Сурат 24 Ан-нур (Нур), аят 11 – 20

  1. إِنَّ الَّذِينَ جَاءُوا بِالْإِفْكِ عُصْبَةٌ مِنْكُمْ ۚ لَا تَحْسَبُوهُ شَرًّا لَكُمْ ۖ بَلْ هُوَ خَيْرٌ لَكُمْ ۚ لِكُلِّ امْرِئٍ مِنْهُمْ مَا اكْتَسَبَ مِنَ الْإِثْمِ ۚ وَالَّذِي تَوَلَّىٰ كِبْرَهُ مِنْهُمْ لَهُ عَذَابٌ عَظِيمٌ

    Баккъалла а, и эладита деънарш – шух цхьа тоба ма ю. Шуна ма мотталаш и шуна вон ду. ХIаъ‚ и шуна дика ду. Царах хIор стагана къинах ша карадинарг ду. Царах шена тIе цуьнан (къинан) доккханиг лаьцнарг – цунна доккха долу Iазап ду

    24:11
  2. لَوْلَا إِذْ سَمِعْتُمُوهُ ظَنَّ الْمُؤْمِنُونَ وَالْمُؤْمِنَاتُ بِأَنْفُسِهِمْ خَيْرًا وَقَالُوا هَٰذَا إِفْكٌ مُبِينٌ

    И шайна хезча, хIунда ца моьттура муъмин божаршна а‚ муъмин зударшна а шайн дегнашкахь диканиг‚ цара хIунда ца элира: 'ХIара билггала эладита ду-кх?'

    24:12
  3. لَوْلَا جَاءُوا عَلَيْهِ بِأَرْبَعَةِ شُهَدَاءَ ۚ فَإِذْ لَمْ يَأْتُوا بِالشُّهَدَاءِ فَأُولَٰئِكَ عِنْدَ اللَّهِ هُمُ الْكَاذِبُونَ

    Виъ теш валийнехьара цара цунна тIехь. Цара тешаш ца балабахь, – уьш бу Далла гергахь шаьш харцлуьйш берш

    24:13
  4. وَلَوْلَا فَضْلُ اللَّهِ عَلَيْكُمْ وَرَحْمَتُهُ فِي الدُّنْيَا وَالْآخِرَةِ لَمَسَّكُمْ فِي مَا أَفَضْتُمْ فِيهِ عَذَابٌ عَظِيمٌ

    Делан комаьршалла а‚ Цуьнан къинхетам а ца хиллехьара шайна тIехь дуьненахь а‚ эхартахь а‚ шу лаьцна хир дара аш тIех дийцинчохь деза-доккхачу Iазапо

    24:14
  5. إِذْ تَلَقَّوْنَهُ بِأَلْسِنَتِكُمْ وَتَقُولُونَ بِأَفْوَاهِكُمْ مَا لَيْسَ لَكُمْ بِهِ عِلْمٌ وَتَحْسَبُونَهُ هَيِّنًا وَهُوَ عِنْدَ اللَّهِ عَظِيمٌ

    Аш тIе ма лоцу и шайн маттаца‚ ма дуьйцу шайн баганашца шайна шеца цхьа а Iилма доцург‚ шуна моьтту и атта ду‚ иза Далла гергахь деза- доккха ду

    24:15
  6. وَلَوْلَا إِذْ سَمِعْتُمُوهُ قُلْتُمْ مَا يَكُونُ لَنَا أَنْ نَتَكَلَّمَ بِهَٰذَا سُبْحَانَكَ هَٰذَا بُهْتَانٌ عَظِيمٌ

    Шайна иза хезча, аш хIунда ца элира: 'Тхуна мегар дац иза дийца. Вонах цIена ву Хьо‚ ма деза-доккха эладита ду-кх хIара'

    24:16
  7. يَعِظُكُمُ اللَّهُ أَنْ تَعُودُوا لِمِثْلِهِ أَبَدًا إِنْ كُنْتُمْ مُؤْمِنِينَ

    Дала хьоьху шуна ишттачунна тIе шу цкъа а цадерзар‚ шу муъмин нах делахь

    24:17
  8. وَيُبَيِّنُ اللَّهُ لَكُمُ الْآيَاتِ ۚ وَاللَّهُ عَلِيمٌ حَكِيمٌ

    Дала билгалдо шуна аяташ. Дела хууш верг а‚ хьукам /нийса/ деш верг а ву

    24:18
  9. إِنَّ الَّذِينَ يُحِبُّونَ أَنْ تَشِيعَ الْفَاحِشَةُ فِي الَّذِينَ آمَنُوا لَهُمْ عَذَابٌ أَلِيمٌ فِي الدُّنْيَا وَالْآخِرَةِ ۚ وَاللَّهُ يَعْلَمُ وَأَنْتُمْ لَا تَعْلَمُونَ

    Баккъалла а, ийман диллинчаьргахь боьханиг даржа лууш берш – царна лазош долу Iазап хир ду дуьненахь а‚ эхартахь а. Далла хаьа‚ шуна хаац

    24:19
  10. وَلَوْلَا فَضْلُ اللَّهِ عَلَيْكُمْ وَرَحْمَتُهُ وَأَنَّ اللَّهَ رَءُوفٌ رَحِيمٌ

    Делан коьмаьршалла а‚ Цуьнан къинхетам а шайна ца хиллехьара, и Дела диканиг лууш а‚ къинхетаме а вацахьара /хIаллакхир дара шу/

    24:20

Гочдар: Магомед Магомедов