Сурат 24 Ан-нур (Нур)

  1. سُورَةٌ أَنْزَلْنَاهَا وَفَرَضْنَاهَا وَأَنْزَلْنَا فِيهَا آيَاتٍ بَيِّنَاتٍ لَعَلَّكُمْ تَذَكَّرُونَ

    Сурат ду Оха ша доссийна долу‚ Оха /шен хьукамаш кхочушдар/ фарз дина долу‚ Оха доссийна цу чохь билгала долу аяташ – аш ойла йийр яцара-те!

    24:1
  2. الزَّانِيَةُ وَالزَّانِي فَاجْلِدُوا كُلَّ وَاحِدٍ مِنْهُمَا مِائَةَ جَلْدَةٍ ۖ وَلَا تَأْخُذْكُمْ بِهِمَا رَأْفَةٌ فِي دِينِ اللَّهِ إِنْ كُنْتُمْ تُؤْمِنُونَ بِاللَّهِ وَالْيَوْمِ الْآخِرِ ۖ وَلْيَشْهَدْ عَذَابَهُمَا طَائِفَةٌ مِنَ الْمُؤْمِنِينَ

    Кхахьпа лела зуда а‚ кхахьпа лела стаг а – тоха цу шиннах хIоранна бIе гIаж. Шун ма хуьлийла цу шиннах доглазар Делан динехь‚ нагахь санна шу хиллехь тешаш Делах а‚ эхар /догIур долчу/ дийнах а. Церан шиннан а таIзар гойла муъмин нахах цхьана тобанна

    24:2
  3. الزَّانِي لَا يَنْكِحُ إِلَّا زَانِيَةً أَوْ مُشْرِكَةً وَالزَّانِيَةُ لَا يَنْكِحُهَا إِلَّا زَانٍ أَوْ مُشْرِكٌ ۚ وَحُرِّمَ ذَٰلِكَ عَلَى الْمُؤْمِنِينَ

    Кхахьпа лелачу стага ялор яц кхахьпа лела зуда я /Делаца/ накъост лоцу зуда а бен‚ кхахьпа лела зуда юьгур яц кхахьпа лелачу стага я /Делаца/ накъост лоцучу стага а бен‚ – хьарам дина иза муъмин нахана

    24:3
  4. وَالَّذِينَ يَرْمُونَ الْمُحْصَنَاتِ ثُمَّ لَمْ يَأْتُوا بِأَرْبَعَةِ شُهَدَاءَ فَاجْلِدُوهُمْ ثَمَانِينَ جَلْدَةً وَلَا تَقْبَلُوا لَهُمْ شَهَادَةً أَبَدًا ۚ وَأُولَٰئِكَ هُمُ الْفَاسِقُونَ

    Оьздачу зударшна тIе бехк кхуьссуш берш /уьш нахаца лела аьлла/‚ тIаккха цара виъ теш ца валавахь – тоха царна езтIкъа гIаж. Кхин церан тешалла къобал ма делаш цкъа а. Уьш – песакъаш бу

    24:4
  5. إِلَّا الَّذِينَ تَابُوا مِنْ بَعْدِ ذَٰلِكَ وَأَصْلَحُوا فَإِنَّ اللَّهَ غَفُورٌ رَحِيمٌ

    Шаьш цул тIаьхьа тōба а дина‚ дика Iамал йинарш боцурш – тIаккха‚ баккъалла‚ Дела тх гечдийриг а ву‚ къинхетаме верг а ву

    24:5
  6. وَالَّذِينَ يَرْمُونَ أَزْوَاجَهُمْ وَلَمْ يَكُنْ لَهُمْ شُهَدَاءُ إِلَّا أَنْفُسُهُمْ فَشَهَادَةُ أَحَدِهِمْ أَرْبَعُ شَهَادَاتٍ بِاللَّهِ ۙ إِنَّهُ لَمِنَ الصَّادِقِينَ

    Шайн зударшна бехк кхуьссуш берш‚ шайна тешаш боцуш‚ шаьш бен‚ – царах цхьанно тешалла дойла Делаца доьазза‚ баккъалла а‚ ша бакълуьйчарах ма ву‚ аьлла

    24:6
  7. وَالْخَامِسَةُ أَنَّ لَعْنَتَ اللَّهِ عَلَيْهِ إِنْ كَانَ مِنَ الْكَاذِبِينَ

    ПхоьазлагIа Делан неIалт хуьлда шена‚ нагахь санна ша хиллехь харцлуьйчарах‚ аьлла

    24:7
  8. وَيَدْرَأُ عَنْهَا الْعَذَابَ أَنْ تَشْهَدَ أَرْبَعَ شَهَادَاتٍ بِاللَّهِ ۙ إِنَّهُ لَمِنَ الْكَاذِبِينَ

    Цунах (зудчух) таIзар духатухур ду цо тешалла дарца Делаца диъ тешаллица‚ баккъалла а‚ иза (и шен мар) харцлуьйчарах ма ву‚ аьлла

    24:8
  9. وَالْخَامِسَةَ أَنَّ غَضَبَ اللَّهِ عَلَيْهَا إِنْ كَانَ مِنَ الصَّادِقِينَ

    ПхоьазлагIа Делан оьгIазло хуьлийла шена тIехь‚ нагахь санна и хиллехь бакълуьйчарах‚ аьлла

    24:9
  10. وَلَوْلَا فَضْلُ اللَّهِ عَلَيْكُمْ وَرَحْمَتُهُ وَأَنَّ اللَّهَ تَوَّابٌ حَكِيمٌ

    Делан комаьршалла а, Цуьнан къинхетам а ца хиллехьара шуна тIехь‚ И Дела тōба тх/дукха/ къобалдийриг а‚ хьукам /нийса/ дийриг ца хиллехьара /хIаллакхир дара шу/

    24:10
  11. إِنَّ الَّذِينَ جَاءُوا بِالْإِفْكِ عُصْبَةٌ مِنْكُمْ ۚ لَا تَحْسَبُوهُ شَرًّا لَكُمْ ۖ بَلْ هُوَ خَيْرٌ لَكُمْ ۚ لِكُلِّ امْرِئٍ مِنْهُمْ مَا اكْتَسَبَ مِنَ الْإِثْمِ ۚ وَالَّذِي تَوَلَّىٰ كِبْرَهُ مِنْهُمْ لَهُ عَذَابٌ عَظِيمٌ

    Баккъалла а, и эладита деънарш – шух цхьа тоба ма ю. Шуна ма мотталаш и шуна вон ду. ХIаъ‚ и шуна дика ду. Царах хIор стагана къинах ша карадинарг ду. Царах шена тIе цуьнан (къинан) доккханиг лаьцнарг – цунна доккха долу Iазап ду

    24:11
  12. لَوْلَا إِذْ سَمِعْتُمُوهُ ظَنَّ الْمُؤْمِنُونَ وَالْمُؤْمِنَاتُ بِأَنْفُسِهِمْ خَيْرًا وَقَالُوا هَٰذَا إِفْكٌ مُبِينٌ

    И шайна хезча, хIунда ца моьттура муъмин божаршна а‚ муъмин зударшна а шайн дегнашкахь диканиг‚ цара хIунда ца элира: 'ХIара билггала эладита ду-кх?'

    24:12
  13. لَوْلَا جَاءُوا عَلَيْهِ بِأَرْبَعَةِ شُهَدَاءَ ۚ فَإِذْ لَمْ يَأْتُوا بِالشُّهَدَاءِ فَأُولَٰئِكَ عِنْدَ اللَّهِ هُمُ الْكَاذِبُونَ

    Виъ теш валийнехьара цара цунна тIехь. Цара тешаш ца балабахь, – уьш бу Далла гергахь шаьш харцлуьйш берш

    24:13
  14. وَلَوْلَا فَضْلُ اللَّهِ عَلَيْكُمْ وَرَحْمَتُهُ فِي الدُّنْيَا وَالْآخِرَةِ لَمَسَّكُمْ فِي مَا أَفَضْتُمْ فِيهِ عَذَابٌ عَظِيمٌ

    Делан комаьршалла а‚ Цуьнан къинхетам а ца хиллехьара шайна тIехь дуьненахь а‚ эхартахь а‚ шу лаьцна хир дара аш тIех дийцинчохь деза-доккхачу Iазапо

    24:14
  15. إِذْ تَلَقَّوْنَهُ بِأَلْسِنَتِكُمْ وَتَقُولُونَ بِأَفْوَاهِكُمْ مَا لَيْسَ لَكُمْ بِهِ عِلْمٌ وَتَحْسَبُونَهُ هَيِّنًا وَهُوَ عِنْدَ اللَّهِ عَظِيمٌ

    Аш тIе ма лоцу и шайн маттаца‚ ма дуьйцу шайн баганашца шайна шеца цхьа а Iилма доцург‚ шуна моьтту и атта ду‚ иза Далла гергахь деза- доккха ду

    24:15
  16. وَلَوْلَا إِذْ سَمِعْتُمُوهُ قُلْتُمْ مَا يَكُونُ لَنَا أَنْ نَتَكَلَّمَ بِهَٰذَا سُبْحَانَكَ هَٰذَا بُهْتَانٌ عَظِيمٌ

    Шайна иза хезча, аш хIунда ца элира: 'Тхуна мегар дац иза дийца. Вонах цIена ву Хьо‚ ма деза-доккха эладита ду-кх хIара'

    24:16
  17. يَعِظُكُمُ اللَّهُ أَنْ تَعُودُوا لِمِثْلِهِ أَبَدًا إِنْ كُنْتُمْ مُؤْمِنِينَ

    Дала хьоьху шуна ишттачунна тIе шу цкъа а цадерзар‚ шу муъмин нах делахь

    24:17
  18. وَيُبَيِّنُ اللَّهُ لَكُمُ الْآيَاتِ ۚ وَاللَّهُ عَلِيمٌ حَكِيمٌ

    Дала билгалдо шуна аяташ. Дела хууш верг а‚ хьукам /нийса/ деш верг а ву

    24:18
  19. إِنَّ الَّذِينَ يُحِبُّونَ أَنْ تَشِيعَ الْفَاحِشَةُ فِي الَّذِينَ آمَنُوا لَهُمْ عَذَابٌ أَلِيمٌ فِي الدُّنْيَا وَالْآخِرَةِ ۚ وَاللَّهُ يَعْلَمُ وَأَنْتُمْ لَا تَعْلَمُونَ

    Баккъалла а, ийман диллинчаьргахь боьханиг даржа лууш берш – царна лазош долу Iазап хир ду дуьненахь а‚ эхартахь а. Далла хаьа‚ шуна хаац

    24:19
  20. وَلَوْلَا فَضْلُ اللَّهِ عَلَيْكُمْ وَرَحْمَتُهُ وَأَنَّ اللَّهَ رَءُوفٌ رَحِيمٌ

    Делан коьмаьршалла а‚ Цуьнан къинхетам а шайна ца хиллехьара, и Дела диканиг лууш а‚ къинхетаме а вацахьара /хIаллакхир дара шу/

    24:20

Гочдар: Магомед Магомедов