Сурат 26 Аш-шуӀараъ (Назманчаш), аят 1 – 9

  1. طسم

    ТӀа-сūн-мūм

    26:1
  2. تِلْكَ آيَاتُ الْكِتَابِ الْمُبِينِ

    ХӀорш билгала долчу жайнан (Къуръанан) аяташ ду

    26:2
  3. لَعَلَّكَ بَاخِعٌ نَفْسَكَ أَلَّا يَكُونُوا مُؤْمِنِينَ

    Хьо хила мега хьуо хӀаллаквеш уьш ца тешаш хиларна

    26:3
  4. إِنْ نَشَأْ نُنَزِّلْ عَلَيْهِمْ مِنَ السَّمَاءِ آيَةً فَظَلَّتْ أَعْنَاقُهُمْ لَهَا خَاضِعِينَ

    Тхуна лаахь‚ Оха доссор ду царна стиглара аят - тӀаккха дуьсур ду церан легаш цунна (Делан аятана‚ делилна) муьтӀахь хилла

    26:4
  5. وَمَا يَأْتِيهِمْ مِنْ ذِكْرٍ مِنَ الرَّحْمَٰنِ مُحْدَثٍ إِلَّا كَانُوا عَنْهُ مُعْرِضِينَ

    Цаьрга ца богӀу Къинхетамболчуьнгара цхьа а керла хьехам уьш цунах дӀабоьрзуш бен

    26:5
  6. فَقَدْ كَذَّبُوا فَسَيَأْتِيهِمْ أَنْبَاءُ مَا كَانُوا بِهِ يَسْتَهْزِئُونَ

    Харцбира цара /элчанаш/ - тӀаьхьа богӀур бу цаьрга хаам‚ уьш шех ца бешаш хилла болу

    26:6
  7. أَوَلَمْ يَرَوْا إِلَى الْأَرْضِ كَمْ أَنْبَتْنَا فِيهَا مِنْ كُلِّ زَوْجٍ كَرِيمٍ

    Уьш ца хьоьжу-те лаьтте: мел дукха дика хӀуманаш ялийтина Оха цунах шиш-шиш!

    26:7
  8. إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَآيَةً ۖ وَمَا كَانَ أَكْثَرُهُمْ مُؤْمِنِينَ

    Баккъалла а, цу чохь делил ма ду. Ца хили-кх царах дукхахберш тешаш

    26:8
  9. وَإِنَّ رَبَّكَ لَهُوَ الْعَزِيزُ الرَّحِيمُ

    Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург - Иза ву-кх веза верг а‚ къинхетаме верг а

    26:9

Гочдар: Магомед Магомедов