّهَ أَنْزَلَ مِنَ السَّمَاءِ مَاءً فَتُصْبِحُ الْأَرْضُ مُخْضَرَّةً ۗ إِنَّ اللَّهَ لَطِيفٌ خَبِيرٌ

    Хьуна ца го Дала доссийна стиглара хи – тIаккха лаьтта хуьлу сенделла. Баккъалла а, Дела ву /Шен лешна рицкъ даларехь/ дика кхеташ верг а‚ /церан дегнашкахь долу хманах сиха догдиллар/ дика девзаш верг а

    22:63
  4. لَهُ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَمَا فِي الْأَرْضِ ۗ وَإِنَّ اللَّهَ لَهُوَ الْغَنِيُّ الْحَمِيدُ

    Цуьнан ду стигланашкахь дерг а‚ лаьттахь дерг а. Баккъалла а, Дела – И ву хьоле верг а‚ хастаме верг а

    22:64
  5. أَلَمْ تَرَ أَنَّ اللَّهَ سَخَّرَ لَكُمْ مَا فِي الْأَرْضِ وَالْفُلْكَ تَجْرِي فِي الْبَحْرِ بِأَمْرِهِ وَيُمْسِكُ السَّمَاءَ أَنْ تَقَعَ عَلَى الْأَرْضِ إِلَّا بِإِذْنِهِ ۗ إِنَّ اللَّهَ بِالنَّاسِ لَرَءُوفٌ رَحِيمٌ

    Хьуна ца хиъна Дала шуна болх бойтуш хилар лаьттахь мел долчуьнга а‚ кемане а – лела и хIорда чухула Цуьнан омраца. Цо сацайо стигал лаьтта тIе йожарх‚ Шен пурбанца а бен. Баккъалла а, Дела нахана диканиг лууш верг а (и йоллу хма шуна муьтхь ярца)‚ къинхетаме верг а ву

    22:65
  6. وَهُوَ الَّذِي أَحْيَاكُمْ ثُمَّ يُمِيتُكُمْ ثُمَّ يُحْيِيكُمْ ۗ إِنَّ الْإِنْسَانَ لَكَفُورٌ

    И ву шуна дахар делларг‚ тIаккха долуьйту Цо шу‚ тIаккха /юха/ дендийр ду. Баккъалла а, адам – чг керста ду-кх

    22:66
  7. لِكُلِّ أُمَّةٍ جَعَلْنَا مَنْسَكًا هُمْ نَاسِكُوهُ ۖ فَلَا يُنَازِعُنَّكَ فِي الْأَمْرِ ۚ وَادْعُ إِلَىٰ رَبِّكَ ۖ إِنَّكَ لَعَلَىٰ هُدًى مُسْتَقِيمٍ

    ХIор умматана Оха хилийтина Iибадат ден меттиг‚ цара шена Iибадат а деш. Хьоьца ма къуьсийла цара гIуллакхехь. Хьан Кхиош-кхобучуьнга кхайкха /уьш/. Баккъалла а, хьо нийсачу новкъахь ма ву

    22:67
  8. وَإِنْ جَادَلُوكَ فَقُلِ اللَّهُ أَعْلَمُ بِمَا تَعْمَلُونَ

    Цара хьоьца къийсахь‚ ахь āла: 'Далла дика хаьа аш деш дерг'

    22:68
  9. اللَّهُ يَحْكُمُ بَيْنَكُمْ يَوْمَ الْقِيَامَةِ فِيمَا كُنْتُمْ فِيهِ تَخْتَلِفُونَ

    Дала хьукам дийр ду шуна юккъехь къематдийнахь шуна шегахь хилпало хиллачохь

    22:69
  10. أَلَمْ تَعْلَمْ أَنَّ اللَّهَ يَعْلَمُ مَا فِي السَّمَاءِ وَالْأَرْضِ ۗ إِنَّ ذَٰلِكَ فِي كِتَابٍ ۚ إِنَّ ذَٰلِكَ عَلَى اللَّهِ يَسِيرٌ

    Хьуна ца хаьа Дела хууш вуйла стиглахь а‚ лаьттахь а мел дерг? Баккъалла а, иза /Лавхь махьфуз/ жайна чохь ду. Баккъалла а, иза Далла атта ду

    22:70
  11. وَيَعْبُدُونَ مِنْ دُونِ اللَّهِ مَا لَمْ يُنَزِّلْ بِهِ سُلْطَانًا وَمَا لَيْسَ لَهُمْ بِهِ عِلْمٌ ۗ وَمَا لِلظَّالِمِينَ مِنْ نَصِيرٍ

    Цара Iибадат до‚ Дела а вуьтий‚ Цо шеца цхьа а делил ца доссийнчунна‚ шайна шех лаьцна цхьа а Iилма доцучунна. Ма вац зуламхошна цхьа а гIоьнча

    22:71
  12. وَإِذَا تُتْلَىٰ عَلَيْهِمْ آيَاتُنَا بَيِّنَاتٍ تَعْرِفُ فِي وُجُوهِ الَّذِينَ كَفَرُوا الْمُنْكَرَ ۖ يَكَادُونَ يَسْطُونَ بِالَّذِينَ يَتْلُونَ عَلَيْهِمْ آيَاتِنَا ۗ قُلْ أَفَأُنَبِّئُكُمْ بِشَرٍّ مِنْ ذَٰلِكُمُ ۗ النَّارُ وَعَدَهَا اللَّهُ الَّذِينَ كَفَرُوا ۖ وَبِئْسَ الْمَصِيرُ

    Шайна тIехь Тхан билгала долу аяташ дешча‚ хьуна хаало цатешачеран яххьашкахь инкарло. Лата кийча бу уьш шайна тIехь Тхан аяташ доьшучаьрца. Ахь āла: 'Ас дуьйций шуна цул вочух? – ЦIе ю, Дала цатешначарна ваIда йина йолу‚ ма вон тIекхачар ду-кх!'

    22:72
  13. يَا أَيُّهَا النَّاسُ ضُرِبَ مَثَلٌ فَاسْتَمِعُوا لَهُ ۚ إِنَّ الَّذِينَ تَدْعُونَ مِنْ دُونِ اللَّهِ لَنْ يَخْلُقُوا ذُبَابًا وَلَوِ اجْتَمَعُوا لَهُ ۖ وَإِنْ يَسْلُبْهُمُ الذُّبَابُ شَيْئًا لَا يَسْتَنْقِذُوهُ مِنْهُ ۚ ضَعُفَ الطَّالِبُ وَالْمَطْلُوبُ

    ХIай нах! Масал далийна‚ ладогIа цуьнга. Баккъалла а, Дела а витина‚ аш /шега/ кхойкхучо цхьаьллига цхьа моза а кхуллур бац‚ уьш цунна гулбелча а. Мозано шайгара цхьа хIума яьккхича, – иза цуьнгара юха ца яккхало царна. Ледара ваьлла лоьхург а‚ шегара лоьхург а

    22:73
  14. مَا قَدَرُوا اللَّهَ حَقَّ قَدْرِهِ ۗ إِنَّ اللَّهَ لَقَوِيٌّ عَزِيزٌ

    Цара ца вазвира Дела ша вазван ма-веззара. Баккъалла а, Дела нуьцкъала верг а ву‚ веза верг а ву

    22:74
  15. اللَّهُ يَصْطَفِي مِنَ الْمَلَائِكَةِ رُسُلًا وَمِنَ النَّاسِ ۚ إِنَّ اللَّهَ سَمِيعٌ بَصِيرٌ

    Дала хоржу маликех а /пайхамаршка/ элчанаш‚ нахах а /нахе элчанаш/. Баккъалла а‚ Дела хезаш верг а ву‚ гуш верг а ву

    22:75
  16. يَعْلَمُ مَا بَيْنَ أَيْدِيهِمْ وَمَا خَلْفَهُمْ ۗ وَإِلَى اللَّهِ تُرْجَعُ الْأُمُورُ

    Цунна хаьа царал хьалха хилларг а‚ царал тIаьхьа хиндерг а. Деле ддоьрзу гIуллакхаш

    22:76
  17. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا ارْكَعُوا وَاسْجُدُوا وَاعْبُدُوا رَبَّكُمْ وَافْعَلُوا الْخَيْرَ لَعَلَّكُمْ تُفْلِحُونَ ۩

    ХIай ийман диллинарш! РукIе гIо‚ суждане гIо‚ Iибадат де шайн Кхиош-кхобучунна‚ диканиг де шу даккхийден там бу

    22:77
  18. وَجَاهِدُوا فِي اللَّهِ حَقَّ جِهَادِهِ ۚ هُوَ اجْتَبَاكُمْ وَمَا جَعَلَ عَلَيْكُمْ فِي الدِّينِ مِنْ حَرَجٍ ۚ مِلَّةَ أَبِيكُمْ إِبْرَاهِيمَ ۚ هُوَ سَمَّاكُمُ الْمُسْلِمِينَ مِنْ قَبْلُ وَفِي هَٰذَا لِيَكُونَ الرَّسُولُ شَهِيدًا عَلَيْكُمْ وَتَكُونُوا شُهَدَاءَ عَلَى النَّاسِ ۚ فَأَقِيمُوا الصَّلَاةَ وَآتُوا الزَّكَاةَ وَاعْتَصِمُوا بِاللَّهِ هُوَ مَوْلَاكُمْ ۖ فَنِعْمَ الْمَوْلَىٰ وَنِعْمَ النَّصِيرُ

    Къахьега Делехь ша къахьега ма-деззара‚ Цо шу хаьржина‚ ца йина шуна динехь цхьа а хало‚ шун ден ИбрахIиман миллатах /ду и шун дин/‚ Цо (Далла) аьлла шух бусалбанаш хьалха а‚ хIокху /Къуръан/ чохь а‚ элча шуна тIехь теш хилийтархьама‚ шу а тешаш хилийтархьама нахана тIехь. Ламаз хIоттаде‚ закат ло‚ Делаца чIагIло. И ву шун вали – дика вали а ву‚ дика гIоьнча а ву

    22:78

Гочдар: Магомед Магомедов