Сурат 24 Ан-нур (Нур), аят 32 – 33
-
وَأَنْكِحُوا الْأَيَامَىٰ مِنْكُمْ وَالصَّالِحِينَ مِنْ عِبَادِكُمْ وَإِمَائِكُمْ ۚ إِنْ يَكُونُوا فُقَرَاءَ يُغْنِهِمُ اللَّهُ مِنْ فَضْلِهِ ۗ وَاللَّهُ وَاسِعٌ عَلِيمٌ
Зударий бāлабе шайх жера-божаршна а‚ шайн лēх дикачарна а‚ маре ло шайн лай-зударий. Нагахь уьш миска хилахь, – Дала хьал лур ду царна шен коьмаршаллах. Дела тӀех комаьрша ву /Шен луучунна шортта рицкъ луш/‚ хууш ву
24:32 -
وَلْيَسْتَعْفِفِ الَّذِينَ لَا يَجِدُونَ نِكَاحًا حَتَّىٰ يُغْنِيَهُمُ اللَّهُ مِنْ فَضْلِهِ ۗ وَالَّذِينَ يَبْتَغُونَ الْكِتَابَ مِمَّا مَلَكَتْ أَيْمَانُكُمْ فَكَاتِبُوهُمْ إِنْ عَلِمْتُمْ فِيهِمْ خَيْرًا ۖ وَآتُوهُمْ مِنْ مَالِ اللَّهِ الَّذِي آتَاكُمْ ۚ وَلَا تُكْرِهُوا فَتَيَاتِكُمْ عَلَى الْبِغَاءِ إِنْ أَرَدْنَ تَحَصُّنًا لِتَبْتَغُوا عَرَضَ الْحَيَاةِ الدُّنْيَا ۚ وَمَنْ يُكْرِهْهُنَّ فَإِنَّ اللَّهَ مِنْ بَعْدِ إِكْرَاهِهِنَّ غَفُورٌ رَحِيمٌ
Юхаозалуш хуьлийла /нахаца леларх/ шайна зуда ялор /маре бахар/ ца нисбелларш Дала шайна Шен комаьршаллах хьал даллалц. Шун аьтту куьйгаша доладиначарах азат бāла язбала лууш берш – язбе уьш, нагахь санна шуна хаалахь цу чохь диканиг. ДӀало царна Делан бахамах‚ Цо шуна белла болчу. Ма теӀабелаш шайн мехкарий кхахьбаллина тӀе‚ царна лиънехь цӀена хила‚ аш дуьненан дахаран хиламаш (бахам) лоьхуш. Уьш тӀетеӀош верг /кхахьбаллина- цунна таар дийр долуш ду Дала/... Дела уьш /ницкъа/ тӀетеӀабиначул тӀаьхьа /цу зударшна/ гечдеш а ву‚ къинхетаме а ву
24:33
Гочдар: Магомед Магомедов