Сурат 24 Ан-нур (Нур), аят 35 – 40
-
اللَّهُ نُورُ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ ۚ مَثَلُ نُورِهِ كَمِشْكَاةٍ فِيهَا مِصْبَاحٌ ۖ الْمِصْبَاحُ فِي زُجَاجَةٍ ۖ الزُّجَاجَةُ كَأَنَّهَا كَوْكَبٌ دُرِّيٌّ يُوقَدُ مِنْ شَجَرَةٍ مُبَارَكَةٍ زَيْتُونَةٍ لَا شَرْقِيَّةٍ وَلَا غَرْبِيَّةٍ يَكَادُ زَيْتُهَا يُضِيءُ وَلَوْ لَمْ تَمْسَسْهُ نَارٌ ۚ نُورٌ عَلَىٰ نُورٍ ۗ يَهْدِي اللَّهُ لِنُورِهِ مَنْ يَشَاءُ ۚ وَيَضْرِبُ اللَّهُ الْأَمْثَالَ لِلنَّاسِ ۗ وَاللَّهُ بِكُلِّ شَيْءٍ عَلِيمٌ
Дела–стигланийн а‚ лаьттан а нур ду . Цуьнан нур пенан юкъах тера ду, шена чохь чиркх болчу. Чиркх шишана чохь бу. Шиша /нур/ лепачу седах тера ду. Беркатечу зайт-диттан /даьттанах/ латабо и (чиркх). Малхбалехь а‚ малхбузехь а дац и (дитт-яьссачу арахь ду, гуттар малх кхетарца шен стоьмаш сиха а, хаза а мадлуш). Даьтта герга ду къага шех цӀе хьакхаелла яцахь а. Нур тӀехь а нур ду. Нисво Дала Шен нур тӀе Шена луург. Дāладо Дала масалш нахана. И Дела массо а хӀума хууш верг ву
24:35 -
فِي بُيُوتٍ أَذِنَ اللَّهُ أَنْ تُرْفَعَ وَيُذْكَرَ فِيهَا اسْمُهُ يُسَبِّحُ لَهُ فِيهَا بِالْغُدُوِّ وَالْآصَالِ
/И нур ду Делан/ цӀеношкахь (маьждигашкахь) Дала шаьш /сийдеш/ лакха дахан а‚ шайна чохь Цуьнан цӀе хьехаян а омра дина долчу. Царна чохь Далла тасбахь (ламазаш) до Ӏуьйранна а‚ суьйранна а -
24:36 -
رِجَالٌ لَا تُلْهِيهِمْ تِجَارَةٌ وَلَا بَيْعٌ عَنْ ذِكْرِ اللَّهِ وَإِقَامِ الصَّلَاةِ وَإِيتَاءِ الزَّكَاةِ ۙ يَخَافُونَ يَوْمًا تَتَقَلَّبُ فِيهِ الْقُلُوبُ وَالْأَبْصَارُ
/Муъмин/наха, шаьш йохк-эцаро юкъахбохур боцуш Дела хьехорах а‚ ламаз хӀотторах а, закат даларх а. Уьш кхоьру /къемат/дийнах‚ шен /ирчаллих нехан/ дегнаш а‚ бӀаьрса а детталур долчу
24:37 -
لِيَجْزِيَهُمُ اللَّهُ أَحْسَنَ مَا عَمِلُوا وَيَزِيدَهُمْ مِنْ فَضْلِهِ ۗ وَاللَّهُ يَرْزُقُ مَنْ يَشَاءُ بِغَيْرِ حِسَابٍ
Дала шайна бекхам бархьама шаьш дийначух уггар хазачуьнца‚ Цо шайна совдаккхархьама Шен комаьршаллах. И Дела рицкъ луш ву Шена луучунна хьесап а доцуш
24:38 -
وَالَّذِينَ كَفَرُوا أَعْمَالُهُمْ كَسَرَابٍ بِقِيعَةٍ يَحْسَبُهُ الظَّمْآنُ مَاءً حَتَّىٰ إِذَا جَاءَهُ لَمْ يَجِدْهُ شَيْئًا وَوَجَدَ اللَّهَ عِنْدَهُ فَوَفَّاهُ حِسَابَهُ ۗ وَاللَّهُ سَرِيعُ الْحِسَابِ
Цатешнарш – церан Ӏамалш шерачу арахь /хӀуттучу/ йилбазгӀалах тера ю: хьогах волчунна и хи ду метта‚ и цунна тӀевахча, – и хӀумма ца карайо цунна. Цунна караво Дела шена гергахь – Цо кхочушдо цуьнан хьесап (шен Ӏамалашка хьожий Дала бекхам бо цунна). И Дела хьесап дарехь сиха верг ву
24:39 -
أَوْ كَظُلُمَاتٍ فِي بَحْرٍ لُجِّيٍّ يَغْشَاهُ مَوْجٌ مِنْ فَوْقِهِ مَوْجٌ مِنْ فَوْقِهِ سَحَابٌ ۚ ظُلُمَاتٌ بَعْضُهَا فَوْقَ بَعْضٍ إِذَا أَخْرَجَ يَدَهُ لَمْ يَكَدْ يَرَاهَا ۗ وَمَنْ لَمْ يَجْعَلِ اللَّهُ لَهُ نُورًا فَمَا لَهُ مِنْ نُورٍ
Я /Делах цатешачеран малаш/ тера ю кӀоргачу хӀоьрда чохь болчу боданах‚ ша хьулбеш болчу толгӀано. Цунна тӀехула толгӀа ю‚ цунна тӀехула марха ю. Боданаш ду цхьадерш вукхарна тӀехь‚ цо шен куьг арадеккхи ча, – цунна и ган ца туьгу. Дала шена нур ца диначунна цхьа а нур дац
24:40
Гочдар: Магомед Магомедов