Сурат 24 Ан-нур (Нур), аят 41 – 50
-
أَلَمْ تَرَ أَنَّ اللَّهَ يُسَبِّحُ لَهُ مَنْ فِي السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ وَالطَّيْرُ صَافَّاتٍ ۖ كُلٌّ قَدْ عَلِمَ صَلَاتَهُ وَتَسْبِيحَهُ ۗ وَاللَّهُ عَلِيمٌ بِمَا يَفْعَلُونَ
Хьуна ца хиъна и Дела хилар Шена тасбахь деш стигланашкахь а‚ латтахь а мел волчо‚ могӀаршца /тӀама деллачу/ олхазарша а? ХӀоранна хиъна шен ламаз а‚ шен тасбахь а. И Дела хууш ма ву цара дийриг
24:41 -
وَلِلَّهِ مُلْكُ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ ۖ وَإِلَى اللَّهِ الْمَصِيرُ
Делан ду стигланийн а‚ лаьттан а паччахьалла. Деле ду дӀадерзар а
24:42 -
أَلَمْ تَرَ أَنَّ اللَّهَ يُزْجِي سَحَابًا ثُمَّ يُؤَلِّفُ بَيْنَهُ ثُمَّ يَجْعَلُهُ رُكَامًا فَتَرَى الْوَدْقَ يَخْرُجُ مِنْ خِلَالِهِ وَيُنَزِّلُ مِنَ السَّمَاءِ مِنْ جِبَالٍ فِيهَا مِنْ بَرَدٍ فَيُصِيبُ بِهِ مَنْ يَشَاءُ وَيَصْرِفُهُ عَنْ مَنْ يَشَاءُ ۖ يَكَادُ سَنَا بَرْقِهِ يَذْهَبُ بِالْأَبْصَارِ
Хьуна ца го Дала длохку мархаш‚ тӀаккха тӀегулйо уьш‚ тӀаккха Цо уьш хуьлуьйту тӀеттӀа /барз/‚ хьуна го догӀа церан юккъехула схьадолуш‚ Цо доссадо стиглара /мархийн/ лаьмнаш‚ шайна чохь тӀкъес йолуш. Шена луучунна туху Цо и‚ Шена луучух юха дӀахьавзайо. ТӀкъесан нуро /нехан/ бӀаьрса дӀахьош лаьтта
24:43 -
يُقَلِّبُ اللَّهُ اللَّيْلَ وَالنَّهَارَ ۚ إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَعِبْرَةً لِأُولِي الْأَبْصَارِ
Харцайо Дала буьйса а‚ де а. Баккъалла а, цу чохь хьехам ма бу бӀаьрса долчарна
24:44 -
وَاللَّهُ خَلَقَ كُلَّ دَابَّةٍ مِنْ مَاءٍ ۖ فَمِنْهُمْ مَنْ يَمْشِي عَلَىٰ بَطْنِهِ وَمِنْهُمْ مَنْ يَمْشِي عَلَىٰ رِجْلَيْنِ وَمِنْهُمْ مَنْ يَمْشِي عَلَىٰ أَرْبَعٍ ۚ يَخْلُقُ اللَّهُ مَا يَشَاءُ ۚ إِنَّ اللَّهَ عَلَىٰ كُلِّ شَيْءٍ قَدِيرٌ
Дала кхоьллина массо а дийнат хих. Царах шен гай тӀехь леларг ду‚ царах шина кога тӀехь леларг а ду, царах деа кога тӀехь леларг ду. Кхуллу Дала Шена луург. Баккъалла а, Дела массо а хӀуманна тӀехь ницкъ кхочург ву
24:45 -
لَقَدْ أَنْزَلْنَا آيَاتٍ مُبَيِّنَاتٍ ۚ وَاللَّهُ يَهْدِي مَنْ يَشَاءُ إِلَىٰ صِرَاطٍ مُسْتَقِيمٍ
Ōха доссина май билгала долу аяташ. Дала нисво Шена луург нийсачу новкъа
24:46 -
وَيَقُولُونَ آمَنَّا بِاللَّهِ وَبِالرَّسُولِ وَأَطَعْنَا ثُمَّ يَتَوَلَّىٰ فَرِيقٌ مِنْهُمْ مِنْ بَعْدِ ذَٰلِكَ ۚ وَمَا أُولَٰئِكَ بِالْمُؤْمِنِينَ
Цара ōлу: 'Тешна тхо Делах а‚ элчанех а‚ муьтӀахь а хилла тхо'. ТӀаккха дӀайоьрзу /бакъдолчу динах/ царах цхьа тоба цул тӀаьхьа – уьш муъмин нах бац!
24:47 -
وَإِذَا دُعُوا إِلَى اللَّهِ وَرَسُولِهِ لِيَحْكُمَ بَيْنَهُمْ إِذَا فَرِيقٌ مِنْهُمْ مُعْرِضُونَ
Шаьш Далла а‚ элчанна а тӀе кхайкхича шайн юккъехь хьукам дан – царах цхьа тоба дуьхьалйолу
24:48 -
وَإِنْ يَكُنْ لَهُمُ الْحَقُّ يَأْتُوا إِلَيْهِ مُذْعِنِينَ
Шайна хилахь бакъо – цунна тӀе богӀу уьш, муьтӀахь хуьлий
24:49 -
أَفِي قُلُوبِهِمْ مَرَضٌ أَمِ ارْتَابُوا أَمْ يَخَافُونَ أَنْ يَحِيفَ اللَّهُ عَلَيْهِمْ وَرَسُولُهُ ۚ بَلْ أُولَٰئِكَ هُمُ الظَّالِمُونَ
Церан дегнашкахь цамгар ю-те‚ я шекбевла-те уьш‚ я кхоьру-те уьш Дала а‚ Цуьнан элчано а шайца нийсо ца ян? ХӀаъ! Уьш зуламхой бу!
24:50
Гочдар: Магомед Магомедов