Сурат 24 Ан-нур (Нур), аят 51 – 57

  1. إِنَّمَا كَانَ قَوْلَ الْمُؤْمِنِينَ إِذَا دُعُوا إِلَى اللَّهِ وَرَسُولِهِ لِيَحْكُمَ بَيْنَهُمْ أَنْ يَقُولُوا سَمِعْنَا وَأَطَعْنَا ۚ وَأُولَٰئِكَ هُمُ الْمُفْلِحُونَ

    Баккъалла а, муъмин нехан дош хили шаьш Далла а‚ Цуьнан элчанна а тӀе кхайкхича шайна юккъехь хьукам дан, цара āлар: 'ЛадоьгӀна ōха‚ муьтӀахь хилла тхо'. Уьш бу баккхийбен берш

    24:51
  2. وَمَنْ يُطِعِ اللَّهَ وَرَسُولَهُ وَيَخْشَ اللَّهَ وَيَتَّقْهِ فَأُولَٰئِكَ هُمُ الْفَائِزُونَ

    Далла а‚ Цуьнан элчанна а муьтӀахь верг‚ Делах кхоьруш верг‚ Цуьнца вочух ларлуш верг – уьш бу толам баьккхинарш!

    24:52
  3. وَأَقْسَمُوا بِاللَّهِ جَهْدَ أَيْمَانِهِمْ لَئِنْ أَمَرْتَهُمْ لَيَخْرُجُنَّ ۖ قُلْ لَا تُقْسِمُوا ۖ طَاعَةٌ مَعْرُوفَةٌ ۚ إِنَّ اللَّهَ خَبِيرٌ بِمَا تَعْمَلُونَ

    Делаца биира цара шайн чӀогӀа дуйнаш ахь шайга омра дича, арадовлур ду шаьш‚ бохуш. Ахь āла: 'Аш дуй ма баа! МуьтӀахь хилар дика дара /шуьгара/. Баккъалла а, Дела дика хууш ву аш дийриг'

    24:53
  4. قُلْ أَطِيعُوا اللَّهَ وَأَطِيعُوا الرَّسُولَ ۖ فَإِنْ تَوَلَّوْا فَإِنَّمَا عَلَيْهِ مَا حُمِّلَ وَعَلَيْكُمْ مَا حُمِّلْتُمْ ۖ وَإِنْ تُطِيعُوهُ تَهْتَدُوا ۚ وَمَا عَلَى الرَّسُولِ إِلَّا الْبَلَاغُ الْمُبِينُ

    Ахь āла /цаьрга, хӀай Мухьаммад/: 'МуьтӀахь хила Далла‚ муьтӀахь хила элчанна!' Уьш дӀаберзахь, цунна шена тӀе диллинарг ду‚ шуна – шайна тӀе диллинарг ду. Цунна /элчанна/ муьтӀахь шу хилахь – шу нийсачу новкъахь ду. Элчанна-м тӀехь дац билгала дӀакхачор бен

    24:54
  5. وَعَدَ اللَّهُ الَّذِينَ آمَنُوا مِنْكُمْ وَعَمِلُوا الصَّالِحَاتِ لَيَسْتَخْلِفَنَّهُمْ فِي الْأَرْضِ كَمَا اسْتَخْلَفَ الَّذِينَ مِنْ قَبْلِهِمْ وَلَيُمَكِّنَنَّ لَهُمْ دِينَهُمُ الَّذِي ارْتَضَىٰ لَهُمْ وَلَيُبَدِّلَنَّهُمْ مِنْ بَعْدِ خَوْفِهِمْ أَمْنًا ۚ يَعْبُدُونَنِي لَا يُشْرِكُونَ بِي شَيْئًا ۚ وَمَنْ كَفَرَ بَعْدَ ذَٰلِكَ فَأُولَٰئِكَ هُمُ الْفَاسِقُونَ

    Дала ваӀда дина шух ийман диллинчарна а‚ дика Ӏамалш йиначарна а Ша тӀаьхье лур ю царна лаьттахь‚ аьлла‚ Ша царал хьалха хиллачарна яларх терра‚ Ша чӀагӀдийр ду царна шайн дин‚ Ша цунна царна реза хилла волу‚ Ша царна церан кхерамал тӀаьхьа тешам лур бу (маршо лур ю)‚ аьлла. Цара Суна Ӏибадат дийр ду‚ цхьа а хӀума хуьлуьйтур яц Суна накъосталла дан. Цул тӀаьхьа керста хилларг – уьш бу песакъаш!

    24:55
  6. وَأَقِيمُوا الصَّلَاةَ وَآتُوا الزَّكَاةَ وَأَطِيعُوا الرَّسُولَ لَعَلَّكُمْ تُرْحَمُونَ

    Аш хӀоттаде ламаз‚ ло закат‚ шу муьтӀахь хила элчанна – шух къинхетам бан мегара

    24:56
  7. لَا تَحْسَبَنَّ الَّذِينَ كَفَرُوا مُعْجِزِينَ فِي الْأَرْضِ ۚ وَمَأْوَاهُمُ النَّارُ ۖ وَلَبِئْسَ الْمَصِيرُ

    Хьуна ма мотталахь и цатешарш /Тхан шайна тхь/ ницкъ боцуш бу лаьттахь (дуьненан дахарехь). Церан чугӀойла – цӀе ю. Ма вон дӀадерзар ду-кх и!

    24:57

Гочдар: Магомед Магомедов