Сурат 24 Ан-нур (Нур), аят 6 – 10
-
وَالَّذِينَ يَرْمُونَ أَزْوَاجَهُمْ وَلَمْ يَكُنْ لَهُمْ شُهَدَاءُ إِلَّا أَنْفُسُهُمْ فَشَهَادَةُ أَحَدِهِمْ أَرْبَعُ شَهَادَاتٍ بِاللَّهِ ۙ إِنَّهُ لَمِنَ الصَّادِقِينَ
Шайн зударшна бехк кхуьссуш берш‚ шайна тешаш боцуш‚ шаьш бен‚ – царах цхьанно тешалла дойла Делаца доьазза‚ баккъалла а‚ ша бакълуьйчарах ма ву‚ аьлла
24:6 -
وَالْخَامِسَةُ أَنَّ لَعْنَتَ اللَّهِ عَلَيْهِ إِنْ كَانَ مِنَ الْكَاذِبِينَ
ПхоьазлагIа Делан неIалт хуьлда шена‚ нагахь санна ша хиллехь харцлуьйчарах‚ аьлла
24:7 -
وَيَدْرَأُ عَنْهَا الْعَذَابَ أَنْ تَشْهَدَ أَرْبَعَ شَهَادَاتٍ بِاللَّهِ ۙ إِنَّهُ لَمِنَ الْكَاذِبِينَ
Цунах (зудчух) таIзар духатухур ду цо тешалла дарца Делаца диъ тешаллица‚ баккъалла а‚ иза (и шен мар) харцлуьйчарах ма ву‚ аьлла
24:8 -
وَالْخَامِسَةَ أَنَّ غَضَبَ اللَّهِ عَلَيْهَا إِنْ كَانَ مِنَ الصَّادِقِينَ
ПхоьазлагIа Делан оьгIазло хуьлийла шена тIехь‚ нагахь санна и хиллехь бакълуьйчарах‚ аьлла
24:9 -
وَلَوْلَا فَضْلُ اللَّهِ عَلَيْكُمْ وَرَحْمَتُهُ وَأَنَّ اللَّهَ تَوَّابٌ حَكِيمٌ
Делан комаьршалла а, Цуьнан къинхетам а ца хиллехьара шуна тIехь‚ И Дела тōба тх/дукха/ къобалдийриг а‚ хьукам /нийса/ дийриг ца хиллехьара /хIаллакхир дара шу/
24:10
Гочдар: Магомед Магомедов