Сурат 24 Ан-нур (Нур), аят 6 – 9
-
وَالَّذِينَ يَرْمُونَ أَزْوَاجَهُمْ وَلَمْ يَكُنْ لَهُمْ شُهَدَاءُ إِلَّا أَنْفُسُهُمْ فَشَهَادَةُ أَحَدِهِمْ أَرْبَعُ شَهَادَاتٍ بِاللَّهِ ۙ إِنَّهُ لَمِنَ الصَّادِقِينَ
Шайн зударшна бехк кхуьссуш берш‚ шайна тешаш боцуш‚ шаьш бен‚ – царах цхьанно тешалла дойла Делаца доьазза‚ баккъалла а‚ ша бакълуьйчарах ма ву‚ аьлла
24:6 -
وَالْخَامِسَةُ أَنَّ لَعْنَتَ اللَّهِ عَلَيْهِ إِنْ كَانَ مِنَ الْكَاذِبِينَ
ПхоьазлагӀа Делан неӀалт хуьлда шена‚ нагахь санна ша хиллехь харцлуьйчарах‚ аьлла
24:7 -
وَيَدْرَأُ عَنْهَا الْعَذَابَ أَنْ تَشْهَدَ أَرْبَعَ شَهَادَاتٍ بِاللَّهِ ۙ إِنَّهُ لَمِنَ الْكَاذِبِينَ
Цунах (зудчух) таӀзар духатухур ду цо тешалла дарца Делаца диъ тешаллица‚ баккъалла а‚ иза (и шен мар) харцлуьйчарах ма ву‚ аьлла
24:8 -
وَالْخَامِسَةَ أَنَّ غَضَبَ اللَّهِ عَلَيْهَا إِنْ كَانَ مِنَ الصَّادِقِينَ
ПхоьазлагӀа Делан оьгӀазло хуьлийла шена тӀехь‚ нагахь санна и хиллехь бакълуьйчарах‚ аьлла
24:9
Гочдар: Магомед Магомедов