Сурат 24 Ан-нур (Нур)
-
يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا لَا تَتَّبِعُوا خُطُوَاتِ الشَّيْطَانِ ۚ وَمَنْ يَتَّبِعْ خُطُوَاتِ الشَّيْطَانِ فَإِنَّهُ يَأْمُرُ بِالْفَحْشَاءِ وَالْمُنْكَرِ ۚ وَلَوْلَا فَضْلُ اللَّهِ عَلَيْكُمْ وَرَحْمَتُهُ مَا زَكَىٰ مِنْكُمْ مِنْ أَحَدٍ أَبَدًا وَلَٰكِنَّ اللَّهَ يُزَكِّي مَنْ يَشَاءُ ۗ وَاللَّهُ سَمِيعٌ عَلِيمٌ
ХIай ийман диллинарш! ШайтIанан гIулчашна тIаьхьа ма хIитталаш. ШайтIанан гIулчашна тIаьхьахIоьттинарг – баккъалла цо хьоьху боьханиг а‚ инкарло а. Шайна тIехь Делан коьмаршалла а‚ Цуьнан къинхетам а ца хиллехьара, шух цхьа а цкъа а цIанлур ма вацара. Делахь а, Дала цIанво Шена луург. Дела хозуш верг а‚ хууш верг а ву
24:21 -
وَلَا يَأْتَلِ أُولُو الْفَضْلِ مِنْكُمْ وَالسَّعَةِ أَنْ يُؤْتُوا أُولِي الْقُرْبَىٰ وَالْمَسَاكِينَ وَالْمُهَاجِرِينَ فِي سَبِيلِ اللَّهِ ۖ وَلْيَعْفُوا وَلْيَصْفَحُوا ۗ أَلَا تُحِبُّونَ أَنْ يَغْفِرَ اللَّهُ لَكُمْ ۗ وَاللَّهُ غَفُورٌ رَحِيمٌ
Дуй ма боийла шух шегахь коьмаьршалла а‚ хьал а долчо гергарчарна а‚ мискачарна а‚ Делан новкъахь дIакхелхиначарна а /сагIа/ лур дац, алий. КъинтIера болийла уьш‚ бехказбохийла цара. Шуна ца деза Дала шайна гечдар? Дела тх гечдийриг а ву‚ къинхетаме верг а ву
24:22 -
إِنَّ الَّذِينَ يَرْمُونَ الْمُحْصَنَاتِ الْغَافِلَاتِ الْمُؤْمِنَاتِ لُعِنُوا فِي الدُّنْيَا وَالْآخِرَةِ وَلَهُمْ عَذَابٌ عَظِيمٌ
Баккъалла а, оьздачу‚ /шайна боьханиг/ ца девзачу муъмин зударшна бехк кхуьссуш берш – дуьненахь а‚ эхартахь а неIалт аьлла царна‚ царна деза-доккха Iазап а ду
24:23 -
يَوْمَ تَشْهَدُ عَلَيْهِمْ أَلْسِنَتُهُمْ وَأَيْدِيهِمْ وَأَرْجُلُهُمْ بِمَا كَانُوا يَعْمَلُونَ
Оцу /къемат/дийнахь тешалла дийр ду царна тIехь церан меттанаша‚ церан куьйгаша а‚ церан когаша а цара лелош хиллачуьнца
24:24 -
يَوْمَئِذٍ يُوَفِّيهِمُ اللَّهُ دِينَهُمُ الْحَقَّ وَيَعْلَمُونَ أَنَّ اللَّهَ هُوَ الْحَقُّ الْمُبِينُ
Оцу дийнахь Дала бийр бу царна хьакъ-бакъ болу бекхам. Царна хууш ду и Дела Ша вуйла билгала бакъдерг
24:25 -
الْخَبِيثَاتُ لِلْخَبِيثِينَ وَالْخَبِيثُونَ لِلْخَبِيثَاتِ ۖ وَالطَّيِّبَاتُ لِلطَّيِّبِينَ وَالطَّيِّبُونَ لِلطَّيِّبَاتِ ۚ أُولَٰئِكَ مُبَرَّءُونَ مِمَّا يَقُولُونَ ۖ لَهُمْ مَغْفِرَةٌ وَرِزْقٌ كَرِيمٌ
Боьха /лела/ зударий – боьхачу божаршна‚ боьха /лела/ божарий – боьхачу зударшна. ЦIена /лела/ зударий – цIенчу божаршна‚ цIена /лела/ божарий – цIенчу зударшна. Уьш /Iаишат и саннарш/ цIена бу цара дуьйцучух. Царна гечдар а ду‚ сийлахь рицкъ а ду
24:26 -
يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا لَا تَدْخُلُوا بُيُوتًا غَيْرَ بُيُوتِكُمْ حَتَّىٰ تَسْتَأْنِسُوا وَتُسَلِّمُوا عَلَىٰ أَهْلِهَا ۚ ذَٰلِكُمْ خَيْرٌ لَكُمْ لَعَلَّكُمْ تَذَكَّرُونَ
ХIай ийман диллинарш! Шу чу ма гIолаш шайн доцчу цIеношка бакъо а ца йоьхуш‚ церан дайшка салам ца луш. Иза шуна дика ду /шу цххьана царна чу гчул/. Аш ойла йийр яцара-те?
24:27 -
فَإِنْ لَمْ تَجِدُوا فِيهَا أَحَدًا فَلَا تَدْخُلُوهَا حَتَّىٰ يُؤْذَنَ لَكُمْ ۖ وَإِنْ قِيلَ لَكُمُ ارْجِعُوا فَارْجِعُوا ۖ هُوَ أَزْكَىٰ لَكُمْ ۚ وَاللَّهُ بِمَا تَعْمَلُونَ عَلِيمٌ
Шуна ца каравахь цу чохь (цу нехан цIеношкахь) цхьа а – чу ма гIолаш шайна пурба даллалц. Шайга 'Юхадерза' алахь – юхадерзалаш /чу ца гIош/. Иза вуно а цIена ду шуна. И Дела аш дийриг хууш ву
24:28 -
لَيْسَ عَلَيْكُمْ جُنَاحٌ أَنْ تَدْخُلُوا بُيُوتًا غَيْرَ مَسْكُونَةٍ فِيهَا مَتَاعٌ لَكُمْ ۚ وَاللَّهُ يَعْلَمُ مَا تُبْدُونَ وَمَا تَكْتُمُونَ
Къа дац шуна бēхаш нах боцчу, шуна оьшу хIуманаш / я пайда болчу/ цIеношна чу шу даха. И Дела хууш ву аш гучудоккхуриг а‚ аш дхьулдийриг а
24:29 -
قُلْ لِلْمُؤْمِنِينَ يَغُضُّوا مِنْ أَبْصَارِهِمْ وَيَحْفَظُوا فُرُوجَهُمْ ۚ ذَٰلِكَ أَزْكَىٰ لَهُمْ ۗ إِنَّ اللَّهَ خَبِيرٌ بِمَا يَصْنَعُونَ
Ахь āла муъмин нахе охьатухийла цара шайн хьēжар‚ шайн эвхье меженаш ларйойла цара. Иза вунō а цIена ду царна. Баккъалла а, Дела дика девзаш ву цара дийриг
24:30 -
وَقُلْ لِلْمُؤْمِنَاتِ يَغْضُضْنَ مِنْ أَبْصَارِهِنَّ وَيَحْفَظْنَ فُرُوجَهُنَّ وَلَا يُبْدِينَ زِينَتَهُنَّ إِلَّا مَا ظَهَرَ مِنْهَا ۖ وَلْيَضْرِبْنَ بِخُمُرِهِنَّ عَلَىٰ جُيُوبِهِنَّ ۖ وَلَا يُبْدِينَ زِينَتَهُنَّ إِلَّا لِبُعُولَتِهِنَّ أَوْ آبَائِهِنَّ أَوْ آبَاءِ بُعُولَتِهِنَّ أَوْ أَبْنَائِهِنَّ أَوْ أَبْنَاءِ بُعُولَتِهِنَّ أَوْ إِخْوَانِهِنَّ أَوْ بَنِي إِخْوَانِهِنَّ أَوْ بَنِي أَخَوَاتِهِنَّ أَوْ نِسَائِهِنَّ أَوْ مَا مَلَكَتْ أَيْمَانُهُنَّ أَوِ التَّابِعِينَ غَيْرِ أُولِي الْإِرْبَةِ مِنَ الرِّجَالِ أَوِ الطِّفْلِ الَّذِينَ لَمْ يَظْهَرُوا عَلَىٰ عَوْرَاتِ النِّسَاءِ ۖ وَلَا يَضْرِبْنَ بِأَرْجُلِهِنَّ لِيُعْلَمَ مَا يُخْفِينَ مِنْ زِينَتِهِنَّ ۚ وَتُوبُوا إِلَى اللَّهِ جَمِيعًا أَيُّهَ الْمُؤْمِنُونَ لَعَلَّكُمْ تُفْلِحُونَ
Ахь āла муъмин зударшка охьатухийла цара шайн хьēжар‚ ларйойла цара шайн эвхье меженаш‚ ма гойтийла цара шайн хазнаш цунах гучахь ерг бен‚ цара тIе кхуссийла шайн кхоллар шайн некхийн гонахьа. Цара ма гойтийла шайн хазнаш шайн марошка‚ я шайн дайшка‚ я шайн маройн дайшка‚ я шайн кIенташка‚ я шайн маройн кIенташка /кхечу зударша бина болу/‚ я шайн вежаршка‚ я шайн вежарийн кIенташка‚ я шайн йижарийн кIенташка‚ я шайн /хьалхахь гIуллакх деш болчу/ зударшка‚ я шайн аьтту куьйгаша доладиначаьрга‚ я тIехьоьжуш болу шайн шовкъ дIаялла болу божаршка‚ я зударийн эвхье меженашка ца хьоьжучу берашка а бен. Шайн когаш ма беттийла цара шаьш хьулдина шайн хазалла довзийтархьама. Тōба де Деле массара а‚ хIай муъмин нах‚ шу даккхийден тарло
24:31 -
وَأَنْكِحُوا الْأَيَامَىٰ مِنْكُمْ وَالصَّالِحِينَ مِنْ عِبَادِكُمْ وَإِمَائِكُمْ ۚ إِنْ يَكُونُوا فُقَرَاءَ يُغْنِهِمُ اللَّهُ مِنْ فَضْلِهِ ۗ وَاللَّهُ وَاسِعٌ عَلِيمٌ
Зударий бāлабе шайх жера-божаршна а‚ шайн лēх дикачарна а‚ маре ло шайн лай-зударий. Нагахь уьш миска хилахь, – Дала хьал лур ду царна шен коьмаршаллах. Дела тIех комаьрша ву /Шен луучунна шортта рицкъ луш/‚ хууш ву
24:32 -
وَلْيَسْتَعْفِفِ الَّذِينَ لَا يَجِدُونَ نِكَاحًا حَتَّىٰ يُغْنِيَهُمُ اللَّهُ مِنْ فَضْلِهِ ۗ وَالَّذِينَ يَبْتَغُونَ الْكِتَابَ مِمَّا مَلَكَتْ أَيْمَانُكُمْ فَكَاتِبُوهُمْ إِنْ عَلِمْتُمْ فِيهِمْ خَيْرًا ۖ وَآتُوهُمْ مِنْ مَالِ اللَّهِ الَّذِي آتَاكُمْ ۚ وَلَا تُكْرِهُوا فَتَيَاتِكُمْ عَلَى الْبِغَاءِ إِنْ أَرَدْنَ تَحَصُّنًا لِتَبْتَغُوا عَرَضَ الْحَيَاةِ الدُّنْيَا ۚ وَمَنْ يُكْرِهْهُنَّ فَإِنَّ اللَّهَ مِنْ بَعْدِ إِكْرَاهِهِنَّ غَفُورٌ رَحِيمٌ
Юхаозалуш хуьлийла /нахаца леларх/ шайна зуда ялор /маре бахар/ ца нисбелларш Дала шайна Шен комаьршаллах хьал даллалц. Шун аьтту куьйгаша доладиначарах азат бāла язбала лууш берш – язбе уьш, нагахь санна шуна хаалахь цу чохь диканиг. ДIало царна Делан бахамах‚ Цо шуна белла болчу. Ма теIабелаш шайн мехкарий кхахьбаллина тIе‚ царна лиънехь цIена хила‚ аш дуьненан дахаран хиламаш (бахам) лоьхуш. Уьш тIетеIош верг /кхахьбаллина- цунна таар дийр долуш ду Дала/... Дела уьш /ницкъа/ тIетеIабиначул тIаьхьа /цу зударшна/ гечдеш а ву‚ къинхетаме а ву
24:33 -
وَلَقَدْ أَنْزَلْنَا إِلَيْكُمْ آيَاتٍ مُبَيِّنَاتٍ وَمَثَلًا مِنَ الَّذِينَ خَلَوْا مِنْ قَبْلِكُمْ وَمَوْعِظَةً لِلْمُتَّقِينَ
Ōха доссина шуьга /массо хма/ билгалдоху аяташ а‚ шул хьалха баханчеран /дāхаран/ масал а‚ /Делах/ кхоьручарна хьехам а
24:34 -
اللَّهُ نُورُ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ ۚ مَثَلُ نُورِهِ كَمِشْكَاةٍ فِيهَا مِصْبَاحٌ ۖ الْمِصْبَاحُ فِي زُجَاجَةٍ ۖ الزُّجَاجَةُ كَأَنَّهَا كَوْكَبٌ دُرِّيٌّ يُوقَدُ مِنْ شَجَرَةٍ مُبَارَكَةٍ زَيْتُونَةٍ لَا شَرْقِيَّةٍ وَلَا غَرْبِيَّةٍ يَكَادُ زَيْتُهَا يُضِيءُ وَلَوْ لَمْ تَمْسَسْهُ نَارٌ ۚ نُورٌ عَلَىٰ نُورٍ ۗ يَهْدِي اللَّهُ لِنُورِهِ مَنْ يَشَاءُ ۚ وَيَضْرِبُ اللَّهُ الْأَمْثَالَ لِلنَّاسِ ۗ وَاللَّهُ بِكُلِّ شَيْءٍ عَلِيمٌ
Дела–стигланийн а‚ лаьттан а нур ду . Цуьнан нур пенан юкъах тера ду, шена чохь чиркх болчу. Чиркх шишана чохь бу. Шиша /нур/ лепачу седах тера ду. Беркатечу зайт-диттан /даьттанах/ латабо и (чиркх). Малхбалехь а‚ малхбузехь а дац и (дитт-яьссачу арахь ду, гуттар малх кхетарца шен стоьмаш сиха а, хаза а мадлуш). Даьтта герга ду къага шех цIе хьакхаелла яцахь а. Нур тIехь а нур ду. Нисво Дала Шен нур тIе Шена луург. Дāладо Дала масалш нахана. И Дела массо а хIума хууш верг ву
24:35 -
فِي بُيُوتٍ أَذِنَ اللَّهُ أَنْ تُرْفَعَ وَيُذْكَرَ فِيهَا اسْمُهُ يُسَبِّحُ لَهُ فِيهَا بِالْغُدُوِّ وَالْآصَالِ
/И нур ду Делан/ цIеношкахь (маьждигашкахь) Дала шаьш /сийдеш/ лакха дахан а‚ шайна чохь Цуьнан цIе хьехаян а омра дина долчу. Царна чохь Далла тасбахь (ламазаш) до Iуьйранна а‚ суьйранна а -
24:36 -
رِجَالٌ لَا تُلْهِيهِمْ تِجَارَةٌ وَلَا بَيْعٌ عَنْ ذِكْرِ اللَّهِ وَإِقَامِ الصَّلَاةِ وَإِيتَاءِ الزَّكَاةِ ۙ يَخَافُونَ يَوْمًا تَتَقَلَّبُ فِيهِ الْقُلُوبُ وَالْأَبْصَارُ
/Муъмин/наха, шаьш йохк-эцаро юкъахбохур боцуш Дела хьехорах а‚ ламаз хIотторах а, закат даларх а. Уьш кхоьру /къемат/дийнах‚ шен /ирчаллих нехан/ дегнаш а‚ бIаьрса а детталур долчу
24:37 -
لِيَجْزِيَهُمُ اللَّهُ أَحْسَنَ مَا عَمِلُوا وَيَزِيدَهُمْ مِنْ فَضْلِهِ ۗ وَاللَّهُ يَرْزُقُ مَنْ يَشَاءُ بِغَيْرِ حِسَابٍ
Дала шайна бекхам бархьама шаьш дийначух уггар хазачуьнца‚ Цо шайна совдаккхархьама Шен комаьршаллах. И Дела рицкъ луш ву Шена луучунна хьесап а доцуш
24:38 -
وَالَّذِينَ كَفَرُوا أَعْمَالُهُمْ كَسَرَابٍ بِقِيعَةٍ يَحْسَبُهُ الظَّمْآنُ مَاءً حَتَّىٰ إِذَا جَاءَهُ لَمْ يَجِدْهُ شَيْئًا وَوَجَدَ اللَّهَ عِنْدَهُ فَوَفَّاهُ حِسَابَهُ ۗ وَاللَّهُ سَرِيعُ الْحِسَابِ
Цатешнарш – церан Iамалш шерачу арахь /хIуттучу/ йилбазгIалах тера ю: хьогах волчунна и хи ду метта‚ и цунна тIевахча, – и хIумма ца карайо цунна. Цунна караво Дела шена гергахь – Цо кхочушдо цуьнан хьесап (шен Iамалашка хьожий Дала бекхам бо цунна). И Дела хьесап дарехь сиха верг ву
24:39 -
أَوْ كَظُلُمَاتٍ فِي بَحْرٍ لُجِّيٍّ يَغْشَاهُ مَوْجٌ مِنْ فَوْقِهِ مَوْجٌ مِنْ فَوْقِهِ سَحَابٌ ۚ ظُلُمَاتٌ بَعْضُهَا فَوْقَ بَعْضٍ إِذَا أَخْرَجَ يَدَهُ لَمْ يَكَدْ يَرَاهَا ۗ وَمَنْ لَمْ يَجْعَلِ اللَّهُ لَهُ نُورًا فَمَا لَهُ مِنْ نُورٍ
Я /Делах цатешачеран малаш/ тера ю кIоргачу хIоьрда чохь болчу боданах‚ ша хьулбеш болчу толгIано. Цунна тIехула толгIа ю‚ цунна тIехула марха ю. Боданаш ду цхьадерш вукхарна тIехь‚ цо шен куьг арадеккхи ча, – цунна и ган ца туьгу. Дала шена нур ца диначунна цхьа а нур дац
24:40
Гочдар: Магомед Магомедов