Сурат 24 Ан-нур (Нур), аят 52 – 54
-
وَمَنْ يُطِعِ اللَّهَ وَرَسُولَهُ وَيَخْشَ اللَّهَ وَيَتَّقْهِ فَأُولَٰئِكَ هُمُ الْفَائِزُونَ
Далла а‚ Цуьнан элчанна а муьтIахь верг‚ Делах кхоьруш верг‚ Цуьнца вочух ларлуш верг – уьш бу толам баьккхинарш!
24:52 -
وَأَقْسَمُوا بِاللَّهِ جَهْدَ أَيْمَانِهِمْ لَئِنْ أَمَرْتَهُمْ لَيَخْرُجُنَّ ۖ قُلْ لَا تُقْسِمُوا ۖ طَاعَةٌ مَعْرُوفَةٌ ۚ إِنَّ اللَّهَ خَبِيرٌ بِمَا تَعْمَلُونَ
Делаца биира цара шайн чIогIа дуйнаш ахь шайга омра дича, арадовлур ду шаьш‚ бохуш. Ахь āла: 'Аш дуй ма баа! МуьтIахь хилар дика дара /шуьгара/. Баккъалла а, Дела дика хууш ву аш дийриг'
24:53 -
قُلْ أَطِيعُوا اللَّهَ وَأَطِيعُوا الرَّسُولَ ۖ فَإِنْ تَوَلَّوْا فَإِنَّمَا عَلَيْهِ مَا حُمِّلَ وَعَلَيْكُمْ مَا حُمِّلْتُمْ ۖ وَإِنْ تُطِيعُوهُ تَهْتَدُوا ۚ وَمَا عَلَى الرَّسُولِ إِلَّا الْبَلَاغُ الْمُبِينُ
Ахь āла /цаьрга, хIай Мухьаммад/: 'МуьтIахь хила Далла‚ муьтIахь хила элчанна!' Уьш дIаберзахь, цунна шена тIе диллинарг ду‚ шуна – шайна тIе диллинарг ду. Цунна /элчанна/ муьтIахь шу хилахь – шу нийсачу новкъахь ду. Элчанна-м тIехь дац билгала дIакхачор бен
24:54
Гочдар: Магомед Магомедов