Сурат 24 Ан-нур (Нур), аят 35 – 36
-
اللَّهُ نُورُ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ ۚ مَثَلُ نُورِهِ كَمِشْكَاةٍ فِيهَا مِصْبَاحٌ ۖ الْمِصْبَاحُ فِي زُجَاجَةٍ ۖ الزُّجَاجَةُ كَأَنَّهَا كَوْكَبٌ دُرِّيٌّ يُوقَدُ مِنْ شَجَرَةٍ مُبَارَكَةٍ زَيْتُونَةٍ لَا شَرْقِيَّةٍ وَلَا غَرْبِيَّةٍ يَكَادُ زَيْتُهَا يُضِيءُ وَلَوْ لَمْ تَمْسَسْهُ نَارٌ ۚ نُورٌ عَلَىٰ نُورٍ ۗ يَهْدِي اللَّهُ لِنُورِهِ مَنْ يَشَاءُ ۚ وَيَضْرِبُ اللَّهُ الْأَمْثَالَ لِلنَّاسِ ۗ وَاللَّهُ بِكُلِّ شَيْءٍ عَلِيمٌ
Дела–стигланийн а‚ лаьттан а нур ду . Цуьнан нур пенан юкъах тера ду, шена чохь чиркх болчу. Чиркх шишана чохь бу. Шиша /нур/ лепачу седах тера ду. Беркатечу зайт-диттан /даьттанах/ латабо и (чиркх). Малхбалехь а‚ малхбузехь а дац и (дитт-яьссачу арахь ду, гуттар малх кхетарца шен стоьмаш сиха а, хаза а мадлуш). Даьтта герга ду къага шех цӀе хьакхаелла яцахь а. Нур тӀехь а нур ду. Нисво Дала Шен нур тӀе Шена луург. Дāладо Дала масалш нахана. И Дела массо а хӀума хууш верг ву
24:35 -
فِي بُيُوتٍ أَذِنَ اللَّهُ أَنْ تُرْفَعَ وَيُذْكَرَ فِيهَا اسْمُهُ يُسَبِّحُ لَهُ فِيهَا بِالْغُدُوِّ وَالْآصَالِ
/И нур ду Делан/ цӀеношкахь (маьждигашкахь) Дала шаьш /сийдеш/ лакха дахан а‚ шайна чохь Цуьнан цӀе хьехаян а омра дина долчу. Царна чохь Далла тасбахь (ламазаш) до Ӏуьйранна а‚ суьйранна а -
24:36
Гочдар: Магомед Магомедов