Сурат 24 Ан-нур (Нур), аят 2 – 5
-
الزَّانِيَةُ وَالزَّانِي فَاجْلِدُوا كُلَّ وَاحِدٍ مِنْهُمَا مِائَةَ جَلْدَةٍ ۖ وَلَا تَأْخُذْكُمْ بِهِمَا رَأْفَةٌ فِي دِينِ اللَّهِ إِنْ كُنْتُمْ تُؤْمِنُونَ بِاللَّهِ وَالْيَوْمِ الْآخِرِ ۖ وَلْيَشْهَدْ عَذَابَهُمَا طَائِفَةٌ مِنَ الْمُؤْمِنِينَ
Кхахьпа лела зуда а‚ кхахьпа лела стаг а – тоха цу шиннах хӀоранна бӀе гӀаж. Шун ма хуьлийла цу шиннах доглазар Делан динехь‚ нагахь санна шу хиллехь тешаш Делах а‚ эхар /догӀур долчу/ дийнах а. Церан шиннан а таӀзар гойла муъмин нахах цхьана тобанна
24:2 -
الزَّانِي لَا يَنْكِحُ إِلَّا زَانِيَةً أَوْ مُشْرِكَةً وَالزَّانِيَةُ لَا يَنْكِحُهَا إِلَّا زَانٍ أَوْ مُشْرِكٌ ۚ وَحُرِّمَ ذَٰلِكَ عَلَى الْمُؤْمِنِينَ
Кхахьпа лелачу стага ялор яц кхахьпа лела зуда я /Делаца/ накъост лоцу зуда а бен‚ кхахьпа лела зуда юьгур яц кхахьпа лелачу стага я /Делаца/ накъост лоцучу стага а бен‚ – хьарам дина иза муъмин нахана
24:3 -
وَالَّذِينَ يَرْمُونَ الْمُحْصَنَاتِ ثُمَّ لَمْ يَأْتُوا بِأَرْبَعَةِ شُهَدَاءَ فَاجْلِدُوهُمْ ثَمَانِينَ جَلْدَةً وَلَا تَقْبَلُوا لَهُمْ شَهَادَةً أَبَدًا ۚ وَأُولَٰئِكَ هُمُ الْفَاسِقُونَ
Оьздачу зударшна тӀе бехк кхуьссуш берш /уьш нахаца лела аьлла/‚ тӀаккха цара виъ теш ца валавахь – тоха царна езтӀкъа гӀаж. Кхин церан тешалла къобал ма делаш цкъа а. Уьш – песакъаш бу
24:4 -
إِلَّا الَّذِينَ تَابُوا مِنْ بَعْدِ ذَٰلِكَ وَأَصْلَحُوا فَإِنَّ اللَّهَ غَفُورٌ رَحِيمٌ
Шаьш цул тӀаьхьа тōба а дина‚ дика Ӏамал йинарш боцурш – тӀаккха‚ баккъалла‚ Дела тх гечдийриг а ву‚ къинхетаме верг а ву
24:5
Гочдар: Магомед Магомедов