Сурат 24 Ан-нур (Нур), аят 58 – 61
-
يَا أَيُّهَا الَّذِينَ آمَنُوا لِيَسْتَأْذِنْكُمُ الَّذِينَ مَلَكَتْ أَيْمَانُكُمْ وَالَّذِينَ لَمْ يَبْلُغُوا الْحُلُمَ مِنْكُمْ ثَلَاثَ مَرَّاتٍ ۚ مِنْ قَبْلِ صَلَاةِ الْفَجْرِ وَحِينَ تَضَعُونَ ثِيَابَكُمْ مِنَ الظَّهِيرَةِ وَمِنْ بَعْدِ صَلَاةِ الْعِشَاءِ ۚ ثَلَاثُ عَوْرَاتٍ لَكُمْ ۚ لَيْسَ عَلَيْكُمْ وَلَا عَلَيْهِمْ جُنَاحٌ بَعْدَهُنَّ ۚ طَوَّافُونَ عَلَيْكُمْ بَعْضُكُمْ عَلَىٰ بَعْضٍ ۚ كَذَٰلِكَ يُبَيِّنُ اللَّهُ لَكُمُ الْآيَاتِ ۗ وَاللَّهُ عَلِيمٌ حَكِيمٌ
ХӀай ийман диллинарш! Шуьга пурба доьхийла кхузза шун аьтту куьйго доладиначара а‚ шух кхиъна ца ваьллачо а‚ сатасаран ламазал хьалха а‚ шаьш делкъахь бедар йоккхучу хенахь а‚ пхьуьйре- ламазал тӀаьхьа а – шун кхо Ӏоврат /йолу хан ю иза/. Шуна а‚ царна а къа дац царал (цу хенал) тӀаьхьа /чу бан/. ТӀехьоьжуш бу шуна шух цхьаберш вуккхарна. Иштта билгалдоху Дала шуна аяташ. И Дела хууш верг а‚ хьукам /нийса/ дийриг а ву
24:58 -
وَإِذَا بَلَغَ الْأَطْفَالُ مِنْكُمُ الْحُلُمَ فَلْيَسْتَأْذِنُوا كَمَا اسْتَأْذَنَ الَّذِينَ مِنْ قَبْلِهِمْ ۚ كَذَٰلِكَ يُبَيِّنُ اللَّهُ لَكُمْ آيَاتِهِ ۗ وَاللَّهُ عَلِيمٌ حَكِيمٌ
Шун бераша кхиъна баьлча, пурба доьхийла цара шайл хьалхалерачара дехарх терра. Иштта билгалдоху Дала шуна Шен аяташ. Дела хууш верг а ву‚ хьукам /нийса/ дийриг а ву
24:59 -
وَالْقَوَاعِدُ مِنَ النِّسَاءِ اللَّاتِي لَا يَرْجُونَ نِكَاحًا فَلَيْسَ عَلَيْهِنَّ جُنَاحٌ أَنْ يَضَعْنَ ثِيَابَهُنَّ غَيْرَ مُتَبَرِّجَاتٍ بِزِينَةٍ ۖ وَأَنْ يَسْتَعْفِفْنَ خَيْرٌ لَهُنَّ ۗ وَاللَّهُ سَمِيعٌ عَلِيمٌ
Зударех къанбелларш‚ маре баха дог дохуш боцу – царна къа дац шайн /тӀехула йолу/ бедарш дяхарх‚ хазалла гучудоккхуш бацахь. Уьш оьзда хилча, – царна дика ду. Дела хозуш верг а ву‚ хууш верг а ву
24:60 -
لَيْسَ عَلَى الْأَعْمَىٰ حَرَجٌ وَلَا عَلَى الْأَعْرَجِ حَرَجٌ وَلَا عَلَى الْمَرِيضِ حَرَجٌ وَلَا عَلَىٰ أَنْفُسِكُمْ أَنْ تَأْكُلُوا مِنْ بُيُوتِكُمْ أَوْ بُيُوتِ آبَائِكُمْ أَوْ بُيُوتِ أُمَّهَاتِكُمْ أَوْ بُيُوتِ إِخْوَانِكُمْ أَوْ بُيُوتِ أَخَوَاتِكُمْ أَوْ بُيُوتِ أَعْمَامِكُمْ أَوْ بُيُوتِ عَمَّاتِكُمْ أَوْ بُيُوتِ أَخْوَالِكُمْ أَوْ بُيُوتِ خَالَاتِكُمْ أَوْ مَا مَلَكْتُمْ مَفَاتِحَهُ أَوْ صَدِيقِكُمْ ۚ لَيْسَ عَلَيْكُمْ جُنَاحٌ أَنْ تَأْكُلُوا جَمِيعًا أَوْ أَشْتَاتًا ۚ فَإِذَا دَخَلْتُمْ بُيُوتًا فَسَلِّمُوا عَلَىٰ أَنْفُسِكُمْ تَحِيَّةً مِنْ عِنْدِ اللَّهِ مُبَارَكَةً طَيِّبَةً ۚ كَذَٰلِكَ يُبَيِّنُ اللَّهُ لَكُمُ الْآيَاتِ لَعَلَّكُمْ تَعْقِلُونَ
БӀаьрса доцчунна къа дац‚ астагӀ волчунна къа дац‚ цомгаш волчунна къа дац‚ шуна шайна а /къа/ дац аш /хӀума/ яарх шайн цӀеношкара‚ я шайн дайн цӀношкара‚ я шайн нанойн цӀеношкара‚ я шайн вежарийн цӀеношкара‚ я шайн йижарийн цӀеношкара‚ я шайн ден вежарийн цӀеношкара‚ я шайн ден йижарийн цӀеношкара‚ я шайн ненан вежарийн цӀеношкара, я шайн ненан йижарийн цӀеношкара‚ я шайн /цӀенойн/ догӀанашна аш доладечеран /цӀеношкара/‚ я шайн доттагӀчун /цӀеношкара/. Дац шуна къа аш /хӀума/ яарх цхьана‚ я шаьш-шаьш. Шаьш цӀеношна чу доьдуш салам ло вовшашка Делан гергара беркате а‚ цӀена а хиллачу маршаллица. Иштта билгалдоху Дала шуна аяташ – шу хила мегара хьекъале
24:61
Гочдар: Магомед Магомедов