Сурат 24 Ан-нур (Нур), аят 21 – 26

  1. يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا لَا تَتَّبِعُوا خُطُوَاتِ الشَّيْطَانِ ۚ وَمَنْ يَتَّبِعْ خُطُوَاتِ الشَّيْطَانِ فَإِنَّهُ يَأْمُرُ بِالْفَحْشَاءِ وَالْمُنْكَرِ ۚ وَلَوْلَا فَضْلُ اللَّهِ عَلَيْكُمْ وَرَحْمَتُهُ مَا زَكَىٰ مِنْكُمْ مِنْ أَحَدٍ أَبَدًا وَلَٰكِنَّ اللَّهَ يُزَكِّي مَنْ يَشَاءُ ۗ وَاللَّهُ سَمِيعٌ عَلِيمٌ

    ХӀай ийман диллинарш! ШайтӀанан гӀулчашна тӀаьхьа ма хӀитталаш. ШайтӀанан гӀулчашна тӀаьхьахӀоьттинарг – баккъалла цо хьоьху боьханиг а‚ инкарло а. Шайна тӀехь Делан коьмаршалла а‚ Цуьнан къинхетам а ца хиллехьара, шух цхьа а цкъа а цӀанлур ма вацара. Делахь а, Дала цӀанво Шена луург. Дела хозуш верг а‚ хууш верг а ву

    24:21
  2. وَلَا يَأْتَلِ أُولُو الْفَضْلِ مِنْكُمْ وَالسَّعَةِ أَنْ يُؤْتُوا أُولِي الْقُرْبَىٰ وَالْمَسَاكِينَ وَالْمُهَاجِرِينَ فِي سَبِيلِ اللَّهِ ۖ وَلْيَعْفُوا وَلْيَصْفَحُوا ۗ أَلَا تُحِبُّونَ أَنْ يَغْفِرَ اللَّهُ لَكُمْ ۗ وَاللَّهُ غَفُورٌ رَحِيمٌ

    Дуй ма боийла шух шегахь коьмаьршалла а‚ хьал а долчо гергарчарна а‚ мискачарна а‚ Делан новкъахь дӀакхелхиначарна а /сагӀа/ лур дац, алий. КъинтӀера болийла уьш‚ бехказбохийла цара. Шуна ца деза Дала шайна гечдар? Дела тх гечдийриг а ву‚ къинхетаме верг а ву

    24:22
  3. إِنَّ الَّذِينَ يَرْمُونَ الْمُحْصَنَاتِ الْغَافِلَاتِ الْمُؤْمِنَاتِ لُعِنُوا فِي الدُّنْيَا وَالْآخِرَةِ وَلَهُمْ عَذَابٌ عَظِيمٌ

    Баккъалла а, оьздачу‚ /шайна боьханиг/ ца девзачу муъмин зударшна бехк кхуьссуш берш – дуьненахь а‚ эхартахь а неӀалт аьлла царна‚ царна деза-доккха Ӏазап а ду

    24:23
  4. يَوْمَ تَشْهَدُ عَلَيْهِمْ أَلْسِنَتُهُمْ وَأَيْدِيهِمْ وَأَرْجُلُهُمْ بِمَا كَانُوا يَعْمَلُونَ

    Оцу /къемат/дийнахь тешалла дийр ду царна тӀехь церан меттанаша‚ церан куьйгаша а‚ церан когаша а цара лелош хиллачуьнца

    24:24
  5. يَوْمَئِذٍ يُوَفِّيهِمُ اللَّهُ دِينَهُمُ الْحَقَّ وَيَعْلَمُونَ أَنَّ اللَّهَ هُوَ الْحَقُّ الْمُبِينُ

    Оцу дийнахь Дала бийр бу царна хьакъ-бакъ болу бекхам. Царна хууш ду и Дела Ша вуйла билгала бакъдерг

    24:25
  6. الْخَبِيثَاتُ لِلْخَبِيثِينَ وَالْخَبِيثُونَ لِلْخَبِيثَاتِ ۖ وَالطَّيِّبَاتُ لِلطَّيِّبِينَ وَالطَّيِّبُونَ لِلطَّيِّبَاتِ ۚ أُولَٰئِكَ مُبَرَّءُونَ مِمَّا يَقُولُونَ ۖ لَهُمْ مَغْفِرَةٌ وَرِزْقٌ كَرِيمٌ

    Боьха /лела/ зударий – боьхачу божаршна‚ боьха /лела/ божарий – боьхачу зударшна. ЦӀена /лела/ зударий – цӀенчу божаршна‚ цӀена /лела/ божарий – цӀенчу зударшна. Уьш /Ӏаишат и саннарш/ цӀена бу цара дуьйцучух. Царна гечдар а ду‚ сийлахь рицкъ а ду

    24:26

Гочдар: Магомед Магомедов