Мусхаф., агӏо 339
-
الْمُلْكُ يَوْمَئِذٍ لِلَّهِ يَحْكُمُ بَيْنَهُمْ ۚ فَالَّذِينَ آمَنُوا وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ فِي جَنَّاتِ النَّعِيمِ
Паччахьалла оцу дийнахь Делан ду‚ Цо хьукам дийр ду царна юккъехь. Ткъа ийман диллинарш а‚ дика Iамалш йинарш а – ниIматан бошмашкахь хир бу
22:56 -
وَالَّذِينَ كَفَرُوا وَكَذَّبُوا بِآيَاتِنَا فَأُولَٰئِكَ لَهُمْ عَذَابٌ مُهِينٌ
Цатешнарш а‚ Тхан аяташ харцдинарш а – уьш бу шайна сийсаза долу Iазап хир дерш
22:57 -
وَالَّذِينَ هَاجَرُوا فِي سَبِيلِ اللَّهِ ثُمَّ قُتِلُوا أَوْ مَاتُوا لَيَرْزُقَنَّهُمُ اللَّهُ رِزْقًا حَسَنًا ۚ وَإِنَّ اللَّهَ لَهُوَ خَيْرُ الرَّازِقِينَ
Делан новкъахь дIакхелхинарш‚ тIаккха байинарш я белларш – даллане а хаза рицкъ лур ду царна Дала. Баккъалла а, Дела – И ву-кх рицкъ лучарах уггар диканиг
22:58 -
لَيُدْخِلَنَّهُمْ مُدْخَلًا يَرْضَوْنَهُ ۗ وَإِنَّ اللَّهَ لَعَلِيمٌ حَلِيمٌ
Цо бохканне а чубухкур бу уьш шаьш шайна реза долчу чугIойлина (ялсамани чу). Баккъалла а, Дела ма ву хуург а‚ дукха собаре верг а /царна Iазап ца деш/
22:59 -
ذَٰلِكَ وَمَنْ عَاقَبَ بِمِثْلِ مَا عُوقِبَ بِهِ ثُمَّ بُغِيَ عَلَيْهِ لَيَنْصُرَنَّهُ اللَّهُ ۗ إِنَّ اللَّهَ لَعَفُوٌّ غَفُورٌ
Иштта ду иза. Милла велахь а /муъмин нахах/ ша шена /керстанаша/ динчул /царна/ таIзар а дина‚ тIаккха шена /цара юха а/ зулам дина – данне а цунна гIодийр ду Дала. Баккъалла а, Дела къинтIераволург а ву‚ гечдийриг а ву
22:60 -
ذَٰلِكَ بِأَنَّ اللَّهَ يُولِجُ اللَّيْلَ فِي النَّهَارِ وَيُولِجُ النَّهَارَ فِي اللَّيْلِ وَأَنَّ اللَّهَ سَمِيعٌ بَصِيرٌ
И /гIо ду/ Дела хиларна буьйса денна чуялош‚ де буьйсанна чудалош‚ Дела хиларна хезаш верг а‚ гуш верг а
22:61 -
ذَٰلِكَ بِأَنَّ اللَّهَ هُوَ الْحَقُّ وَأَنَّ مَا يَدْعُونَ مِنْ دُونِهِ هُوَ الْبَاطِلُ وَأَنَّ اللَّهَ هُوَ الْعَلِيُّ الْكَبِيرُ
И /гIо ду/ Дела – Иза хиларна бакъдерг‚ И витина, цара /шега/ кхойкхург – и хиларна харцдерг‚ Дела – Иза хиларна лекха верг а‚ воккха верг а
22:62 -
أَلَمْ تَرَ أَنَّ اللَّهَ أَنْزَلَ مِنَ السَّمَاءِ مَاءً فَتُصْبِحُ الْأَرْضُ مُخْضَرَّةً ۗ إِنَّ اللَّهَ لَطِيفٌ خَبِيرٌ
Хьуна ца го Дала доссийна стиглара хи – тIаккха лаьтта хуьлу сенделла. Баккъалла а, Дела ву /Шен лешна рицкъ даларехь/ дика кхеташ верг а‚ /церан дегнашкахь долу хманах сиха догдиллар/ дика девзаш верг а
22:63 -
لَهُ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَمَا فِي الْأَرْضِ ۗ وَإِنَّ اللَّهَ لَهُوَ الْغَنِيُّ الْحَمِيدُ
Цуьнан ду стигланашкахь дерг а‚ лаьттахь дерг а. Баккъалла а, Дела – И ву хьоле верг а‚ хастаме верг а
22:64
Гочдар: Магомед Магомедов