Сурат 26 Аш-шуӀараъ (Назманчаш), аят 10 – 33

  1. وَإِذْ نَادَىٰ رَبُّكَ مُوسَىٰ أَنِ ائْتِ الْقَوْمَ الظَّالِمِينَ

    Дагадаийта! Кхайкхира хьан Кхиош-кхобучо Мусага: “ДӀагӀо зуламе къам тӀе,

    26:10
  2. قَوْمَ فِرْعَوْنَ ۚ أَلَا يَتَّقُونَ

    ФирӀавнан къам тӀе. Уьш кхоьрур бацара-те?”

    26:11
  3. قَالَ رَبِّ إِنِّي أَخَافُ أَنْ يُكَذِّبُونِ

    Цо (Мусас) элира: “Сан Кхиош-кхобург‚ баккъалла а, со кхоьру-кх цара со харцварна

    26:12
  4. وَيَضِيقُ صَدْرِي وَلَا يَنْطَلِقُ لِسَانِي فَأَرْسِلْ إِلَىٰ هَارُونَ

    Гаттало-кх сан дог‚ ца бастало-кх сан мотт а. ХӀарунна тӀе бахийтахь /и соьца вайтан/

    26:13
  5. وَلَهُمْ عَلَيَّ ذَنْبٌ فَأَخَافُ أَنْ يَقْتُلُونِ

    Церан суна тӀехь къа ду - со кхоьру цара со вен”

    26:14
  6. قَالَ كَلَّا ۖ فَاذْهَبَا بِآيَاتِنَا ۖ إِنَّا مَعَكُمْ مُسْتَمِعُونَ

    Цо (Дала) элира: “ХӀан-хӀа! ДӀагӀо шу шиъ Тхан аяташца. Баккъалла а, Тхо шуьца ду ладугӀуш

    26:15
  7. فَأْتِيَا فِرْعَوْنَ فَقُولَا إِنَّا رَسُولُ رَبِّ الْعَالَمِينَ

    Шу шиъ дӀагӀо ФирӀавна тӀе‚ аш шиммо дӀаала: “Тхо Ӏаламийн Ден элчанаш ду

    26:16
  8. أَنْ أَرْسِلْ مَعَنَا بَنِي إِسْرَائِيلَ

    ДӀабаийта тхоьца Исраилан кӀентий”

    26:17
  9. قَالَ أَلَمْ نُرَبِّكَ فِينَا وَلِيدًا وَلَبِثْتَ فِينَا مِنْ عُمُرِكَ سِنِينَ

    Цо (ФирӀавнас) элира: “Оха ца кхиира хьо /хӀай Муса/ тхайна юккъехь /хьо/ бер а долуш‚ ахь д ма дехьира тхуна юккъехь хьан дахаран шераш

    26:18
  10. وَفَعَلْتَ فَعْلَتَكَ الَّتِي فَعَلْتَ وَأَنْتَ مِنَ الْكَافِرِينَ

    Ахь ма дийра хьан гӀуллакх‚ айхьа дийнарг (тхох цхьа стаг вийра ахь – доккха къа дийра) - баркалла ца олучарах ву-кх хьо”

    26:19
  11. قَالَ فَعَلْتُهَا إِذًا وَأَنَا مِنَ الضَّالِّينَ

    Цо (Мусас) элира: “И дийра ас со тилабеллачарах волчу хенахь

    26:20
  12. فَفَرَرْتُ مِنْكُمْ لَمَّا خِفْتُكُمْ فَوَهَبَ لِي رَبِّي حُكْمًا وَجَعَلَنِي مِنَ الْمُرْسَلِينَ

    Со дӀаведира шух‚ суо шух кхеравеллачул тӀаьхьа. ТӀаккха делира суна сан Кхиош-кхобучо хьукам‚ Цо хилийтира со элчанех

    26:21
  13. وَتِلْكَ نِعْمَةٌ تَمُنُّهَا عَلَيَّ أَنْ عَبَّدْتَ بَنِي إِسْرَائِيلَ

    ХӀара ниӀмат ду ахь суна ша тӀехдетташ айхьа Исраилан кӀентех леш барна” (уьш бацорна)

    26:22
  14. قَالَ فِرْعَوْنُ وَمَا رَبُّ الْعَالَمِينَ

    ФирӀавнас элира: “Мила ву Ӏаламийн да?”

    26:23
  15. قَالَ رَبُّ السَّمَاوَاتِ وَالْأَرْضِ وَمَا بَيْنَهُمَا ۖ إِنْ كُنْتُمْ مُوقِنِينَ

    Цо (Мусас) элира: “Стигланийн а‚ лаьттан а‚ цу шинна юккъехь мел долчун а Да ву-кх‚ шу /бакъдолчух/ тешаш хиллехь”

    26:24
  16. قَالَ لِمَنْ حَوْلَهُ أَلَا تَسْتَمِعُونَ

    Цо (ФирӀавнас) элира шена гонахь болчаьрга: “Шу ладугӀуш дац?”

    26:25
  17. قَالَ رَبُّكُمْ وَرَبُّ آبَائِكُمُ الْأَوَّلِينَ

    Цо (Мусас) элира: “Шун Дела а ву И‚ шун хьалхалерчу дайн а Дела а ву”

    26:26
  18. قَالَ إِنَّ رَسُولَكُمُ الَّذِي أُرْسِلَ إِلَيْكُمْ لَمَجْنُونٌ

    Цо (ФирӀавнас) элира: “Баккъалла а, /хӀара/ шун элча‚ шуьга ваитина волу‚ жинийх ма ву”

    26:27
  19. قَالَ رَبُّ الْمَشْرِقِ وَالْمَغْرِبِ وَمَا بَيْنَهُمَا ۖ إِنْ كُنْتُمْ تَعْقِلُونَ

    Цо (Мусас) элира: “Малхбален а‚ малхбузен а цу шинна юккъехь долчун а Дела ву Иза‚ шу хиллехь хьекъале”

    26:28
  20. قَالَ لَئِنِ اتَّخَذْتَ إِلَٰهًا غَيْرِي لَأَجْعَلَنَّكَ مِنَ الْمَسْجُونِينَ

    Цо (ФирӀавнас) элира: “Ахь со воцург дела лацахь‚ ас хьо набахти чохь болчарах хуьлуьйтур ма ву”. (“Ас хьо набахти чу вуьллур ма ву”)

    26:29
  21. قَالَ أَوَلَوْ جِئْتُكَ بِشَيْءٍ مُبِينٍ

    Цо (Мусас) элира: “Со хьайга цхьана кхаьсташ хӀуманца веънехь а‚ э?”

    26:30
  22. قَالَ فَأْتِ بِهِ إِنْ كُنْتَ مِنَ الصَّادِقِينَ

    Элира /ФирӀавнас/: “Схьало и /айхьа деънарг/, хьуо хиллехь бакълуьйчарах”

    26:31
  23. فَأَلْقَىٰ عَصَاهُ فَإِذَا هِيَ ثُعْبَانٌ مُبِينٌ

    ТӀаккха цо (Мусас) шен Ӏаса кхоьссира - цунах къегна лехь хилира

    26:32
  24. وَنَزَعَ يَدَهُ فَإِذَا هِيَ بَيْضَاءُ لِلنَّاظِرِينَ

    Цо арадаьккхира шен куьг /чоьхьара/ - иза шурул кӀайн хилира хьоьжучарна

    26:33

Гочдар: Магомед Магомедов