Сурат 26 Аш-шуIараъ (Назманчаш)
-
طسم
ТIа-сūн-мūм
26:1 -
تِلْكَ آيَاتُ الْكِتَابِ الْمُبِينِ
ХIорш билгала долчу жайнан (Къуръанан) аяташ ду
26:2 -
لَعَلَّكَ بَاخِعٌ نَفْسَكَ أَلَّا يَكُونُوا مُؤْمِنِينَ
Хьо хила мега хьуо хIаллаквеш уьш ца тешаш хиларна
26:3 -
إِنْ نَشَأْ نُنَزِّلْ عَلَيْهِمْ مِنَ السَّمَاءِ آيَةً فَظَلَّتْ أَعْنَاقُهُمْ لَهَا خَاضِعِينَ
Тхуна лаахь‚ Оха доссор ду царна стиглара аят - тIаккха дуьсур ду церан легаш цунна (Делан аятана‚ делилна) муьтIахь хилла
26:4 -
وَمَا يَأْتِيهِمْ مِنْ ذِكْرٍ مِنَ الرَّحْمَٰنِ مُحْدَثٍ إِلَّا كَانُوا عَنْهُ مُعْرِضِينَ
Цаьрга ца богIу Къинхетамболчуьнгара цхьа а керла хьехам уьш цунах дIабоьрзуш бен
26:5 -
فَقَدْ كَذَّبُوا فَسَيَأْتِيهِمْ أَنْبَاءُ مَا كَانُوا بِهِ يَسْتَهْزِئُونَ
Харцбира цара /элчанаш/ - тIаьхьа богIур бу цаьрга хаам‚ уьш шех ца бешаш хилла болу
26:6 -
أَوَلَمْ يَرَوْا إِلَى الْأَرْضِ كَمْ أَنْبَتْنَا فِيهَا مِنْ كُلِّ زَوْجٍ كَرِيمٍ
Уьш ца хьоьжу-те лаьтте: мел дукха дика хIуманаш ялийтина Оха цунах шиш-шиш!
26:7 -
إِنَّ فِي ذَٰلِكَ لَآيَةً ۖ وَمَا كَانَ أَكْثَرُهُمْ مُؤْمِنِينَ
Баккъалла а, цу чохь делил ма ду. Ца хили-кх царах дукхахберш тешаш
26:8 -
وَإِنَّ رَبَّكَ لَهُوَ الْعَزِيزُ الرَّحِيمُ
Баккъалла а, хьан Кхиош-кхобург - Иза ву-кх веза верг а‚ къинхетаме верг а
26:9 -
وَإِذْ نَادَىٰ رَبُّكَ مُوسَىٰ أَنِ ائْتِ الْقَوْمَ الظَّالِمِينَ
Дагадаийта! Кхайкхира хьан Кхиош-кхобучо Мусага: “ДIагIо зуламе къам тIе,
26:10 -
قَوْمَ فِرْعَوْنَ ۚ أَلَا يَتَّقُونَ
ФирIавнан къам тIе. Уьш кхоьрур бацара-те?”
26:11 -
قَالَ رَبِّ إِنِّي أَخَافُ أَنْ يُكَذِّبُونِ
Цо (Мусас) элира: “Сан Кхиош-кхобург‚ баккъалла а, со кхоьру-кх цара со харцварна
26:12 -
وَيَضِيقُ صَدْرِي وَلَا يَنْطَلِقُ لِسَانِي فَأَرْسِلْ إِلَىٰ هَارُونَ
Гаттало-кх сан дог‚ ца бастало-кх сан мотт а. ХIарунна тIе бахийтахь /и соьца вайтан/
26:13 -
وَلَهُمْ عَلَيَّ ذَنْبٌ فَأَخَافُ أَنْ يَقْتُلُونِ
Церан суна тIехь къа ду - со кхоьру цара со вен”
26:14 -
قَالَ كَلَّا ۖ فَاذْهَبَا بِآيَاتِنَا ۖ إِنَّا مَعَكُمْ مُسْتَمِعُونَ
Цо (Дала) элира: “ХIан-хIа! ДIагIо шу шиъ Тхан аяташца. Баккъалла а, Тхо шуьца ду ладугIуш
26:15 -
فَأْتِيَا فِرْعَوْنَ فَقُولَا إِنَّا رَسُولُ رَبِّ الْعَالَمِينَ
Шу шиъ дIагIо ФирIавна тIе‚ аш шиммо дIаала: “Тхо Iаламийн Ден элчанаш ду
26:16 -
أَنْ أَرْسِلْ مَعَنَا بَنِي إِسْرَائِيلَ
ДIабаийта тхоьца Исраилан кIентий”
26:17 -
قَالَ أَلَمْ نُرَبِّكَ فِينَا وَلِيدًا وَلَبِثْتَ فِينَا مِنْ عُمُرِكَ سِنِينَ
Цо (ФирIавнас) элира: “Оха ца кхиира хьо /хIай Муса/ тхайна юккъехь /хьо/ бер а долуш‚ ахь д ма дехьира тхуна юккъехь хьан дахаран шераш
26:18 -
وَفَعَلْتَ فَعْلَتَكَ الَّتِي فَعَلْتَ وَأَنْتَ مِنَ الْكَافِرِينَ
Ахь ма дийра хьан гIуллакх‚ айхьа дийнарг (тхох цхьа стаг вийра ахь – доккха къа дийра) - баркалла ца олучарах ву-кх хьо”
26:19 -
قَالَ فَعَلْتُهَا إِذًا وَأَنَا مِنَ الضَّالِّينَ
Цо (Мусас) элира: “И дийра ас со тилабеллачарах волчу хенахь
26:20
Гочдар: Магомед Магомедов