Сурат 24 Ан-нур (Нур), аят 36 – 39
-
فِي بُيُوتٍ أَذِنَ اللَّهُ أَنْ تُرْفَعَ وَيُذْكَرَ فِيهَا اسْمُهُ يُسَبِّحُ لَهُ فِيهَا بِالْغُدُوِّ وَالْآصَالِ
/И нур ду Делан/ цIеношкахь (маьждигашкахь) Дала шаьш /сийдеш/ лакха дахан а‚ шайна чохь Цуьнан цIе хьехаян а омра дина долчу. Царна чохь Далла тасбахь (ламазаш) до Iуьйранна а‚ суьйранна а -
24:36 -
رِجَالٌ لَا تُلْهِيهِمْ تِجَارَةٌ وَلَا بَيْعٌ عَنْ ذِكْرِ اللَّهِ وَإِقَامِ الصَّلَاةِ وَإِيتَاءِ الزَّكَاةِ ۙ يَخَافُونَ يَوْمًا تَتَقَلَّبُ فِيهِ الْقُلُوبُ وَالْأَبْصَارُ
/Муъмин/наха, шаьш йохк-эцаро юкъахбохур боцуш Дела хьехорах а‚ ламаз хIотторах а, закат даларх а. Уьш кхоьру /къемат/дийнах‚ шен /ирчаллих нехан/ дегнаш а‚ бIаьрса а детталур долчу
24:37 -
لِيَجْزِيَهُمُ اللَّهُ أَحْسَنَ مَا عَمِلُوا وَيَزِيدَهُمْ مِنْ فَضْلِهِ ۗ وَاللَّهُ يَرْزُقُ مَنْ يَشَاءُ بِغَيْرِ حِسَابٍ
Дала шайна бекхам бархьама шаьш дийначух уггар хазачуьнца‚ Цо шайна совдаккхархьама Шен комаьршаллах. И Дела рицкъ луш ву Шена луучунна хьесап а доцуш
24:38 -
وَالَّذِينَ كَفَرُوا أَعْمَالُهُمْ كَسَرَابٍ بِقِيعَةٍ يَحْسَبُهُ الظَّمْآنُ مَاءً حَتَّىٰ إِذَا جَاءَهُ لَمْ يَجِدْهُ شَيْئًا وَوَجَدَ اللَّهَ عِنْدَهُ فَوَفَّاهُ حِسَابَهُ ۗ وَاللَّهُ سَرِيعُ الْحِسَابِ
Цатешнарш – церан Iамалш шерачу арахь /хIуттучу/ йилбазгIалах тера ю: хьогах волчунна и хи ду метта‚ и цунна тIевахча, – и хIумма ца карайо цунна. Цунна караво Дела шена гергахь – Цо кхочушдо цуьнан хьесап (шен Iамалашка хьожий Дала бекхам бо цунна). И Дела хьесап дарехь сиха верг ву
24:39
Гочдар: Магомед Магомедов